ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчура кху денойн дараш


Нохчийчоь --Лерина операци дIахьош, Ведана, Мангал-бутт, 2011
Нохчийчоь --Лерина операци дIахьош, Ведана, Мангал-бутт, 2011

Ιедалан реляцеш, дахар маьрша а ду, токхе а ду, бохуш елахь а, вер-ваккхарш, кегий тΙемаш ца хеддаш лаьтта махкахь.


Официалан тIегIанахь тоьшалла ма-дарра, хIара карахь болу Марсхьокху-бутт билгалбаьлла Iедалан герзахошна алсам зе-зуламаш а деш, герзаца тохарш дар марсадаларца.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло хааме даккхарца, полицин белхахой тIехь йогIу машен лар а йина, рогIера эккхийтар дина ТIехьа-Мартанан кIоштан Бумта-эвлана гергахь.

Талламхошна хетарехь эккхийтинарг радиоурхалла ден фугас ю. И бахьанехь цхьа низамхо вийна, шинна чевнаш йина. Лоьраша дийцарехь дархошна Iожаллин кхерам болуш хIума дац.

Ала догIу, цу кIоштахь кху тIаьххьарчу цхьана-шина кIиранчохь цу кепара лелхийтарш маситтаза а дина хилар, бен-бен чевнаш йина 7-8 низамхо тIеман лазартне а кхачош.

Буьйранчаша шайна уггар эшаме беанчех цхьаъ лоручу кху баттахь дараш а дукха хилла низамхошлахь. Хууш ма-хиллара виъ Iедалан герзахо вен а вуьйш, Iожалхочо эккхийтар нисдинера Соьлжа-гIалин Октябрь-кIоштан Бенойн БойсгIаран цIарахчу урамехь.

Дера, эвхьаза динчу тIелатарех ларало Соьлж-ГIалин кIоштан Iалхан-юьртахь, герзаш а диттина, цхьана ханна Нохчийчу гIуллакх дан Башкирера веъна виъ низамхо вер. Цу хьокъехь тIаьхьо хааме делира и тIелатар диначара, къайлабовла сих а ца луш, полицин белхахойн герзаш шайца дIадаьхьна хилар а. Билггал и талор дарна куьг бехке муьлш бу хIинца а хиъна дац.

Маьрша доцу герзаш дийларал сов, шен рожехь санна дIадоьдуш ду кхузахь тIемалойн агIончаш бу бохуш бахархой лецар а. 22 шо бен хан йоцу жима стаг лаьцна Шелан кIоштан Мескер-юьртахь. Цуьнга кховдийначу бехкаца, цо кхо шо хьалха гIаттамхойн аьтто бина, оьрсийн эскархой а, полицин белхой а болу меттиг дIа а йийцина. Сацийначу вахархочунна талламхоша дихкина шайгара пурба доцуш дехьа-сехьа вала.

Кхузткъа шо гергга хан йолу вахархо сацийна Сиржа-Эвлахь а. Низамхоша бечу чIагIамашца иза къера хилла ша хIинцачул ялх шо хьалха тIемалошна кхачанан сурсаташ латтош гIодина, аьлла. Низамхошна и муха,стенгара хиъна хууш дац.

Цу кепара лецарш кху баттахь Нохчийчохь чот йоцуш дукха хиларна къаройо низамхойн урхалло а.
XS
SM
MD
LG