ТIекхочийла долу линкаш

Да, ваша, шича вер далхош Нохчийчу кхаьчна дагестанхо


Дагестан -Казбекан кIоштахь гулам, махкахь хьал эшна латаде бухабисина хьаькамаш а, лецна, ХIинжа-ГIалин мэр санна, беракеманашца Москох дIабигаре сатуьйсу наха, 26Тов2013

Дагестан -Казбекан кIоштахь гулам, махкахь хьал эшна латаде бухабисина хьаькамаш а, лецна, ХIинжа-ГIалин мэр санна, беракеманашца Москох дIабигаре сатуьйсу наха, 26Тов2013

Дагестанера яхархо Насибова Фариза, кхо шо хьалха шен ваша а, шича а, да а байинарш жоьпе озабайта гIерташ, Нохчийчу а кхаьчна. Массо а агIор орца дехча мукъане а гIуллакх хир дацара теша аьлла, еана ша боху цо Соьлж-ГIала.



Дерриг а дуьне доьлла Къилбаседа Кавказехь нах бойуш хиларх. Моьттуш хир ду, кавказхойн наноша леррина оцунна бен уьш беш а бац. Цхьана агIор, Iожаллин зил, шек а боцуш, хадабо цхьаболучара, шаьш юьхьарлаьцначу некъа тIера ца бовлуш, кхиберш - адамийн синош а, догIамаш а хьоьшуш, чалтачаш хилла хьийза.

Кизил-юьртан кIоштахь НасибовгIеран доьзалера кхо стаг - дай, кIанттий, шичий виина мьулш бу ца хуучу герзхоша.

Кхо шо сов ду Насибова Фариза шен да а, ваша а, девешин воI а байинарш жоьпе озабайта гIерташ лела. Нийсо лаха араяьллачу цунна, мехкан доза а новкъа дац. Орца лохуш иза Нохчийчу а кхаьчна. Маршо Радиога цо дийцира шайна тIебеъначу бохамах лаьцна.

Насибова: «Сан да а, ваша а, шича а вийна. Махкарчу газето яздира, сан ши ваша бехк боцуш вийна, рогΙераниг мила ву, аьлла. Сан дена кхерамаш тийсира, цьунга и талламаш сацабайта. Диъ де далале иза вийра. Сан да ХΙинжа-гIала воьдуш хилла, шеца сан нана а , йиша а йолуш, цхьана тезета. Машен сацийна блок-постехь, паспорташка хьажа. Кехаташ дIа а делла, цаьрга хьожуш Iаш, дуьхьал баьхкина, уьш дIа а эцна, иза вен а вийна, дIабахна уьш. Кхоъ хилла, туьтмIаьжигаш а йоьхна, Iаьржа «Приора» машенца».

Бехк боцу шен кIант а, вешийн кIант а вийнарш жоьпе озабайта араваьлла хилла Насибов IабдулIазим. Амма и таллам гена балале воккха стаг а вийна иштта бевзаш боцчу наха.

Насибова: «УАЗ машен чуьра герз а диттина вийна ваший, шичий. ГIагIадиллина хилла машен. Тхан ненан бΙаьргашна хьалха хилла иза. Луларчу берашна а гина. Тхан да и талла араваьллера. Цуьнга дукха баьхна хилла, саца, хIунда оьшу хьуна, хилларг хилла даьлла, бохуш. Амма цо ша соцур вац аьллера. ЦIа а веана, цо тхоьга дийцира, шена кхерамаш туьйсу, аьлла. Тхан нанас а аьллера дуьтур дац. Цул тIаьхьа диъ де даьлча иза вийра».

ХIинца нийсо лаха араяьллачу Насибова Фаризин шеко яц, герз диттина, шича а, ваша а, да а байинарш полисхой хиллийла.

Насибова: «ХIинца суна Абдулатипов Рамазанехула нийсоне кхача лаьа. Цуьнга дехар дан йоллу со, сан вежарий а, да а байинарш жоьпе озабе аьлла. Тхуна хууш яц лоьмарш. Амма тхуна билгала хаьа, уьш полицин белхахой хилла. Уьш лулахошна а гина. Кизил-юртахь, цераниг санна ши машен бен ма яц. Мила хир ву кхин, ишштачу машенашца лелаш, уьш боцурш? Ваша цхьана а террористашца а уьйраш йолуш вацара. Иза даре дан а йиш ю сан. Иза спортсмен вара. ХIинжа-гIалахь экономист доьшуш а вара иза».

Фаризас бахарехь, Дагестанехь кегийнахана тIехь иштта Iазап латтош хиларх юккъаралла йоьлла хIума ду. Кегийрхой боккхачу баланехь бохку, элира цо.

Мехкан куьйгалхочуьнга Абдулатипов Рамазане Дагестанера хьал тодалур ду аьлла, жимма дегайовхо ю Насибова Фаризехь.

Насибова: «Сатийсам бу дера. ХIунда ца хуьлуш бу. Иза а бусулба стаг ма ву. Дика адам а ду. Сан дена иза вевзуш а вара. Цуьнца гергарло лелийна цо. Цунна дагаван а мега сан да. Иза тIехь волуш сурт а дара тхан. Муьлха харжамаш бара ца хаьа, амма сан дена иза чекхавалийта лаьара».
XS
SM
MD
LG