ТIекхочийла долу линкаш

Iаьхча - барзо, ца Iаьхча - Iуьно...


Нохчийчоь -- РогIера леррина операци дIахьош, Соьлж-ГIала, 25Оха2011

Нохчийчоь -- РогIера леррина операци дIахьош, Соьлж-ГIала, 25Оха2011

Нохчийчуьрчу Ιедало, ца саццош, гΙело яллайо гIаттамхойн гергарчарна а, махкахь шолгΙа тΙом боьдуш, даймохк Iалашбо шаьш, бохуш, леллачу къонахех цхьана заманахь мел хьакхавеллачунна а, царна гΙо-накъосталла мел динчунна а тΙехь. Оцо хьоло хийлачу стагна къахьбина дуьненан мехха болу даймохк. Кхин и гур бу ала а доццушехь, битина иза хийлачо, буьту тахана а...


Нохчийн юкъараллин Iар-дахарехь цхьацца талламаш бечу говзанчаша тоьшаллаш а деш, хIора баттахь махкара дIаоьхучу вайнехан терахь лакхадалахь бен лахлуш дац. Цхьанне а къайле яц царех доккхах дакъа Оьрсийчохь саца а ца соцуш, Европан пачхьалкхашка дехьадолуш хилар. Ца соццуш, тIийриг а йина, адам дIаэхаран бахьана а ду кхеташ – болх-некъ цахилар, дахар маьрша дацар, тIебазбеллий лаьтташ кхерам хилар.

Дукхахдолчу декъанна, цу кхерамо лоьхку нах, ирс а, синтем а лоьхуш, бIеннашкахь кхечу пачхьалкхашка. Стенна аьлча, кхузахь мацах цкъа гIаттамхошца зIе хилла аьлла, жоп деха да а воцуш, стаг лацар хийра дац, бIаьрнегIар ца тухуш ницкъ бан тарлуш ду цуьнан гергарчарна, иштта, бехк а кховдийна, нахала ваккхар а, сийсазвар а диллина лаьтташ хIума ду.

Мацах цкъа, хIара и дина хиллера бохуш, бахархой лецаран масалш дукха ду. Итт шо хьалха гIаттамхошна кхачанан сурсаташ латторна бехк а вина, 37 шо долу стаг лаьцна Соьлж-ГIалин кIоштарчу Беркат- юьртара. Низамхоша дийцарехь, лаьцнарг къера хилла шегара даьллачунна.

Йоккха герзан къайле гучуяьлла ТIехьа –Мартан кIоштарчу Бумматна гергахь. Цигахь карийна хIоънаш а, масех куьйга йина оьккхург а, эзар гергга маса тоьпийн патарма а. Цу кепара алсам герз хьуламехь латтош хилларг мила ву къасто зераш дIахьош ю ницкъаллин структураш.

Бахархой тешна бу, жимма а шеко хилларг лаьцна дIа а вигна, ницкъбеш хьийзорал совнаха, цуьнан гергарнаш а ладегIамехь кхобур бу аьлла. Кху деношкахь Бумматахь тIемалошца зIе хилла аьлла шеко йолуш лаьцначу цхьана кIентан гергарчарна полицин белхахоша гIело яллорах лаьцна дуьйцу соьца нисделлачу къамелехь цигара яхархо Медента.

Медент: «Кегий нах бу йиттина дIабигинарш. Зудчунна а йиттина. ТIемалой тIе а лоьцуш, гIодина аьлла йиттина-кх. Билггала ала, дина гучудаьлла хIума а доцуш, Iедалера нах бу-кх уьш дIабигинарш.»

Маршо Радио: ХIан, буса баьхкинчу тIемалоша, цара хIара а, хIара а схьало, аьлча, нах ца хIуьтту дуьхьало ян. ТIаккха, Iедалан белхоша оцу кепара бехк боцу нах хьийзабар наха муха туьду?

Медент: «Нахана нийса ца хеташ хIума ду-кх. Iаьхча, барзо буьй со, ца Iаьхча Iуьно буьй со баьхначу уьстагIна а дайна, хIан-хIа, аьлча, цара хIаллакбо уьш… Цхьа нийсо йолуш хIума дац-кх цу юкъахь.. Кегий нах бу-кх дIабигинарш.. Оцу зудчунна тIехь, тоьпан бух а бетташ, Iазап даллийна. ЧIогIа бале девлла нахана и хIуманаш. Шайн аьтто берг стенгга а ваха кийча ву-кх шен са дадийна».

Медента а, кхечара а дийцарехь, нагахь гIаттамхойн агIонча ву, аьлла, цхьаъ лаьцнехь, дуьненахь цо царна гIо ца динехь а, цуьнан аьтто бац бехках хьалха вала. Цуьнан цхьа некъ бу – боцу бехк тIелацар. Кхузара кхето хала дац, аьлла хета, махках дуьйлу адам алсам далахь бен, лахлуш цахилар.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG