ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Брежневн зама - оьрсийн Iедалийн ирсе зама


Советан апчхьалкхан лидер хилла волу Брежнев Леонид, 20ГIу1966
Советан апчхьалкхан лидер хилла волу Брежнев Леонид, 20ГIу1966

Советан заманахь куьйгалхо лаьттина Брежнев Леонид ваьхначу хIусамна тIе сийлаллин у тоха дагахь ду оьрсийн Iедалш. Дийцарехь, юкъараллехь динчу хеттарша гайтина, оьрсашна Брежнев 20-чу бIешарера тоьллачех оьрсийн лидер хеташ хилар.

Советан заманахь Советан пачхьалкхан куьйгалхо хилла волу Брежнев Леонид шен дахаран тIаьхьарчу 30 шарахь ваьхначу хIусамна тIе сийлаллин у юхатохаран планна гIортор йина оьрсийн Iедалша. Москох-гIалин кхеташоно къобалъйина, оьрсийн Пачхьалкхан ДУМАнерчу депутатийн тобано кховдийна ойла.


Москох - Брежнев ваьхна хIусам - Кутузовский проспект, 26-гIа, 16Заз2003
Москох - Брежнев ваьхна хIусам - Кутузовский проспект, 26-гIа, 16Заз2003
Цу ойланна гIортор йийриш догйовха бара, и у хIокху баттахь дIатухург хиларх. Амма урхалла дечу Цхьааллин Оьрсийчоь партин векал а, и проект айина лелаш волчу Хинштейн Александро яздина шен Твиттерна тIе, Брежневан 107 шо кхочучу ГIуран баттахь кийча хила мегаш ду иза, аьлла.
Даханчу оршот дийнахь (Стигалкъекъа-беттан 27) Хинштейна аьллера, у дар, Рукавишников Александрна тIедиллина – дуьххьара, Кутузовский проеспектера 26-чу хIусамна тIе тоха у дина хиллачу скульпторан кIентан кIантана.

Цу адресца 1952-чу шарахь дуьйна, ша валлалц 1982-чу шеран Лахьанан-бутт кхаччалц ваьхна Брежнев.
Советан пачхьалкхан йоьхначул тIаьхьа 9 шо даьлчу дIадаьккхинера сийлаллин у.

Амма Брежневна у хIотторна дуьхьал болчара чIагIдарехь, 18 шарахь политикан репрессеш еш, экономика цхьанаметта сецна лаьттинчу цунна хьакъ дац сийлалла.


Германи -- Китайн къомаха ши зуда ю Берлинера пена тlехь оба олуш диллинчу Хонеккер Эрикан а, Брежнев Леонидан а суьртана уллехь оба олу кеп лелош, 03Гlу2012
Германи -- Китайн къомаха ши зуда ю Берлинера пена тlехь оба олуш диллинчу Хонеккер Эрикан а, Брежнев Леонидан а суьртана уллехь оба олу кеп лелош, 03Гlу2012
​Мемориал а, кхин йолу адамийн бакъонаш ларъяран тобанаш дуьхьала ю цу ойланна.
Москохарчу ХIелсинки-тобан куьйгалхочо Алексеева Людмилас элира оцу хьокъехь Маршо радиога.

Алексеева: "Тхан Iедалийн советан заманца боьзна дика дагалецамаш бу. Цундела, и тайпа дагалецамаш болчу нехан дехарна жоп ло цара. Суна хетарехь, ширчу заманашка юха а хьоьжуш вахар, тIаьххьара гIуллакх ду Iедалшна а, бахархошна а. Со хIинца къена а йоллушехь, хIетахь къона а хиллашехь, са-м са ца хьийза цу замане. Суна хазахета и кхиаме йоцуш хиллачу советан экспериментах вай хьалхадевлла хилар."

Брежнев хIинца а доза доцчу забарийн а, дийцарийн а бахьана делахь а, дукхах болчу оьрсашна товш дерг ду, иза урхаллехь волуш Советан пачхьалкхехь къепе хилла хилар а, Москохан а, Цхьанатоьхначу Штатийн а юкъаметтигаш нисъярехь цо дакъа лацар а. Шина пачхьалкхан юкъаметтигаш йохъяларцаний, Советан пачхьалкхехь Pepsi дохка долийра.

Путинан зорбан секретаро Песков Дмитрийс бахарехь, Брежневан заман «вуно доккха дика дара» пачхьалкхана. Баханчу баттахь йозуш йоцчу Левада центро юкъараллехь динчу хеттарша гучудаьккхира, 56 процент оьрсашна Брежнев 20-чу бIешеран тоьллачех а тоьлла волу лидер гуш хилар а, цул тIаьхьа Ленин Владимир а, Сталин Иосиф а.
XS
SM
MD
LG