ТIекхочийла долу линкаш

Кипро "дагош ду" оьрсаша цига дIахьулдина ахча


Кипр -- Никосияхь къевлина лаьттачу Оьрсийн Коммерцин банкана уллехула тIехйолуш ю зуда, Никосия, 19MЗаз2013

Кипр -- Никосияхь къевлина лаьттачу Оьрсийн Коммерцин банкана уллехула тIехйолуш ю зуда, Никосия, 19MЗаз2013

Кризисо лаьцначу Кипрехь куьйгалло банкашкарчу ахчанашна лакхара ясакхаш юкъаяьхна. Коьртачу декъехь, иза хьакхалуш ду, Кипр оффшоран зона хиларна, шайн ахчанаш цигахь латтош хиллачу оьрсийн совдегарех.




Евробертан финансийн министрша тIаьхьарчу шарахь хаддаза бина хиллачу тIеIаткъамна къар а елла, банкерчу депозиташна тIера ясакх яьккха сацам бина Кипран урхалло. Цу гIулчана дуьхьал Евробертера I0 миллирад евро финансийн гIо хир ду, аьлла, дош делла цунна Цхьанакхеттачу Европана юкъайоьлхучу кхиинчу пачхьалкхаша. И ясакх 100 эзар евро ахча банкехь Iиллочу нехан таронна 6,75 процент хир ю, ткъа цул совдолчу ахчанна - 9,9 процент.

Уггаре а хьалха и ясакх оьрсийн совдегарийн кисанах кхетар ю, цигахь миллиардашкахь шайн хьанал а, хьарам а ахчанаш латтош болчу. Тергамхоша чIагIдарехь, керла ясакх шайх хьакхалуш болчу нахах 40 процент кхечу пачхьалкхашкара бу, ткъа цу 40 процентах кхозлагIа дакъа оьрсийн совдегарш бу.

Шаьш кипрхоша кхин башха дукха ахчанаш банкашкахь ца Iехкадо, бохуш, дуьйцу хуучара, шайн ахчанаш шайца лелор тешаме хеташ. Ткъа итт процент герга керла ясакх шайн цигахь дIатардинчу ахчанех йоккхур ю боху хаам баржаро цIена бакъонца Iадийна дукхаъ Оьрсийчуьра совдегарш.

Шина декъе екъаелла йолчу Кипран грекахойн дозанна тIехь, цу пачхьалкхан коьртачу шахьарехь Никосехь доьшуш ю вайнехан студентийн цхьа жима тоба. Царех цхьаьнца, 22 шо долчу Седица къамел хилира Маршо Радион.

Меттигерачу экономикан институтехь дуьненаюкъара экономика Iамош йолчу Седас дуьйцу, тIаьхьарчу деношкахь Кипрехь меттигерчу бахархошлахь а, иштта кхечу пачхьалкхашкара тIебаьхкинчу нахалахь а вуно саьхьара сурт лаьтта, кхерамах а, цецбовларх а ийна долу, бохуш.

Седа:
„Банкаш болх беш йоцу масех де а ду, тахана схьаелла езаш яра уьш, амма схьа-м ца йиллина. Карахь долу ахча чекхдаьлча, мацалла валан бен ма ца везий кхузахь. Ткъа наха карахь ахча лела ма ца до, картанашца дIало мах массо а хIуманах, цундела оцу банкоматаша болх ца бича, дан амал дац нехан.

Кхузара оьрсий чIогIа кхерабелла бу. Дукха ма буй уьш кхузахь, церан дукха ахчанаш а ду кхузахь банкашкахь, ясакхаш лахара хиларна кхузахь дIадехкина. Тхоьца доьшуш йолу оьрсий яра дуьйцуш, шен дай-наний, и кризис бахьана долуш, лерина Москохара кхуза схьадеъна, бохуш, шайн ахчанаш кIелхьара дахалур дацара теша, аьлла“.

Аналисташна хетарехь, мел кIезиг а 26 миллиард евро ду Оьрсийчуьрчу совдегарша Кипрехь дIатардина. И терахь даханчу шарахь немцойн Шпигель журнало далийнера, и ахчанаш даима а цIена, хьанал даьккхина ца хиларна нундохуш. Цунна дуьхьал Кипран урхаллин векало сихонца жоп делира, шен пачхьалкхахь тIеэцна керла низам ду, „боьха ахчанаш диларна“ дуьхьало еш долу, аьлла. Амма хIетте а тергамхой тешна бу, цу жимчу махкахь вуно дукха оьрсийн ахчанаш хиларх.

Ткъа нагахь санна Евроберто Кипран экономика кIелхьараяьккха финансийн гIо хьажош хилахь, и ахча, ма-дарра дийцича, харц-бакъ, къайлах-къулах Оьрсийчуьра арадаьккхина долчу оьрсийн совдегарийн таронаш кIелхьараяхарна дIагIур хилар кхеташ ду. Ткъа Европан куьйгаллина иза, кхеташ ма-хиллара, оьшуш дац.

Цу юкъанна Оьрсийчуьрчу куьйгалло дIахьедарш дина, Кипран урхалло юкъаяьккхина ясакх нийса яц, аьлла. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира и сацам „профессионалле а бац, нийсонца а бац, кхераме а бу“, аьлла, дIахьедар дира оршот дийнахь. Цунна тIетевжира премьер-министр Медведев Дмитрий а, кипрхоша деш дерг нехан ахчанийн конфискаци ю, аьлла.

Бакъду, шен башха говзачу хьехаршца вевзаш волчу оьрсийн премьеро шайн махкахошка ахчанаш оьрсийн банкашка охьадахка, дозанал арахь а ца дохкуш, элира, мацах цкъа советийн заманахь шуьйра яьржина хилла, „сбербанкашкахь Iехкаде шайн ахчанаш“ боху лозунг дага а йоьуьйтуш. Ткъа цу сберкабанкашка дехкина хиллачу ахчанех эххар а хIун хилира дика дага ма догIий массарна а.
XS
SM
MD
LG