ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Некъабохамийн Терахь ЛагIлуш дац


Нохчийчоь --Некъан Хьовзамаш ца хеддаш лаьтта махкахь, 13Заз12 (Маршо Радио/Султанов Ахьмад).
Нохчийчоь --Некъан Хьовзамаш ца хеддаш лаьтта махкахь, 13Заз12 (Маршо Радио/Султанов Ахьмад).

ДIадаьллачу Iай массех некъан бохам хилла лаьмнашкарчу кIошташкахь. Белларш а, лазийнарш а бу. Дукхачу хьолехь уьш хуьлура лаьмнашкахь, ша зингатий санна, баьржина болу оьрсийн эскархой. Некъа тIехь машен, шершина, Iин чу яхана я тIекIалъялла меттигаш дукха а хуьлура.


РогIера и тайпа некъан бохам хилла Нажи-юьртан кIоштехь, Энгана боьдучу новкъахь. Оцу юьртара бахархой чохь а болуш, кIошта юккъе йоьдуш хилла "Газель" хаьрцина. Цу чохь хиллачех ялх стаг лазийна дарбан хIусаме кхачийна. Царех шиъ халачу хьолехь ву, боху лоьраша.

Оцу некъан бохаман бахьана, говзанчаша дийцарехь, ду Iуьйрана хIоьттина хилла дохк а, шера некъ а. Хиллачун хьокъехь таллам болийна прокуратурехь. Нагахь санна лазийначара арз дахь, оцу «Газель» машенан шоферана таIзар дан мега.

Амма, некъан бохам шайгарчу бахьанийца хиллачарна массарна а ца до догIуш долу таIзар. Иза дуьххьара дIа доьзна ду стаг муьлхачу доьзалера ву бохучуьнца. Масала, ши-кхо кIира хьалха «Кавказ» цIе йолчу федералан некъа тIехь, кхо стаг а леш, боккха бохам хилира. Вовшахкхеттарш яра 221-гIа «Мерседес» а, «Ваз» ши машен а.

Мерседесахь верг 200 сов чаккхарма сиха воьдуш хилла, цундела иза ца кхиина леттачу цIечу стогарна хьалхахь саца. Оцу чехкаллийца, ша ма-ваггIара, иза тIекхетта шена дуьхьал нисъеллачу кхечу шина машенна. Цхьанна чохь верг ши ваша хилла ГIой-чуьра, вукхунна чохь АтагIара вахархо хилла. И кхо стаг оцу меттехь велла. И видео гинчунна кхеташ ду дийна биса церан цхьа а аьтто ца хиллийла. ТIекхеттачу «Мерседесо» ши машен хьарчийнера, ша горгамаш санна.

И некъан бохам тIехь болу видео а ю Нохчийчохь лелаш. Иза нийсса полицин блок-постана хьалхахь хилла, цундела цигахь лаьттачу видеокамерна тIедаьлла дерриг а. Жоьпаллех дерг аьлча, оцу «Мерседеса» тIехь хиллачу шоферна шена кхин хIума ца хилла. Цо байъинчу нехан гергарчаргара а витина иза зе ца деш. Иза могIара вахархо хиллехьара, кхечу агIор а хила тарлора, амма «Мерседесана» урхалла деш хилларг ГIалгIай-мехкан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан шофер хилла, цунна юххера гергара а волуш.

Бохам хиллачулла тIаьхьа и гIуллакх дукха сиха дIадижийна, кхин гIара а ца доккхуш. Болчу хаамашца, беллачеран гергарчара тIебитина куьгбехкенаш. Ткъа Iедало тера дац «Мерседес» чохь хиллачо дина зулам цхьанхьа а дIаяздинчух а.
XS
SM
MD
LG