ТIекхочийла долу линкаш

Масхадов Аслан - нохчийн къоман маьрша харжам


Оьрсийчоь – Нохчийчоь / хьалхара тlом – Масхадов Аслан, НОхчийчоьнан президент (Аьр), оьрсийн президент Ельцин Борис (Аьт) Кремлехь дlадаьхьначу маьрша дагадовларшкахь, 18Мар1996

Оьрсийчоь – Нохчийчоь / хьалхара тlом – Масхадов Аслан, НОхчийчоьнан президент (Аьр), оьрсийн президент Ельцин Борис (Аьт) Кремлехь дlадаьхьначу маьрша дагадовларшкахь, 18Мар1996

Кху деношкахь бIархI шо кхаьчна Нохчийчоьнан президент Масхадов Аслан вийна. Иза вевзаш хилла а, цуьнан гергара хьеший а, тIеман накъостий а хилла нах гулбеллера Австрехь - Масхадов дагалаца.


Бераш а, зударий а, кегирхой а, амма иштта гIеметта хIиттина къонахий а гулбеллера Венерачу „Nachbarschaftszentrum“ цIе йолчу кхерчахь Масхадов Асланна леринчу суьйрене.

Шайн кегийчу берашца зударий цу цхьанакхетаралле дахкар ларамаза дацара, хIунда аьлча, и суьйре вовшахтухуш хиллачех цхьаъ волчу Исханов Хьусейна ма-аллара, тIекхуьучу берашна хаийтархьама, вайн къоман пачхьалкхе а хиллийла, цу пачхьалкхенан бахархоша маьршачу харжамашкахь массара а аьлча санна ара а бевлла, хаьржина президент а хиллийла, и президент оьсрийн Iедало ямартлонца вийна а вуйла.

1997 шарахь цхьанна а Советан пачхьалкхенна юккъейогIуш хиллачу республикашкахь, ша Балтийн кхо пачхьалкхе юккъера яьккхичхьана, масала доцуш цIеначу а, демократикаллечу а харжамашкахь президентан дарж кхаьчнера Масхадов Аслане.

И дарж, къизачу тIамо бохийна, херцаршлахь Iуьллучу мехкан куьйгалхочун дарж, цуо, шена цунах мел деза кир хиллехь а, стогаллех а, иманах а, шен сица хиллачу къинхетамаллех а ца вухуш, дIакхийхьира, машаре а аьлча, машаречух цхьажимма тера хиллачу муьрехь а.

Нохчийн диаспора вовшахкхеттера Венехь 8 шо хьалха нохчийн президент хилла Масхадов Аслан вер, 08Заз2013

Нохчийн диаспора вовшахкхеттера Венехь 8 шо хьалха нохчийн президент хилла Масхадов Аслан вер, 08Заз2013

Юха шозлагIа тIом бола а белла, оьрсийн бIо Нохчийчоьнна кхин цкъа а тIелетча, цуьнца тIом беш, шен къоман маршонан бIаьхо санна ша Далла дуьхьала ваххалца а.

И дерриге а дагалийцира Венехь гулбеллачара. Шен Масхадов Асланах болу дагалецамаш бийцира цуьнца масех шарахь белхаш бина хиллачу Ибрагимов Виситас.

Ибрагимов Висита: „Аслан ас тоьшалла дар оьшуш-м вацара, амма тIаьхьабисинчара хьалха дIабаханчарна тоьшалла до-кх. Асланца 3 шарахь болх бина ас. Аслан къонах вара, нохчо а вара, бусулба а вара. Вайн даймахкахь истори керчачу муьрехь, керла историн агIо йолалучу хенахь вевзина суна иза. Ледара а воцуш, нахана веза а везаш, къамелна кIеда а волуш, доьналлехь а волуш, дIавахара иза.

Цхьаццаболчара олу, Аслан кIеда вара, цуо низам чIагI ца дира, иза жимма чIогIа хиллехь дика хир дара олий. ХIан-хIа, Аслан иман долуш стаг вара, ша вала везийла хууш а вара, нохчийн къамд девзаш а вара иза“.

Дуккхаъ шерашкахь, хьалхара тIом балале дуьйна схьа шозлагIа тIом юкъебаллалца, Масхадов Асланна уллехь хилла ву шина тIамна юккъехь еанчу муьрехь Нохчийчоьнан парламентан депутат хилла волу Исханов Хьусейн а. Цуо иштта дагалецира шен президент.

Исханов Хьусейн: „Нохчаша олуш ду, стаг аренца бен ца вевза, олий. Цунна тIетухура дара ас, стаг тIамехь кхин а дикаха вевза, аьлла. Суна Аслан тIамехь а, машарехь а вевзира. Цуьнан собарций, хьекъалций, иманций вевзира. Джохар дийна волчу хенахь-м атта ма дарий цунна а, вайна массарна а, президенто аьлларг дичхьана довлуш дара.

Ткъа иза дIаваьллачул тIаьхьа массарна а хала дара, къаьстина Инарла Штабан куьйгалхочунна Масхадовна.

Австри -- Нохчийн къомо 1997-чу шарахь маьршачу харжамашкахь хаьржина президент Масхадов Аслан дагалаца гулбеллера нохчий, 08Заз2013

Австри -- Нохчийн къомо 1997-чу шарахь маьршачу харжамашкахь хаьржина президент Масхадов Аслан дагалаца гулбеллера нохчий, 08Заз2013

Цунна тIехьа лаьтташ къам ма дарий. И беза мохь шена гехь а болуш, къахьийгира цуо цу муьрехь. Юха и тIом дIабаьллачу муьрехь цуо хьегна къа а вайна массарна а хууш ду. Тахана вай Iехадала мегар дац. Коьртаниг хIун ду?

Вай доллу къам ара а даьлла, вай ваьшна хаьржина волу президент ву цара вийнарг. И хIумнаш вайга тахана дицдайта гIерташ, вайн къоман къонахий муьлш бу вайна дийдалийта гIерташ белхаш ву беш, амма вай иза дицдийр дац“.

Иштта дуккха а кхечу цу суьйренан хьешаша тоьшаллаш дира мостагIчо ямартлонца вийначу Нохчийчоьнан президентана Масхадов Асланна. Иза декъал хилла бархI шо хан яьллехь а, цул тIаьхьа дийна цхьа чкъор хийцадала ца кхианехь а, амма кхиина даьллехь а, дуьненчохь мел хийцамаш хилла хиларх, иштта нохчийн къомаца шеца а, амма шаьш хаьржина волу шайн къоман тоьллачийн векал нахана виц ца веллийла гойтуш. Цуьнан сине кхачийта, аьлла, сагIийна хIоттийна шун а долуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG