ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн садукъаделла Нохчийчоь


Чехин журналист Прохазкова Петра (Аьр) шайца болх бечу жигархочуьн майрачуьнца, Соьлж-гIала, Стигалкъекъа бутт, 2013

Чехин журналист Прохазкова Петра (Аьр) шайца болх бечу жигархочуьн майрачуьнца, Соьлж-гIала, Стигалкъекъа бутт, 2013

2001-чу шарахь дуьйна Оьрсийчу яхар Москоха дихкина хиллачу Чехин журналистаца Прохазкова Петрица сан хилла къамел. Стигалкъекъа бутт бовш, машенахь Нохчийчу а яхана, юхаена иза.


Маршо радио: Нохчийчура тIамех лаьцна Европехь алссам дуьйцучу журналисташца цхьаьна, хьуна а дихкира Москохо Оьрсийчоьнан доза хадор. Муха хилира хьан Нохчийчу яхар?

Прохазкова: Чолхенаш ца хилира. Сан оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министраллин аккредитаци яра. Хьалххе дуьйна, сайн ма-хуьллу, пан Кадыровца интервью эцаран хьокъехь цуьнан зорбан-сервисца дIа-схьа кехаташ яздинера аса. Цунах (Кадыровх) лаьцна дуккха а яздинера. Со цунна аьтто бала гIерташ яра, цуьнга шегга шех а, шена хетачух а лаьцна схьадийцийта. Цунна критика яран клише тайппа хIума а кхолладелла. Беламе а доккху цо дина къамел. Аса-м, ур-атталла, дош а деллера, аса цо дина къамел цхьана кепара хуьйцур дац, ма-дарра, зорбане доккхур ду, аьлла.

Амма соьга цуьнан зорбан-сервисо аьлларг дара, массо журналисташ цхьатерра бу. Нохчийн президентан васт харц доккху. Цундела. со санначу нахаца иза цхьанакхетар вац, аьлла. Дика ду, и бакъо ю цуьнан. Делахь а, аса айса арабаьккхина некъ бовзийтинера. Со маца йогIур ю а, хIун дан дагахь ю а дийцинера.
Цхьа моггIа, Кадыровн динца доьзна хаттаршкахула болчу хьехамчашца цхьанакхетар хилира сан. Маьждигехь видеош ехира оха. Цхьа а хIума къайлаха дан гIерташ дацара тхо, дан а ца дира оха.

Маршо радио: Оьрсийчура керлачу низамца а догIуш, арахьара ахчанаш оьцу гIо-накъосталлин организацеш агенташ санна язъяла езаш ю. Шун Беркат организаци хьесапе эцний?


Коьртахь йовлакх долу нохчийн зуда Iаьрбийн матахь яздинчу йозанна уллехула йоьдуш ю

Коьртахь йовлакх долу нохчийн зуда Iаьрбийн матахь яздинчу йозанна уллехула йоьдуш ю

Прохазкова: Тхан и тайпа проблема ца хилира. Тхо Нохчийчохь Беркат санна кхин дIаязделла дац. Амма тхоьца цхьанаболх беш йолу масех накъосталлин организаци ю. Церан и проблемаш ю. И организацеш дIакхоьхьуш болчарца - дукха хьолахь уьш зударий бу - къамелаш хилира сан. Масала, Роза, Беркатан цIарах болх беш ю. Уьш вуно холчахь бу и низам бахьанехь. Арахьара шпион бохучу категоре хьо дIаязвина хиларна болчу тIеIаткъамна кIел хилла ца Iаш - деккъа иза а ду сингаттам боккхуш а, нах къехкхош а.

Бакъдерг ду, цхьа моггIа гIо-накъосталлин организацеш Iедалан инзаре боккхачу Iаткъамна кIел хилар. Тайп-тайпана урхаллаша талламаш бо уьш болчехь - ял эцаран хьукхмато, прокуратуро а. Церан белхан кеп ю гуттар а толлуш. Иза а хIумма дацара, нагахь санна церан и халонаш йоцург, болх бан буьтуш белхьара. Цхьайолу организацешкахь хIора кIирнахь дIахьо и талламаш.

