ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

 Дадаевс шена ца вевзара боху Немцов


Дадаев Заур.
Дадаев Заур.

Политик Немцов Борис верна бехке лорчу «Север» батальонан эскархо хиллачу Дадаев Заура дIахьедар дина ша цу зуламанна декъа вац аьлла.

Москох тIеман гонан кхелехь шега хаттарш деш Дадаевс дIахьедар дира, шена ур аттала Немцов вевзаш а вацара, ткъа мукъарло деш ша дийцинарг Iаткъам бар бахьана долуш динера ша аьлла. Цунах лаьцна яздо «Медиазона» интернетан сайто.

Немцов Борис вийна 2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чу дийнахь. И зулам дина аьлла лаьцна ву кхин 5 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG