ТIекхочийла долу линкаш

Футбол: Европан къовсадаларш терахьашкахь


Украина -- "Танго-12" цIе йолу Европан футболан къовсадаларшкахь ловзон "Адидас" фирмано арахецна буьрка, Kиев, 12Чил2012

Украина -- "Танго-12" цIе йолу Европан футболан къовсадаларшкахь ловзон "Адидас" фирмано арахецна буьрка, Kиев, 12Чил2012

Европан футболехула долу къовсарш дΙадуьйлалуш ду пΙераскан дийнахь. Уьш лаьттар ду Киевеххьий, Варшавеххьий. Царна бинчу кечамах лаьцна ю Маршо Радион корреспондента Балмфорт Тома терахьашкахь кечйина артикл.


Хиндерг гойтуш, шайхалла долчех лоруш дийнат яра европахошлахь хьалхо елла йолу хьумарш, хин-дийнат, бархΙкогберг Павел. ХΙинца украинахоша цуьнан меттиг дΙало Фред цΙе йолчу хьакхийн хуьрсакна. Полшехь и тайпа хиндерг хууш къастийна пийл ду, Чита цΙе а йолуш. Цаьрга хоьттур долчух тера ду футболъезархоша, хьалха хин-дийнате Павле санна, толамхойн кхолламах дерг.

Еврокъовсадаларшкахь дикаха футболхой ларало немцой, уьш кхузза тоьлла. Царел тΙаьхьа богΙу шозза тоьлла испанхой.

8 гΙалахь дΙахьур бу футболан къовсамаш – Украинерчу 4 гΙалаххьий, Полшерчу 4 гΙалаххьий. Хьалхара матч Киевехь хир ю, тΙаьххьарниг Варшавехь.

9-за уггаре дикачу ловзархочун цΙе тиллина хΙинццалц лаьттинчу Еврокъовсадаларшкахь францхочунна Платини Мишелна.

16 пачхьалкхара ю чемпионате йоьлху футболовзорхойн тобанаш, ткъа къовсалуш яра цига яха 53 тоба.

31 процент украинахошна шайн пачхьалкхан цΙе айеш пайде хир ду аьлла хета къовсадаларш.

10 000 шведахо веъна хΙинцале чемпионате хьажа, уьш дΙатарбелла четарийн гΙалахь Киевехь, Днепр-хина уллехь.

700 доллар мах хир бу Киевехь хьешан цΙийнахь буьйса йоккхург.

68 000 хьажархо чухоьаш ю Киевера стадион.

1 миллон хьаша варе сатуьйсу шайн махка украинахоша.

150 миллион стаг хир ву чемпионате телевизионашкахула хьожуш.

13 миллиард ах миллиард доллар ахча дайъина Украино барам дΙахьуриг.
XS
SM
MD
LG