Гуш ду, цу организацешна болх бар, ма-хуьллу, ца мегачу хьолан тIе даккха гIертар. Ур-атталла, кхин цунах гIуллакх ца хилла, болх дIатасарна тIекхаччалц. Леррина дина гIуллакх ду иза.
Цецволу хIума а дац иза, вуьшта-м. ХIунда аьлча, масала, пан президентана Кадыровна ца тов цара лелош дерг. ХIунда аьлча, цигахь хIинца а кегий нах лечкъа а беш, къайлабоху (къайлахчу ницкъаша). Царна тIехь къизаллаш лелайо. Уьш схьалург церан гергарчара даккхий ахчанаш ло. Нохчийчохь нуцькъала йолчу низамца йогIуш, ца йогIуш йолу, герз карахь долчу Iедалан структураша леладо иза. Юкъараллин цхьа а тIехьажар доцуш лелаш ю уьш.

Цхьайолу и Iедалх йозуш йоцу организацеш хьовсу мелла а цунна тIехьовса. Амма, кхеташ ма-хиллара, Нохчийчура Iедална иза ца тов. И низам федаралн тIегIанера делахь а - Москох кхолладелла ду иза - Нохчийчоьнан урхалло къобал а дина, тIеэцна иза. Цигахь болх бечу, Iедалх йозуш йоцчу организацешна герз санна дуьхьала даьккхина цара иза.

Маршо радио: ХIун белхаш беш ю таханлерчу дийнахь республикехь йисина гIо-накъосталлин организацеш? Бевзаш боцчу нехан декъий дIоьхкина кешнаш схьадастар дуй тидаме эцна?

Прохазкова: Наха цунах лаьцна дуьйцу. ХIунда аьлча цхьа моггIа доьзалша шайн гергарнаш лоьхуш бу, цу кешнашкахь карорах дог дохуш а бу. ТIепаза байначерийн гергарнаш а бу и кешнаш дастаро шайн стаг волу меттиг билгалъйоккхуш гIо дийр дара аьлла хеташ. Цхьаберш, шайн стаг вийний хууш бу, амма, билггал, муьлха коша чохь ву ца хаьа царна. Тхуна, масала, чехел а нохчашна чIогIа маьIне ду велларг, ша схьаваьллачу юьртара кешнашкахь, шен коша чохь дIаверзор.

Прохазкова Петрина Нохчийчохь бевзина хиллачу доьзалех цхьаннен хIусамехь

Прохазкова Петрина Нохчийчохь бевзина хиллачу доьзалех цхьаннен хIусамехь

Тайп-тайпанчу нахаца цунах лаьцна шортта къамелаш хилира сан. Иштта, аса къамел дира, Iедалх йозуш йоцчу, тIепаза байна нах лоьхучу организацин векалшца а. Дакъа хьенан хилла къасточу, Дон тIерачу Ростовехь йолчух тера лаборатори ян Iалашонца хаза нехан беш белхаш бу республикехь. ХIунда аьлча, хан иштта дIайодахь чIогIа хала хир ма ду дIадоьхкина декъий талла. Декъий меттахдаха мегаш доцуш хуьлу, дукхах хьолахь. Цхьа моггIа нахана хетарехь, хIинцале Нохчийчохь динчу дуккха а кхечу гIуллакхел а маьIне ду и тайпа лаборатори Нохчийчохь яр. Нах кхеташ бу и кешнаш даста ца лууш Москохара лакхарчу Iедалшкара нах буйла.

Царна ца лаьа бохуш дийцира соьга нохчаша, маса стаг Нохчийчохь вийна тIемаш боьлхуш. Уьш муха байина, муьлхачу хьелашкахь церан баларш нисделла. ТIемаш беш байина боцуш, тIе герзаш диттина байинчерийн терахь гIара ца даккха гIерта Москох, бахара цара соьга. Иштта, цигахь массарах а хьакхалуш а, массар а сагатдеш а долу хаттар ду иза. Официала кепара цунах лаьцна башха ца дуьйцу. Меттигерчу хаамийн гIирсашкахь Нохчийчохь декъий довзаран лаборатори йилла езарх лаьцна цхьа а хаам ца хезира суна.

Маршо радио: Хьо Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгара Кадыров Рамзанера интервью эца гIерташ яра. Амма цунах гIуллакх ца хилира. ХIун хаттарш дара ахьа цунна дала кечдина?

Прохазкова: Со цуьнга хIун хатта гIерташ яра аьлча, вайшимма дуьйцучун хьокъехь хаттарш дар-кх уьш. Масала, цунна хаьий, цхьа моггIа нах цхьа гIуллакх долор долуш бара. Амма цуьнан цIарах оцу нахана тIе герз карара нах а, Iедалан хьукхматашкара нах а лелий? Цара йохуш йолу кепекаш дIаийзайой?

ШолгIа хаттар, кхин дIа а Нохчийчохь ян билгалъяьхна инзаре яккхийчу проекташна ахчанаш стенгара даха воллу иза? ХIунда аьлча Москох тIаьхь-тIаьхьа дуьхьал ю Нохчийчу ахчанаш хьийсон. ХIинццалц хьовсийна ахчанаш тоьа аьлла хеташ ю. Соьлж-гIала вуно хьал долчу гIаланех тера ю тахана. Беккъа Нохчийчура белхахошкара оьцучу йолах чекх яхалур яц и проекташ.
Со хаттар гIерташ яра. Деккъа оьрсийн ахчанаш дарий Соьлж-гIала еш пайда эцнарш? Я, муха кхочу цунна, шен ден Ахьмат-Хьаьжа Кадыровн цIарахчу фонде ахчанаш?

ТIаьххьара сан хаттар - аса цуьнан зорбан-сервисе а дахьийтинера иза, цо суна цунна жоп ца делира - цуьнан шен доларчу ахчанца долу гIуллакх муха ду? ХIунда аьлча, иза Нохчийчоьнан куьйгалхо санна, нахана гуш волу стаг ву. Цундела цунна тIедогIу ахчанаш гуш хила дезаш дара. Официала кепара ду дера уьш. Амма, суна, масала, хаьа - аса цунах лаьцна яз а дина - кхузахь, Чехехь цуьнан говраш ю масех миллион доллар доккхуш йолу. Вуно хаза говраш ю уьш. Мимонь олучу меттехь говрийн божалшкахь кхобуш ю уьш. Амма цуьнан бахаман декларацин тIехь царах лаьцна хIумма а ца карийна суна. Оцу говрех дала ахча стенгара даьллера цунна? Оццул ахча муха каракхаьчна цунна?

Иштта, экономикица доьзна хаттарш дара сан цунна дала кечдина.
Долахь цхьа говр хилла ма ца Iа иза. Дуукха а миллионаш доккху масийтта говра ю цуьнан. КАдыровна гонаха хьийзачу ахчанийн хьостанах кхета лууш яра со. Цуьнан ден фондо болх муха бо хаа лууш а яра со. Оцу шен ден цIарахчу фондера ахчанех дика хIума а до цо. Аса и керста ца до. Миска, къанбеллачу нахана цIа-хIума ло цо. Я бераш дохуьйту аьхкенна тIехь садаIа. Я гIийла боллучу доьзална гIо до.

Проблема хIун ю аьлча, цу гIуллакхан цхьа а система яц. Цунна тIе мила, маца кхачалур ву бохучуьнца доьзна ду иза. Хьан, маца цуьнга и ситуаци юьйцур ю, бохучуьнца доьзна ма ду иза. Цигахь бан ма бу цуьнца зIене бовла а, тIекхача а цхьана кепара аьтто боцу доьзалш. Урхаллашкахула цунна тIе кхача ма ца ло! Цу кепара, Кадыровна ца хаара аьлла, къеллехь баха безаш бу. Ткъа иза вуон ду. ХIунда аьлча, массо хIуманах лаьцна сацам беш веккъа стаг ву, шен карахь инзаре боккха ницкъ болуш. Цуьнан карахь ду инзаре доккха ахча а. Юккъерчу бIешерашкара урхаллех тарло иза тIаккха. Европина дакъа лара мегар долчу Нохчийчохь долу и урхалла, таханлерчу дийнаца догIуш ма дац.

Маршо радио: Бухарчу бахархошца хIун тайпа къамелаш хилира хьан?

Прохазкова: Аса кхузахь ала деза, жимма къамел хиллачул тIаьхьа соьга цхьа моггIа наха, Европе дIабахрх лаьцна хаттарш делла хиларх. ХIун дан деза Европе кхача? ХIинццалц шайна дIадаха ца лаара. Амма хIинца шортта ойла йина шаьш, амма хIинца долу хьал дог дохийла доцуш ду. И ситуаци хийцалур йолуш яц. Дерриг дIа а тесна, дIагIур дара шаьш, бохуш бу уьш.
Алалур дац цу нахана тIебазбелла цхьа кхерам бу. Кхераме дерш а ба-м бу цигахь.

Нохчийчохь цхьаболчеран "дашо машенаш" бист кхаччалц бахамаш бу, вукхеран хIумма а яц. Ур-атталла, кхане а...

Нохчийчохь цхьаболчеран "дашо машенаш" бист кхаччалц бахамаш бу, вукхеран хIумма а яц. Ур-атталла, кхане а...

Дукхах болчеран дахарна кхерам бац. Цхьа а тайпа кхане яц цу нехан. Болх хир бу ала меттиг яц. Оцу нахана луург дукха хIума дац - массанхьа лелаш долу низам лелаш, бакъонаш йолуш йолчу пачхьалкхехь баха лаьа царна. Лелаш информаци ю нахана юкъахь мел ахча делча арахь лела паспорт эцало, ур-атталла, тIехь шенгенан виза а йолуш. Муьлхачу пачхьалкхе дIавахар гIоли ю. Тайп-тайпана дIатоьхна йозанаш ду цигахь пенашна тIехь. Масала, 60 эзар соьмех шенгенан виза йийр ю. Билггал маса стаг дIавоьду суна ца хаьа. Амма дIакхалха луучеран терахь боккъалла вуно доккха дуй-м хаьа суна.

Маршо радио: Экономица а, белхаш ца хиларца а доьзна ду бохуш бара уьш?

Прохазкова: Болх бацарца йоьзна проблема вуно-вуно йоккха ю. Массара а аьлча санна, цунах лаьцна дийцара соьга. ХIунда аьлча, Iаламат дукха бу цигахь болх боцурш. Коьртачу декъана, керла кхоьллина, къона доьзалш. Цхьана кепара баха хьовсу уьш. Ден-ненан а дола дар царна тIехь ду. Амма цIйнден болх ца хилча, боккха бала бу иза. Цхьана хьукхматехь болх ца карабо бохург а дац иза. Цунах кхеташ ду. Кадыровна гонаха воцчу стагана, цхьа ша-тайпанчу кланах боцчарна гIенах а гур бац Iедалан урхаллашкахь болх.
Министраллехь а, хьукхматехь болх царна хир бац. Дика ду.

Амма, цул а чIогIа дерг стенца ду аьлча, оцу нехан цхьа а хIара ду аьлла, совдегаралла лелон таро а ца хилар ду. Жима туька йиллина а, я, ур-атталла, ахча делахь а, цунах гIуллакх хир дац. Бензин духкуш йолу станци елла йиш а яц. Машенаш тоен я, юьлу меттиг схьаелла а йиш яц. ХIунда аьлча, уггар диканиг хьалхь, Iедалан цIарах хьукхаматера векалш богIур бу я карахь герз долу нах богIур бу. Царна Iедало схьаойоккхуш ерг йоцург, хьоьгара кхин а сА а еза. "Муьлаш бу и ахчанаш деха тIеоьхуш берш," - аьлла хаьттича, хIораммо а белаш саттайо. "Уьш" бу олу. И бохург, и нах Кадыровна уллера я цуьнан гIаролера, полицин дакъошкара бу. Массо а, цуьнан цIарца лелаш берш бу.

Я, и кхин а вуо ду, нагахь санна ахьа оцу "хаьржинчарна" (Кадыровн гонера) конкуренци хIоттаяхь, и хьан бизнес хIаллакьйийр ю. "Шуьгара латта схьадоккху" эр ду я, масаллина дуьйцур ду, "цхьаммо машенаш тоен меттиг схьайиллинера, буса иза ягийнера, иза маситтаза хилла" бохуш. Эххар а доьзал юхахьаболу. И тайпа масалш суна дукха хезира. Цара бакъдоцург дуьйцу хир ду аьлла, суна дага а ца догIу. Я, и саннарг цкъа бен ца хилла а эр дац аса. Халахеташ делахь а, иштта нисделла гIуллакх ду иза. "Хаьржинчеран кланехь" воцчунна, Кадыровн доьзало юкъаяьхначу бакъонашца вехаш вацахь, Нохчийчохь лортIехь вехийла дац. Ваха аьтто бац. Соьга хаьттича, уггар коьрта проблема и ю.

Маршо радио: Кадыров Ахьмат-Хьаьжин фондан балхах кхета лууш яра ша бохуш дийцира журналисто кхин дIа.

Прохазкова: Со кхетар а яра, тIом чекхбаьллачул тIаьхьа наха шайн лаамехь шайн пачхьалкх меттахIоттон ахча цхьана фонде ларах. Официала кепара а, цу фондо лелош дерг ма-дарра гуш а хилча, кхетар дара. Амма Нохчийчохь дерг ишта ма дац. ХIа, тIом чекхбаьлла, республика меттахIоттон ахчанаш вовшахтуху вай аьлча, цу гIуллакхана ахча хьовсон лууш берш хир бара.

Амма хIара кхин гIуллакх ду. Цу фонде доьдучу ахчанна деш хьесап дац. Совдегаршна а цу фонде ахчанаш дахкар тIедуьллу. Я, цу совдегарша шайца Iедалш дика хиларе сатуьйсуш, Кадырован фонде ахча ло. Шенна Кадыровна (Рамзанна) (деза) совгIаташ а ло. ТIаккха экономикан тIегIане хьаьжча, совдегаршна юкъахь конкуренци ца хуьлу, алсам ахча а делла, шена бизнес лелон аьтто эцар хуьлу.

Ма-дарра аьлча, кхеташ йолу бакъонаш яц кхузахь. Халахеташ делахь а, цу тIехь Кадырован доккха дакъа ду. Харцонан юьхьиг йолийнарг Кадыров ву. Еккъа харцо хилар а дац иза. Цхьана кепара аьтто хила таро а яц цигахь могIарерчу стеган. Аьтто болу нах а, цхьа а аьтто боцу нах а бу цигахь. Цкъа а мацца цунах бекхам хир бу. И кеп гуттар лаьттар ма яц.


Нохчийчохь массанхьа дIадиттина ду КадыровгIеран суьрташ

Нохчийчохь массанхьа дIадиттина ду КадыровгIеран суьрташ

Маршо радио: Соьлж-гIала дIакхаьчна уггар хьалха гуш ерг, зударийн духаран цIена нохчийн духаран кеп ца хилар ду, элира Прохазкова Петрас.

Прохазкова: Со цига дIакхаьчначу хьалхара дийнахь сан тидам хилира баккхийчу хийцамех. Ноъчийн зударий хьалха цкъа а ца леллера ишта, дерриг дегI хьулдеш духар доьхна. Кхузахь, масала, ПрахIехь санна, ах дегI гуш-м уьш цкъа а ца хиллера.

Дукха нохчийн зударий гира суна ОвхIан-пачхьалкхера овхIанхойн-зударий санна духар доьхна. Нохчийчохь хIинццалц леллачу гIиллакхашца коьрта йовлакх кхечу тайпана тиллара. Со цига европахойн духар доьхна яханера. Соьга цхьаммо хIума-м ца элира, амма урамехь со чIогIа къаьсташ яра. Цхьаболу кегий нах соьга реза боцуш схьахьежара, цхьаберш оьгIазе цхьаъ ала а хьовсара. Аьлча а, цхьа а оьшуш боцу тидам тIеозоран бахьана хилира сох.

