ТIекхочийла долу линкаш

Iиса-Пайхамар вина де даздеш ю Европа


Босния-ХIерцеговина -- Мостар-гIалахь берашна дезде латтош ву ГIура-Дада, 24ГIу2012

Босния-ХIерцеговина -- Мостар-гIалахь берашна дезде латтош ву ГIура-Дада, 24ГIу2012

Ιиса-Пайхамар вина де билгалдоккхуш ю кху деношкахь Европа а, Ιаьмерка а. Европерчу славянийн, немцойн, ингалсхойн, францойн, скандинавахойн мехкашкахь муха дΙахьо дезде зийра Маршо Радионо



БIешерашкахь дуьйна Iиса-Пайхамар вина аьлла билгалдаьккхина ду ГIуран-беттан 25-гIа де. Цул хьалхарчу дийнах керистанаша „сийлахьа суьйре“ олу, оьрсийн маттахь „сочельник“, ткъа цул тIаьхьа догIуш долу кхо де вуно чIогIа даздо.

ГIаланаш и де тIекхача нийсса диъ кIира дисинчу хенахь йолайо кечъян. Деа кIирандийнахь, шайх „Адвент“ олуш долчу, суьйренаш лору, хьалхехь кечйиначу база-диттан генех йинчу кочарна тIе боьгIначу чIурамех хьалхарчу кIирандийнахь цхьаъ, шозлагIчохь - шиъ, иштта дIа кхин а лата а беш. И чIурамаш шайн маьIна долуш бу - Iиса-Пайхамар вина де герга мел гIурту а дуьне серла долу боху маьIна ду церан.

Шира ду иштта и дезде тIекхочуш кечбечу кхачанийн Iадаташ а. "Адвент" хан йолаеллачу муьрехь керстанаша Iежашца а, цхьацца хьожайогIучу бецашца а юьзина гIаз а йоттий, гергарнаш а, доттагIий а кхойкхий, гуларахь иза юу.

Ткъа ша дезчу дийнахь - "Вайнахтен" олу цунах немцойн маттахь - кечъеш ерг, дукхахьолахь, бад хуьлу. Цхьаццаболучара карп-чIара а кхорзий, иза а буу. Вукхара, къаьсттина Германин Къилбехьарчу лаьттанашкахь, йоьхьаш кхехкадой, картолах салат а йой, дIадерзадо.

Берашна гуттар а самукъане хан ю кху деношкахь хIуттуш ерг. Царна совгIаташ кхочу, Iиса-Пайхамар винчу денна хьалхарчу сарахь база-диттан кIелахь дIатардина хуьлу уьш. И мIаьрго текхаччалц схьадаста а, хьажа а йиш а йоцуш.

Венерчу цхьана берийн бешахь кхетамкхиорхочун болх беш ю Белита. Цунна дика хаьа берийн кху муьрехь самукъадалар мел доккха хуьлу. Шайн берийн бешахь дукхахдолу бераш бусулба хиларна, шаьш и де леррина даз ца дахь а, амма уьш кхидолу кху махкара бераш санна ирсе хилийтархьама, цхьацца кега-мерза совгIаташ ца луш ца Iа, бохуш дуьйцу цо.

Белита: „Iиса-Пайхамар вина де тIекхочуш чIогIа хаза кечйо кхузахь гIала а, урамаш а. Массо маьIIехь аьлча санна ярмаркаш хуьлу. СовгIаташ ло вовшашна а, берашна а. Хьо нагахь санна цхьанхьа балхахь велахь, цу дийнан ларамна цхьана ресторане кхойкху йоллу коллектив а, хьакамийн чоьтах. Тхан берийн беша лела бераш бусулба хиларна, оха кхин башха лерина даздеш дац и де. Амма царна вас ца хилийта, оха царна совгIаташ ло“.

Австрера хьал дийцинарг яра Венехь еха Белита. Ткъа Германехь, доккхачу декъехь, Австрехь санна даздо и де. Бакъду, цу дийнан делкъал тIаьхьа яккхийчу гIаланашкахь цхьа тамашийна тийналла хIутту, цхьа а адам дан а дуй те кхузахь дехаш, олий, хоьтуьйтуш.

ДIасалелаш машенаш а ца го, я адамаш а. Дийна шарахь хьаьддий -веддий леллачу стаго цу цхьана дийнахь мукъане а,олий, керстанаш тешарехь, шен дуьхьа кхелхинчу Iиса-Пайхмаран а, динан а ойла а еш, чохь Iарца юзу и тийналла.

Испанехь Нохебуена олу цу дийнах. Иза дукхахьолахь доьзалехь даздо, къоман кхачанаш а, уггаре а хьалха чIара тоьхна йолу паэлья а кечъеш. Иштта дика гIиллакх лору цигахь цхьалха бисина бакхий нах я мисканаш доьзалан шуьне кхайкхар.

Чехаша Iиса-Пайхамар винчу динах Ванацы олу, цара а карп-чIара ботту цуьнан сийна. Норвегаша а, кхечу Скандинаверчу къаьмнаша а - Гу Юль, ингалсхоша - Кристмас. Цу массо а, сел тайп-тайпана долчу къаьмнийн цхьа юкъара амат ду, цу дийнахь уьш вовшашца дIанисбеш: къечийн а, бехачийн а шун цхьаъ хуьлу - бIешераш хьалха а санна.
XS
SM
MD
LG