ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЧIогIа ду шира доттагIалла


ДоттагIий.
ДоттагIий.

Къоналлехь хилла йолу уьйраш атта ца хеда нехан. Амма цулла а чIогIа хуьлу уьш уггаре а халчу хеношкахь цхьаьна дешна а, дахаран а хало а цхьана Iовшина болчу нехан. 58 шо хьалха деша хIиттинчу хенахь бевзинчу доттагIийн цхьанакхетаре кхечира Маршо Радион корреспондент Султанов Ахьмад.

Нохчий бохийначура 1957 шарахь цIабирзича уьш тIе муха эцна хууш ду бухахь церан латта а, хIусамаш а дIалаьцначу наха. Амма, Даймахкахь хилчхьана лаьттаха тоьла а яьккхина Iан а реза болуш цIа ихинчу нохчийн дукхачеран аьтто цабаьлла деша баха. Бераша, шай дайшна-наношна улле а хIиттина, цIенош деш, аренаш лелош белхаш бина. Дукхачу доьзалшкахь, берашна юккъера цхьаъ къаста а вой, цуьнга дешийта гIиртина нохчий.

1958 шарахь цIабирзина шолагIчу шарахь Соьлж-ГIалахь лаккхарчу доьшийле вахар совнах, иза цул тIаьхьа дикачу кхиамашца чекхяьккха а, доккха майралла а, доьналла а хилла а ца Iаш, онда яхь хила езаш хилла. Ишттачарех бу оцу шарахь Соьлж-ГIаларчу мехкдаьттан институте деша а хIиттина, иза чекхяьккхина, шай нахана а, къоманна а, пачхьалкхана а пайдехь хилла болу нах.

Тахана уьш къаной бу, амма хIета замано ша дахчийна болат санна, къера а боцуш, букъ а ца сетташ, яIне нийса а латтош, кегийчу нахана масале а хIитто мегар долуш нах бу уьш.

Кху деношкахь церан вовшахкхетар хиллера Соьлж-ГIалахь. 58 шо дIадаьлла уьш деша хиттина. Оццул дукха хан яьллехь а, шортта дагалецамаш бу церан шай дIаяханчу жималлех а, дешарх а, дахарх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG