ТIекхочийла долу линкаш

Хилла ТΙематасадалар Шина Суьртахь Дуьйцу Ιедалой, Бахархошший


Дагестан -- деношкахь вийна тIемалойн баьчча Даудов ИбрахIимхалил а, цуьнан тоба а Дагестанан хьаннашкахь, сурт даьккхина хан хууш яц

Дагестан -- деношкахь вийна тIемалойн баьчча Даудов ИбрахIимхалил а, цуьнан тоба а Дагестанан хьаннашкахь, сурт даьккхина хан хууш яц

Урхаллехь болчара гIарабаьккхинчу хаамца, тIемалойн тоба хIаллак а еш, кхиамца чекхъяьлла, масех дийнахь Нажи-Юьртан а, Дагестанерчу Казбековски а кIошташкахь дIаяьхьна тIеман операци. Цигахь Iожалла карийнарг ву ворхI тIемало, шайна коьртехь Абудар цIе лелош хилла, Тимиркаев МагIарби а волуш.


Чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана Iорадаккхарца, хаъал сов дараш хилла гIаттамхойн дуьхьало къаръян цига дIаоьзначу полицин белхалошлахь. Цо далочу терахьашца, вийнарг 17 ву, ткъа чевнаш йина лазартне кхачийнарш 24.

Эгначех дукхахберш Веданан а, Нажи-юьртан а кIошташкара низамхой бу. Церан буьйранчаша а, Iедалдайша а билгалдоккху, тIебазбеллачу кхерамна бIо ца къажош, майралла а, доьналла а гойтуш, къомана сирла, синтеме кхане герга ялош, цара шайн синош дIаделла хилар.

Цара юкъараллин кхетаме бижочу чIагIамца, Нажи-юьртан лаьмнашкахь дIаяьхьначу тIеман операцехь мел велла нохчийн низамхо гIаттамхойн карах дIакхелхина ву. Ма-дарра аьлча, и тайпа дIахьедар йоккхачу шеконца тIеоьцуш болу бахархой кIезиг бац.

Стенна аьлча, официало кхайкха а деш, оццул, цкъа а ца хиллачу кепара, Iедалан герзахошлахь дараш хилла и тIеман операци, яккхий тоьпийн биста кхаччалц, ницкъалчу герзах а, беркеманех а, хIаваан кеманех а пайда а оьцуш, дIаерзийна буьйранчаша.

Аьлча а , цхьаболчу полицин белхахоша шаьш дерий а деш, юххера, хьежош герзаш а детташ, цигахь тIом хилла а бац. Нийсса бIостанехьа, морзахе нислуш ду цигахь лилхинчу вер-ваккхарех Iедалехь болчара а, бахархоша а дуьйцург.

Цу тIаьххьарчара тидарехь Нажи-юьртан кIоштехь Iожалла карийначу I7-нах дукхахберш оьрсийн эскархоша генара а, беркеманаш тIера а харц ,гал герзаш деттар бахьанехь белла бу. Чевнаш йинчу дархойн гергарчара чIагIдарца, царалахь а бу дукхахберш гаьргаш еттаелла лазийна. Кхеторхьама аьлча, и бохург ду, царна еттаелларш маса тоьпийн шокъалеш –дIаьндаргаш а йоцуш, минометийн, бомбанийн, ракетийн гаьргаш ю бохург.

И тайпа хьажам бакъбо, цхьацца гергарлонаш бахьанехь, цу тIеман операцехь эгначу кIентийн тезеташкахь хиллачара а. Нажи-юьртан кIоштан Зандакъа эвлахь тезетахь хиллачех ю, масала, соьца къамел деш йолу Зулпат. Цо иштта далхийра нахана хетарг.

Зулпат: «Гергара стаг, захал, велла тезетахь хилла со Зандакъах. Полицин белхахо вара иза. ХIинцца вийна-кх иза Нажи-юьртан лаьмнашкахь. Iедало иза а, кхиберш а тIемалойн карах белла боху баха-м. Верриг 17 стаг ву-кх уьш.

Делахь а наха дуьйцург кхин ду. Оьрсийн эскарша, лакхара чу, беркеманашна тIера герзаш диттина байъина, бохуш, дуьйцу наха. ТIемалошна тIеязбина-кх уьш Iедалехь болчара. Телевизионехь церан хьокъехь дуьйцург а, бахархоша дуьйцург а цхьаьна догIуш-м дац…»

Нохчийн низамхой балар хьокъехь къамел динчу Зулпатна хетарехь, оьрсийн эскархошна бен а дац, нохчий хилчахьана, вуьйш верг милла велахь а. Уьш баларан бакъдолу бахьана мухха делахь а, Iедалан мукъ карахь болчара, турпалхойн тIегIане бохуш, хастаме дешнаш ца кхоош, гергарчарна ахчанца гIоленаш еш, дIаберзийна эгнарш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG