ТIекхочийла долу линкаш

ПIаьнгаз-чIажара тIеман амир аш-Шишани Iумар


Иракъ -- Аш-Шишани Iумар ву Исламан пачхьалкхан эскархошна юкъахь вогIуш al-Itisam Media олучу хьосто даьккхинчу сурт тIехь. Манг 29, 2014.

Иракъ -- Аш-Шишани Iумар ву Исламан пачхьалкхан эскархошна юкъахь вогIуш al-Itisam Media олучу хьосто даьккхинчу сурт тIехь. Манг 29, 2014.

Дукха хан йоцуш гIаттамхойн карахь йолчу Шеман а, Иракъан территореш тIехь кхоьллинчу Халифатан тIеман амир хIоттийна вайнехан къомах волу ПIангаз-чIажара аш-Шишани Абу Iумар. И бахьана долуш иза уггаре а ницкъ болу стаг вуй- те аьлла дIахIоьттина иза Шеман президентан Асад Башаран агIончех летачу тIемалойн хьалханчашна юкъахь.

ДоьалгIачу шаре а баьлла Шемахь боьдучу махкахойн тIамо тIеозийна эзарнаш кху дуьненан массанхьара а тIемалой. Цхьаболчу хаамашца, таханлерчу дийнахь 10 эзар гергга кхечу пачхьалкхашкара тIемалой бу цигахь.

Амма Оьрсийчоьнца хиллачу тIемашкахь бахчийна болу нохчий уггаре а тоьлла тIемалой лоруш бу. Царна юкъахь а гIарваьлла ву ПIаьнгаз-чIажара нохчо аш-Шишани Абу Iумар (Батирашвили Тархан).

Иза дика вевзаш ю Гуьржийчура вайнехан жигархо, журналист Хангошвили Тумиша. Цо дуьйцу Батирашвили Тарханах лаьцна.

Хангошвили Тумиша:

Кхузахь ала деза. Iамеркан NBC телеканало бечу хаамца, Гуьржийчоьнан полицино чувоьллина хилла Батирашвили Трахан, бакъо а йоцуш герз лелорна.

Аш-Шишани Абу Iумар гоьволу стаг ву тIемлошна юкъахь, бохуш яздо Малхбузерчу журналисташа.

Бусулба нах тIаьхьарчу хенахь цхьацца тобанашка бекъабелла бу. ХIун ойланаш яра Батирашвили Тархана Шема кхачале, олуш ма-хиллар, радикалан олу хьежамаш болуш-м вацара иза аьлла шега хаьттича, Хангошвили Тумишас иштта дийцира.

Хангошвили Тумиша:

Ассошиэйтед Пресс агенталло дийцарехь, Исламан Пачхьалкхан (Даулят ал-Исламиййа) амир ал-БагIдади Абубакр санна, камерех къехкаш вац аш-Шишани. Цу кест-кета д1ахьедар до телекамерашна хьалха цхьацца хаттаршна жоьпаш луш а, шаьш юьхьар лаьцна некъ буьйцуш а.

Лаххара а шозза-кхузза интернетехь хаамаш баьржина аш-Шишани Iумар вийна аьлла. ТIаьххьара (баханчу баттахь) цу тайпа хаам бинарш бара аш-Шишанин тобанашца тIом беш болу Иракъера курдаш.

Батирашвили Тархана шен гергара нахаца зIе латто йо. Бутт хаьлха телефон а тоьхнера цо шен дега бохуш дуьйцу ша а ПIаьнгаз-чIажара йолчу Хангошвили Тумишас.

Хангошвили Тумиша:

NBC News телекомпанино дийцарехь, дуккха а шерашкахь Оьрсийчоьнах тийсабелла болу нохчий уггаре а кхераме нах бу Шемахь болчу тIемалойх. Ткъа цу компанина интервью еллачу Иракъан а, Шеман а исламан пачхьалкх олу тоба толлучу аналисто Скиннер Патрика дийцарехь, аш-Шишанин тобано мичча яхача а тоьлла жамIаш гойту.

Джихаде арабеллачу нахана юкъахь шайн-шайн тIегIанаш ду кхераран а, лараран а. Ткъа нохчий уггаре а лакхара тIегIанаш дIалаьцна бу боху Скиннера.

XS
SM
MD
LG