ТIекхочийла долу линкаш

Суьйлийн Рамазанах нохчийн Рамзан хир вац


Кадыров Рамзан а, Абдулатипов Рамазан а, Соьлж-ГIалаб 13Заз2013

Кадыров Рамзан а, Абдулатипов Рамазан а, Соьлж-ГIалаб 13Заз2013

Ханна Дагестанан президентан дарже хΙоттийначу Абдулатипов Рамазана луларчу мехкашца гергарло чΙагΙден программа Нохчийчу вахарца кхочушъян йолор ларамза дац аьлла хета тергамхошна. Цхьаболучара иза Кадыров Рамзан санна шога куьйгалла дΙакхехьа Ιемаш ву, боху. Кхечара иза аьттехьа а ца дуьту – цара чΙагΙдарехь, Абдулатипов Рамазан, Кремлана лиича а, хуьлийла дац шен балха тΙехь Кадыров Рамзанах тера.



Дагестаной, Нохчийчоьной экономикехь, культурехь вовшийн къаьмнаш герга дуьгу программа кечъян бартбина. Мохк меттахΙотторехь Кадыровс шегахь ΙаΙийна зеделларг довза лаьа шена, боху Абдулатиповс.

Абдулатипов: «Со Оьрсийчоьнан декъан куьйгалхочун даржехь сайн болх дΙаболош стаг ву. Со и болх бан безаш ву. Цундела Кадыров Рамзана аьлла хΙора а дош суна пайде дара. Со цул ханна маситтаза воккха велахь а, мохк меттахΙотторехь цуьнан алссам хаарш ду».

Къилбаседа Кавказерчу политикехь массарел а дика шех Кремль а, ша Кремлах а кхетарг, эксперташа дуьйцучуьнга ладоьгΙча, Кадыров Рамзан ву. Ткъа луларчу Дагестанан куьйгалхо Магомедов Мохьмадсалам хийцина, ГΙалгΙайчоьнан а, ГΙебарта-Балкхаройчоьнан а президенташ Евкуров Юнус-Беккий, Каноков Арсенний, тергамхошна хетарехь, кестта хуьйцур ву.

Кавказера политика дика евзаш а, Ιедалх йоцчу юкъараллаша Кавказан къаьмнийн Ассоциацин президент хаьржина а ву Маршо Радионо Абдулатиповн белхан хьалхарчу гΙулчех, цуьнан хиндолчух, цуьнгара Кремло доьхучух а лаьцна дийцар дехна Кутаев Руслан. Цунна хетарехь, Абдулатипов Рамазананан аьтто бер бац, Кадыров Рамзанан санна, ша халкъана шога гайта а, ницкъаца Дагестанехь Кремло йоьху къепе хΙоттон а.


Кавказан къаьмнийн Ассоциацин президента Кутаев Руслана къобалдо Дагестанан коьрте Абдулатипов хΙоттор. Амма цо Кремлана товччу кепара ша ца гайтарна а, и бахьанехь иза ханна хΙоттийнначуьра кхин даржехь чΙагΙ ца веш, дΙаваккхарна а кхоьру Кутаев.


Кутаев Русланна хетарехь, Нохчийчоьнна а оьшура бахархойн дегнаш а хьостуш, церан синмаршо юхаерзаен, махкахь адамийн вовшашка къинхетам гΙаттабен куьйгалхо.


Кавказан къаьмнийн ассоциацин президента Кутаев Руслана Абдулатипов Рамазан массо а агΙор къобалвеш вийцахь а, шайна дагестанхошна юкъахь алссам бу мехкан керлачу куьйгалхочун хьалхарчу гΙулчех шекберш. Делахь а, Абдулатиповх шайна беркат даларе сатуьйсу цара а, юьхьанца дуьйна цуьнгахьа болучу а бахархоша.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG