ТIекхочийла долу линкаш

Ахмадов Муса

Нохчийн мотт

Кхераме дац суна мехаш,

Къизачу зуламан ор а. –

Нохчийн мотт соьца мел беха,

Онда бу сан лаьттахь орам.

Генарчу шахьаршкахь шелло,

Ца хезаш вайн меттан аьзнаш.

Даймахках хьоьгуш, са гIелло,

Хийрачу мохо веш аьшнаш.

Нохчийн мотт – хьо сина гIортор,

Хьоьца ду тхан хилларг, хиндерг…

Лар яйъа милла а гIортарх,

Лар йовр яц – тIулга тIехь йитнарг.

Хьан лараш – зуьретийн юьххьехь,

Ширачу шумерийн кхерчахь,

Адаман лараман дуьхьа

ГIиллакхаш туьйсинчу кертахь.

Хьан аьзнаш, – шираллин хьаьркаш,

ХIорангахь – эзарнаш шераш.

Ма гойла дIадовлуш, даьржаш,

Хьан къайле ястаза дешнаш!

ЦIа, барзакъ, марзонаш, уьйраш

ДIаяьхьна къизаллин мохо,

Лаьтта со, ловш дерзийн гуьйре,

Хаддаза мохь бетташ даго:

ТIевогIург, соьгахь дац деши,

Дац соьгахь дуьненан даьхни,

Ду соьгахь дайх дисна дешнаш,

Нохчийн мотт –

тахханалц баьхнарг.

ДIаэца, ма байта доьза,

Iалашбеш, сийде вайн меттан!

Нохчийн мотт мел беха хьоьца,

Чиркх хир бу дайн корехь летта.

Кхераме дац хьуна мехаш,

Къизачу зуламан ор а. –

Нохчийн мотт хьоьца мел беха,

Онда бу хьан лаьттан орам.

Ахмадов Муса 1956 шарахь ГIиргIазойчохь вина, депортацера къам юхадеъча ваьхна, кхиина Шуьйтан кIоштарчу Лаха-Варандахь. 1979 шарахь чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайчоьнан университет. Белхаш бина Нохчийчуьрчу литературан журналийн редакцешкахь. «Вайнах» журналан коьрта редактов ву карарчу хенахь. Ахмадовн романаш, пьесаш арайийлина Нохчийчохь а, цул арахь а. Оьрсийн, балкхаройн, францойн, японан, немцойн меттанашка гочбина Ахмадовн Мусан белхаш.

XS
SM
MD
LG