ТIекхочийла долу линкаш

Советан пачхьалкхехь даьржжина дехачу адамийн гергарлонаш, зΙенаш йовш нислора дуккха а. Дахар чолхе хиларе терра, вешех хедара ваша, йишех- йиша. Кхин хийцаделла дац хьелаш кхузаманахь а. Деношкахь цΙеххьашха ву-вац а хууш доцу ненан ваша веъна Украинера Теркйистерчу Ιели-Юьртара нохчийн зуда йолчу. Церан хазахетаро дуккха а ойланаш йойту и сурт гиначаьрга.



Ах бIе шо гергга зама яьллачул тIаьхьа, шен йоккхах йолчу йишин йоI могуш, маьрша Нохчийчохь ехаш юй а хиъна, иза а, цуьнан доьзал а ган кхуза веъна 70 ваьлла Украинера, Луганск-кIоштара вахархо Украинский Александар Федорович.

Украинехь цхьана ханна болх беш болчу нохчашкара хиина цунна шен йишин шина йоьIах цхьаъ, боккха доьзал а болуш, Теркйистерчу Iелин юьртахь ехаш юй. Кханенаш а ца йохкуш, гена некъ юьхьарлоцу Украинский Александра. И ша ву дуьйцуш ву шен гергарчу нехан лорх кхиарх а, кхуза варах а.

Украинский: «Цхьа ши нохчо вара цигахь болх беш. Луьйш-олуш Iаш цаьрга хьахийнера ас со мацах цкъа Нохчийчохь Теркйистехь, Лакха-Неврехь, хилла, йоккхах йолу йиша цигахь марехь йолуш, аьлла. Цуьнан бераш а хила деза цигахь-м, далаза делахь… Шайна царех хIумма а хаьий хьовсийша, аьлла, дехар а динера ас цу шинга…

Ши-кхо де даьлча цара эли-кх, хьенех, собарделахь цхьаъ хуьлушша-м доллу хьуна ахь тIедиллинчух, аьлла. ШолгIачу дийнахь соьга телпо а ели-кх сан йишин йоьIан».

Ша дуьххьара Нохчийчу зIе тохарх, шен йишин йоьIаца Абдурахманова Лилияца къамеле валарх, бIаьрхиш совцо да а воцуш, дуьйцура Украинерчу хьешо.

Украинский: «Суна хала дара телпо тоха. Ас иза хала ма туьйхира, вега а веш. Оццул тIеIаткъам ма хиллера суна. Телпо схьаийци Лилияс. Чохь цхьа гIовгIанаш, берийн аьзнаш дара. Ас боху, и хIун гIара ю цу чохь. ТIаккха цо боху, Ваши Саша, со ишколехь ма ю, хьехархо, урокехь ю со. Бераш ду суна гонаха…Суна хилла кхаъ, суна хетта хаза. Неначух чIогIа тера карийра суна цуьнан аз… Инзаре тамаше дара дерриге а…»

Маршо Радио: Хьажахь, Александр, кхин гIиллакх-Iадаташ долуш волу хьо, хийрачу, генарчу махка валийнарг хIун ду аьлла хета хьуна хьайна. Оццул беха некъ бадийна, хьо стенна веъна кхуза?

Украинский: «Суна сайн йишин йоI карийна-кх. Сан цIий а ма ду цуьнца, цхьа тIадам бен дацахь а. Со цIийно валийна-кх кхуза ,схьагарехь».

Дукха хан ца ийшира суна церан тамаше кхоламан дуьхе кхиа. Лакхановрахочуьнан Асабаев Казбекан цIийннана хилла Александаран йиша. Юкъахь ши йоI а йолуш, уьшшиъ къаьстина. Украине дIаяхана дукха хан ялале Лилиян нана кхелхина, кхеран доладар ненайишина тIехь дисина.. И ма-дарра хаа а хиина ,тIаьхьа ваханчу Асабаев Казбека, лачкъа а йина, цIа ялийна шен ши йоI.

Цхьаъ хеназа кхелхина, йоI а юьсуш, ткъа Лилия, вайн ма-гарра, боккха доьзал а кхиош, ехаш ю Теркйистерчу Iелин-юьртахь. Цуьнан майра Абдурахманов Муса ву дуьйцуш кхидIа Украинский Александар шаьш тIеэцарх а, шайна хиллачу хазахетарх а.

Бен-бечу къаьмнийн юкъаметтигаш листарехь адамалла бохучу кхетамо йоккха меттиг дIалоцуш хиларан шатайпа тоьшалла ду, аьлла хета 50 шо гергга хан-зама яьлча карладаьлла гергарло а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG