ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхечу къаьмнашка йолу хьагI бахьанехь 4 баттахь Оьрсийчохь 8 стаг вийна


ХIокху шеран хьалхарчу беа баттахь кхечу къаьмнашка йолу хьагI бахьанехь Оьрсийчохь вийна 8 стаг. Чевнаш хилла, мел лаххара а, 31-нна, бохуш хаам бина информацин-аналитикан «Сова» центро. Кхечу къаьмнашка йолу хьагI бахьанехь еттар нисделла, Оьрсийчоьнан 11 кIоштахь.

Оццу хенахь, расистийн зуламашна таIзар деш бинарг 8 сацам бен бац. Аналистийн хьесапехь, ультра-аьтто агIорчерийн карахь ницкъ хуьлуш берш, дукха хьолахь, Азера, Кавказера нах бу. Эксперташа тидаме диллина, цхьайолчу организацийн жигархоша Гитлер Адольф винчу Охана-баттахь даздарш дIахьочу юкъанна, неонацистийн зуламаш алсамдевлла хилар.

Уггар дукха зуламаш деш йолу ши гIала Москох а, Петарбуха а ю. Оьрсийчоьнан коьртачу гIалара метро чохь маситтаза «зачисткаш» йина аьтторадикалаша, тIехьаьжча, шайна гIазакхийн аматехь ца хетачарна, етташ.

Бакъонашларъярхошна хетарехь, Украинехь тIаьхьарчу хенахь хилла хийцамаш бахьанехь а, ГIирма дIаяьккхинчул тIаьхьа а карзахбевлла ультра аьтто агIорниш. Махкаллин низамехь хийцамаш барца доьзна а хила тарло иза. Маршо радионо дагадоуьйту, оцу хийцамаша аттачу доккху, арахьарчу нахана Оьрсийчоьнан махкалла далар. Эксепрташа емалдина иза, керлачу бакъонаша Оьрсийчу мигрантийн тулгIе алсамъяьккхина ца Iаш, къаьмнийн девнаш а марсадохур ду, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG