ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан олаллина кIелахь керлачу хьелашкахь баха Iемаш бу гIирмахой


Украина -- ГIирмерчу Симферополехь Оьрсийчоьнан "Сбербанкан" цхьана декъан хьалхарчу ахча схьалон машенчура ахча схьаэца гулбелла хIара нах. Охан 2, 2014
Украина -- ГIирмерчу Симферополехь Оьрсийчоьнан "Сбербанкан" цхьана декъан хьалхарчу ахча схьалон машенчура ахча схьаэца гулбелла хIара нах. Охан 2, 2014

„Малхбузено-м хIуъу дийцахьара, тхо Оьрсийчоьно лардийр ду“ бохучу аййеллачу дог-ойланца керлачу, шайн кхетамехь ирсечу, дахаре чу хьелхина хилла болу гIирмахой хIинца жим-жима цу керлачу дахаран зовкхаш бовза буьйлалуш бу.

Оьрсийчоьно сихонца царна паспорташ декъа долийнехь а, амма цу нехан бахамийн а, белхийн а, дешаран а документаш Украинехь бух болш ду. Царна цкъачунна хIун да деза бохург кхеташ дац.

Кхин цхьаъ дара, ГIирмехь референдум дIаяхьале цигарчу куьйгалхоша бахархошка хаддаза дуьйцуш: нагахь санна вай Оьрсийчоьнах дIакхетахь, оцу сохьта вайн алапаш мел кIезга а кхузза лакхадевр ду бохуш. Шаьш и къамелаш дечу хенахь цара, кхеташ ма-хиллара, ца хьахьадора, алапаш тIекхетахь а, амма цуьнца цхьаьна ГIирмехь сурсаташ а дазлуш хилар, петарах луш болу мехаш а ирахгIур хилар.

Ца хьахадора цара иштта и алапаш а массеран а лакхадевр ца хилар, беккъа цхьаьна бюджетхошний бен. Ткъа бюджетхой ГIирмийн бахархойх I0 процент бен бац. Кхин дIаболчара хIун дан деза? Цара, олуш ма-хиллара, илли ала деза те бохург кхеташ дац. Цхьаболчу нехан алапаш лакхадовлахь, шеко а йоцуш, кхачанийн сурсатийн мах лакхаберг хилар тидаме эцча-м муххале а.

Социлан хеттарш ду коьртачу декъехь меттигерчу бахархойн корта лазош дерш бохуш дуьйцу ГIирмехь ехаш а, болх беш а йолчу журналиста Мавиле Халилс а. Бахархойн цакхетамашна жоп луш а, керлачу низамийн къухийн чолхалла царна йовзуьйтуш а цхьа хуькмат я Iедалан векалш ца хиларо чолхе доккху меттигерчу нехан дела де боху цуо.

Мавиле Халил: „Уьш пачхьалкхан олаллин хеттарш а ду, юристийн цхьацца хеттарш а ду, масала, бахамашца доьзна дерш. ХIинца дийцаре деш долу хаттарш дукхох дерш : хIун мега, хIу ца мега боху хеттарш ду. ХIунда аьлча, Украинехь маьрша Iен-баха Iемина бара массо а, ткъа хIинца а вуно дукха бехкамаш бу юккъебохуш.

И дерриге гIеххьачу кегарийн хьесапехьдIадоьдуш ду цкъачунна. Бахархошна хаза говза консультацеш еш нах бац, цара хIун дан деза я муха дан деха царна хьоьхуш болу. ТIехула тIе Оьрсийчоьно хьехош кхин а дуккхаъ керла нормаш ю, шаьш юккъейохур ю бохуш, масала, даймохк ларбархий,лоьрийн дарбанехий. И бохург ду шайн хIинцалерчу керлачу хьелашца дIаэн гIертачу нахана кхин а хIун хир ду те бохучунах ойл еш а ницкъ хуьлу бохург“.

ГIирмехь лелаш долу ахча дукха хан йоцуш дуьйна сом делахь а, амма цу соьмах цкъачунна цигахь эцалуш дукха сурсаташ дац бохуш дуьйцу Мавиле Халилс. Цундела наха шайн ахча Украинин гривнех хийца дезаш нисло.

Мавиле Халил: „Цхьа цакхетаме хьал хIоьттинера пенсица, масала. Иза соьмашца схьалуш дара нахана, абсурде даьллера и хьал, хIунда аьлча иза тIаккха гривнех хийцадезаш хилира, цу гривнех тIаккха оьшург оьцура“.

Цхьаццаболчу бозуш боцучу тергамхойшна хетарехь, ГIирме цхьаьна Оьрсийчоь йоцучуо, кхечу пачхьалкхенаш кесталгIа инвестицеш ю бохург дуьйцийла а ца хиларна, тIедогIучу масех шарахь цигахь болхбоцучийн терахь вуно лакхадала там бу.

Цу махкахь я кхиина я экономика а ца хиларна, я юьртабахамца хено довла оьшуш долу эвсаре лаьттанаш а ца хиларна, я арахьара чудеънарш бен сурсаташ а ца хиларна, бахархойн таханлера эйфори а, айбелла синхIотташ а сиха дIабовла мега. Ткъа цигара дIабаха хьаьгначийн терахь алсамдер ду.

Цкъачунна ГIирмера уьдучийн терахь дукха инзаре лакхара дац бохуш дуьйцу цигарчу телевизионан керлачийн декъа куьйгалхо йолчу журналиста Мавиле Халилс. Коьртачу декъехь гIезалоша шайн мохк ца бита сацам бина хилар бахьана долуш. Делахь а, цуо дийцарехь, „кIур бан беза кхузара“ боху синхIоттамаш ГIирмехь кхуьуш бу.

Цу юкъана Евроберто, хьастагIа ГIирме а, ГIирмера а кеманаш лелар дихкина йолчу, керла гIулч яьккхина, ша и ах-гIайре Оьрсийчоьнан долахь хилар къобал ца дойла гойтуш йолу. ГIирмин бахархошна шенген-визанаш лур яц цуо, хIунда аьлча царна уьш луш хилча, иза Оьрсийчурчу векалташкахула дан дезар дара, ткъа Малхбузено ГIирма Украинин лору.
XS
SM
MD
LG