ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тамашийна "Сталинград"


Оьрсийчоь -- "Сталинград" кино гойтучу театрехь. 09.2013
Оьрсийчоь -- "Сталинград" кино гойтучу театрехь. 09.2013

Бондарчук Федоран «Сталинград» филм, оьрсийчоьнан киноиндустриехь, цхьа боккха кхиам санна аьлла кхайкхо йолийна яра, иза яьккхина ялле дуьйна. Иза хесточарах, дукхахберш, Iедалхой а, иза йоккхуш дакъалоцурш а бара. Iамеркхошна даиманна луьйша болчу цара, иза катоьхна Оскар преми яьккха, хьакъдолчу кинох ю аьлла цу юккъе а яхийтира. Амма, тахана хиина, кинофилм, и совгIат даккхаран къийсаман списке юккъера яьллийла.

«Сталинград» филм гайта йолийначу дуйна цунна реза боцурш дуккха а бара. Ткъа, бакъболу кинокритикаша-м, цуьнга хьажа а ца хьаьжна, иза компьютеран графикех дукхачу декъана хIоттина йолун дела. Iамеркахоша яьккхина йолу «МогIархо Раяйн, кIелхьарваккха» цIе йолчу фильмах таръян гIерташ ю аьлла хета цхьаболчарна и филм. Нохчийчохь оцу кинога хаьжна дуккха а нах. ХIинца-м иза, телеканалехь а гойтуш ю, хаддаза.

Олийла дац, иза хазахетаршний, ца хетаршний юккъахь бекъабелла. Хазахетарш кIезиг бу. Историк волу Демелханов Сулейман, и фильм ца тайначарах ву. Шина тIамах Соьлжа-ГIалара ара ца ваьллачу цунна, гина бу ма бара тIом. Цундела, дуккха а метигаш ю, оцу кино чохь бакъдолчуьнца цхьана ца йогIуш, элира цо.


Демелханов Сулейман: «Суна и кино ца тара а, иза иссбаьхьаллийн хIунда ца хета аьлча, цунна массийта бахьан ду. Цхьадерг, вайна кху Нохчийохь безачарна, тIом гина бу. Цхьацца дакъош олу-кх. Масла, масса топ тухучу хенахь, оцу тухучуьнна мукъ цхьа жимма а юх ца кхета.

Минаш кхуссучу хенахь, цхьанна акIура а, чан а ца йолу. Леррина эффекташ ю чIогIа, амма, дукхачу хIуманна терго а ца еш, наха кхетара бац, наха ца хаьа аьлла яьккхина ю иза. Бен ца хеташ яьккхина ялахь а. Цхьа, шиъ хилла Iаш яц и моменташ. Дуккха а ю уьш».

И кино йолаеллачу дуьйна, вахьоьхуш ду Iаьржа ло. Порошоках дина кIай ло тIедиттина ду дукхачу метигашка. Йохийна харцийна ю, и гIала а, къаьстина Павлован цIа лаьтта урам а. Амма, духар, цхьаболчарна тIера цIена хуьлу, йохь кIормIодех дуьзина далахь а.

Оьрсийн эскархой, гойту оцу кино чохь, къинхетамах дог соьвсина нах санна. Нохчийчохь, цара лелийнарг дагахь хIинца а лаьттачу нахана, иза беламе ца хета, бохуш кхин дIа а дуьйцу Демелханов Сулеймана.

Демелханов Сулейман: «Оьрсийн салтий баккхий гуманисташ болуш санна гойту. Иштта хила хира бу. Уьш ца хилла бохург да циза. Хи эца вахана немцо гойту цу чохъь. Геннара топ тухий, воь иза. Иза хIунда вийна бохуш, шен салтийчуьнна тIе мохь хьоькху эскархочо.

Цуьнах лата гIерта иза. Хин йисте яьхча, акхароша а вовшах ца юу, боху цо. Вайна дкиа хууш ду, муха хилла. Дуьйцура дац Малхбале Пруссехь совета эскархоша лелийнарг а, шай дозанехь динарг а. Уьш чIогIа гуманисташ а болуш, важа агIо къиза акхарой а болуш гойтуш ду. Шен мостагI сийсаза воккхучо, ша сийсаза воккху».

«Сталинград» филм хазахетачарах, цхьа стаг бен ца карийра Маршо радиога вистхила лууш. Цунна хазахетта иза, амма, хIун бахьанашца шена а ца хаа. Ткъа, кIорге дийца ваьккхича гучдолу, цунна Iамеркхойн кино хазахеташ юьйла.
Киноезархо: «Дела КъорIаннора, хийла дукха киношка а хьаьжна со, амма, ишттанг гина яц суна.

Хазахеттарг суна-м ца хаа муха эра дара. И мел долу хIума суна дийца ца хаа, со цкъа бен цуьнга хьаьжна вац. Суна хазъелла иза. ДIоггара кумир а вац со оьрсийн кинойн. Iамеркахойн кино езаш ву со. Накъосташа аьлла хьажна со цуьнга».

Кинохула Оьрсийчохь кхетош-кхиоран болх жигара баьккхина Iедалша. Бондарчук Федор шен ден Сергейн IиндагIехь хIинца а валлачуьнна, боккха аьтто баьлла, даккхийчу ахчанех, дика йоцу кинош яха. Амма, тахана и филм Оьрсийчохь уггаре а дукха хьаьжнчарах ю. Миллионашкахь гулдина ахча. Хьажначара олу цуьнга рекламех Iеха а делла хьаьжна шаьш олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG