ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПхоьалгIа Де ду Мехкан Дозанца ТIом Лаьтта


Нохчийчоь-- Умаров Доккин го, сурт даьккхина хан хууш яц.
Нохчийчоь-- Умаров Доккин го, сурт даьккхина хан хууш яц.

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а низамхоша шина республикан дозанехь тIемалошна дуьхьал операци дIахьош йолу 5 де хан ю. Оцу юкъана, дIоггара жамIаш дац цигахь даьхна. Оцу хиламан тергоечара билгалдоккху, низамхойн дарийн терахь тIех лекха ду, бохуш.


Дагестанан а ,Нохчийчоьнан а дозанехь операцин пхоьалгΙа де чекхдолучу хенахь цхьацца бозуш боцчу хаамийн гIирсашкахь даьржина низамхошна хиллачу зенех лаьцна. Ишшта, оцу хаамашца, 7-9 низамхо ву вийна, мел кIезиг а 17 лазийна.

Ши-кхо де хьалха журналисташца къамеле ваьллера оцу операцин штабера шен цIе ца яьккхина цхьа декъашхо. Гоне лаьцна кхобу тΙемалой шайга хIаллак хIунда ца бало, дуьйцура цо. Ишшта, цо бахарехь, ломаца йолчу оцу меттигашкахь диллина доккха ло ду, цундела ма хетта тIахъаьлла лела аьтто бац церан. Амма, гарехь, гоне лаьцначийн аьтто болу шайгарчу ницкъаца дуьхьало ян. Царна юккъахь а долчух тера ду зенаш, дуьйцу официалан хаамаша. ТIемаш хиллачу меттехь карийна цIийх дуьзина кисийн кIаденан кийсигаш а , лазар лагΙдечу молханийн беттанаш а.

ПIераскан дийнахь тIемалой хила тарлучу метте беракеманаша ракеташ йиттина. Ишшта, цига етташ ю яьккхий тоьпаш а. Масех де хьалха, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана дIахьедар дира, кхаа декъе екъаеллачу тIемалойн и тобанна гобан кадаьлла, аьлла. Иттанаш декъашхой бу, бохуш, дуьйцу оцу тобанашкахь. Амма буса низамхоша, шайна юккъахь дараш ца хилийтархьама, операци сацийча, гонера бовла аьтто хилла тIемалойн.

Доккхаха дакъа, Дагестанан дозанна дехьа а даьлла, цигахь, Казбековн а, Хасу-Юьртан а кIошташкахь хааделлера. Оцу операцина юкъайола дийзира Дагестанерчу ницкъаллийн структурийн а. И ший а кΙошт «террорна дуьхьалояран зона», аьлла, дIакхайкхина.

Кхаа декъе екъаеллачу тIемалойн тобанашна хьалхабевлларш бу, боху, дагестанхо Темиркаев Руслан а, Макмедов Арслан а, нохчо Тимиралиев МагΙарби а. ТIаьххьарниг, дийцарехь, дукха хенахь дуьйна, уггаре а чIогΙа лоьхучу тIемалойн баьччех цхьаъ ву. Массийтаза низамхойн аьтто баьллера иза гоне лаца, амма хIоразза а 50 шо хан йолуш волчу оцу тΙемалочун кадолура дийна оцу юккъера аравала.

Операци, официалан хьостанаша чIагIдарехь, пайда хуьлучу чаккхене кхачо Iалашо ю Ιедалхойн. Амма хан билгаляьккхина яц. Коьртаниг - жамI ду, боху цара. Низамхоша, тIемлоша а санна, шайн тактика хийцина хIокху тIаьххьарчу шерашкахь. ТIемалой тусабеллачу меттигна чухьаьдда хIума а ца деш, меллаша дIахьо операцеш, гоне лаьцначу тIемалойн гIора дIадаллалц.
XS
SM
MD
LG