Суна цунах цатам хилла ца Iаш, соьца цигахь леллачу нохчашна а новкъа дара иза. Царна а ца лаара керла тIебаьхкина журналисташ буйла сел дика гуш хилар. Цундела, оцу хьалхарчу дийнан делкъал тIаьхьа базар а яхана - и базар Кадыровн доьзалан долахь ю, цигахь массо хIума а ю я Кадыровн доьзалан долахь я цуьнан бевза-безачеран долахь - цигахь сайна коч а, йовлакх а эцна, и проблема дIаяьккхира аса. Цул тIаьхьа соьга цхьа а ца хьийжира. Иза гIоли дара цул хьалха хиллачул а.

Маршо радио: Кхечу, арахьара журналисташа олу, нохчийн зударийн духаран кеп хIинца Iаьрбийчух тера ю. Ахьа хIун эр дара?

Прохазкова: ХIаъ, оха цунах лаьцна дуккха зударшца дийцира. Цара соьга дийцира, цхьаннен хьесапехь "тоъал" тIе хIума йоьхна доцчу зудаберашна тIе басарш диттинера, басарийн тоьпашкара, бохуш. Вукху агIора, юьхь дIакъовла аьттехьа а йиш яц. Я чIениг къовла а мегар дац. Муха хила деза йовлакх? Массо мас гучуьра йоккхуш, доккха тиллина йовлакх хила деза. ЧIениг гуш юьтуш, лаг гучьра доккхуш, дIатиллина хила деза. Цул сов юьхь къайлаяккхар дихкина ду.

Цундела, зуда ларлуш хила еза и йовлакх шершина раз ца далийта. ХIунда аьлча, цхьаннена моттадала тарло, ахьа иза нийсачу кепехь ца тиллина. Со суо теш ца хилла цу тайпанчу хIуманна. Сан хенарчу зударша дийцира соьга, шайна ца тов и хIинцалера хьал, бохуш. Царна и гIулч нохчийн гIиллакхашна дуьхьал яьккхина го. Ишта аьлла хеташ со а ю. Шайн ненаноша а, церан наноша а ма-дехккара, доьхкуш хилла иза цара а. Ткъа хIинца царна тIеIаткъам бо, кхечу тайпа тилла бохуш. Ишта, вуьшта, развалахь, жоьпе оззол бахьана ду.

Цул сов, зударша хIинццалц шайн лаамехь туьллуш дара йовлакх. ХIинца иза тIдиллина ду. Културан ницкъ бар лору цара иза. Суна хетарехь, цхьа моггIа нохчийн зударшна боккъалла а ца деза иза.

Маршо радио: Арахьара Нохчийчу баханчу журналисташа тидаме оьцуш кхин боккха хийцам а бу. Нохчаша хIинца къамелаш ца до тIебаьхкинчу нахана.

Прохазкова: ХIаъ, хIаъ, дера ишта дан а ду иза. ТIемаш боьлхучу хенахь журналисташна кхераме делахь а, церан хьелаш чIогIа аттачу дахара цхьа тамашийна дегнаш диллина болу нохчаша. ЧIогIа тамашийна! Массара а шен хетарг алара маьршша. Нохчийн агIора ишта дан а дара иза. Цхьаммо а ойла ца йора, шайн дийцинчунна хIун тIаьхье хир ю бохучунна тIехь. Тахана иза нийсса пурхнехьа ду. Тахана наха цхьа дош алале, дикка ойла йо.


Нохчийчура маьждигехь хилира Чехин журналист Прохазкова Петра

Нохчийчура маьждигехь хилира Чехин журналист Прохазкова Петра

Кхеташ ма-хиллара, президентана Кадыров Рамзанна лер цигахь мегаш хIума дац. Вуьшта, ахьа цхьаннега дуьйцур дац, яздийр а дац аьлла, дош делча, хIораннена а латкъамаш бу бан. Къамел динчу стеган цIе къайлаяьккхиний бан яздан йиш яц цигархчу бахархоша аьлларг. ХIунда аьлча, цигарчу наха ма-аллара, стагана цунах боккха сингаттам хир бу. Кхеташ ду, дагахь доцуш, цIеххьана кара оццул ницкъ беанчу стагана критика яр, кхераме хIума дуйла. Оцу агIора дика болх ца балора цундела.

Маршо радио: Итт шарахь хийцаелла Соьлжа-гIала муха хийтира хьуна?

Прохазкова: Соьлж-гIалахь болчу хийцамашна со мелла а кийча яра. Оцу иттех шарахь аса уьйраш латтийнера сан цигахь болчу доттагIашца. Юкъараллин Беркат организацица цхьаьна цхьа кегий проекташ а ю цигахь. Со догдохуш яра Соьлж-гIала хийцаелла хиларх. Сан чIогIа цецъяьлла хирг хилар а лахдинера, хIунда аьлча, суна суьрташ гинера. Са а гатлора сан цу гIала яха. Итт шо хьалха сайн цигахь бевзина хилла нах ган лууш яра со чIогIа. 2001-чу шарахь цигахь боьдуш тIом бара. Цхьаннеца хала киртиг лайча я цхьана кхерам хьалха цхьаний лаьттина хилча, и тайпа хIума велла дIаваллалц, дагахь ма лаьтта. Оцу нахах баккхий доттагIий хьулу. Сан и тайпа доттагIий цигахь бу. Царах цхьаберш суна ганза чIогIа дукха хан яьллера. Уьш сайна юха а гарах самукъадьаллера сан. Белхан некъ хилла ца Iаш, сан дагалецамаш а бара уьш.

Маршо радио: ХIинца хьо санна, Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь белхаш бина, амма Оьрсийчоьно арабаьхна я чу ца буьтуш шортта хан яьлла журналистийн лаам буй Нохчийчу баха?

Прохазкова: Суна масех вевза. ОЬрсийчу бахар дихкина хилла масех журналист суна сайна вевзаш ву. Немцойн телевизионна болх беш хилла йолу Шатори Кристина, масала. Кавказехь дукха цхьанадетталора тхо. Нохчийчура тIамах лаьцна чIогIа дика книга язъйина йолу Шарлотта Голова а. Суна хетарехь, цхьаболчеран шайн бахьанаш ду цига леларан. ХIинца сан коллегаш маре бахана, церан кегий бераш ду. Къилбаседа Кавказ санна йолчу меттиге бахар башха хьекъале хIума хир дацара хIинца.

Цул сов, Оьрсийчоьна шаьш чу ца битича, цхьа-моггIа нах кхечу, девнаш долчу махкашка дIабирзира - ОвхIан пачхьалкхе, Иракъе а. Со ОвхIан-пачхьалкхе яхара. Цигахь суна дуьхьала кхийтира, Нохчийчохь бевзина арахьара журналисташ. Нохчийчоьнца кхин а гIуллакх хир долуш-м бара уьш. Амма, и конфликт мелла а йирзина хиларе терра, цига баха болу лаам ишта боккха бац. Герзаш детташ, жигара тIемаш боьлхучу меттигашкахь болх бан Iемина журналисташ Шема а, ОвхIан-пачхьалкхе а бахана.

Маршо радио: Нохчийчура тIемаш буьйлабелла дов дIадирзина аьлла хеташ бу уьш?

Прохазкова: Суна хетарехь, цигара дов къайлаяьккхинчу кепехь кхин дIа а йоьдуш ю. И бохург, цуьнан садукъийна бохург ду. Амма проблема хIун ю аьлча, дов долоран бахьана къаьстина дац. Къастийна а дац. Карарчу хенахь Нохчийчохь хуьлург тIом бу олийла дац. Оха Чехословакехь олуш ма-хиллара, хьал лортIедалор ду. Советан пачхьалкхан эскаро 1968-чу шарахь тхуна оккупаци йинчу хенахь.

Нах юхахьабевлла, дог диллина, кIадбелла бара. Шаьш режимана мел реза бацахь а, шайгахьа гIо даккха ницкъ бацара нехан. Кхин дIа а кара герз эцна тIом бар дуьйцучехь дацара. ХIунда аьлча, баханчу тIамехь вуно дукха ницкъ дIабаьллера. Жигара хьалханчаш я байъинера я, махкал арабеллера. ТIом Нохчийчохь бац. Амма цигахь нахана товш йоцу, "хьал лортIедалоран" режим ю. Цхьаболчарна иза товш ю, вукхарна иза кIезиг тайна.
XS
SM
MD
LG