ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аьтто беррий те Абдулатипов Рамазанан Геракл хила?


Таджикистан -- Абдулатипов Рамазан,Оьрсийчоьнан Такжикистанехь векал волчу заманахь, 11Лах2008
Таджикистан -- Абдулатипов Рамазан,Оьрсийчоьнан Такжикистанехь векал волчу заманахь, 11Лах2008

Кху деношкахь ша тайпа мур лаьттира Дагестанан куьйгалхочунна гонаха. ХΙинццалц оцу даржехь Ιийна Магомедов Мохьмадсалам дΙавоккхуш ву балхара, цуьнан метте кхин хIоттош ву Кремло, бохуш, даржадора журналисташа. Амма Кремло, аьлча а, президентан Путин Владимиран пресс-секретара Песков Дмитрийс, иза бакъдац, олий, дацаре дора и къамелаш. Делахь а, хийцамаш бина чекхбаьхна Оьрсийчоьнан президента. Магомедовн метта ханна хΙоттийна гоьваллла политик-суьйли Абдулатипов Рамазан.



Ιедалан аппараташкара ловзарш даима а хуьлура Оьрсийчохь шашаха мекара а, лахахь веха вахархо Кремлах кхетар воцуш а. Ткъа Магомедов Мохьмадсалам Дагестанан урхаллера дΙататтар шен хьесапехь хΙиллан гура лаьцна хиллера Путин Владимира.

«ХΙан-хΙа, иза аьттехьа а дац, Москох Магомедов веънехь а, иза тΙеэца язвина а вац Владимира Владимировича, ткъа рогΙе язвича бен а ца оьцу цо стаг шена тΙе», -бохура Песков Дмитрийс, Кремлан пресс-буьйранчо, юх-юха а даьржий кхочучу эладитанашна дуьхьал, чΙиркъе а вуьйлуш.

Амма хΙинца дΙанисделла дерриг а шен-шен хорша – Магомедов Мохьмадасалам вохийна, аьлча а, хийцина даржехь, цуьнга, иза бахьанехь белхалойн штаташ дΙаса а шорйина, Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочун гΙовсан кΙант а луш. Хууш ма-хиллара, Путинан амалехь дац, цо шена муьтахь йолчу хьаькамийн тобанерчу нахе шена вас йойтуш, уьш байлахь буьтуш – цхьанхьара куьйгалхо вохийна олий а доккхий, цунна кхечу меттехь хьалхачул а тоьлла меттиг кхачош Ιедал ду пачхьалкхан ден.
...Амма иза-м кхин тема ю. Вай юьйцург Дагестан ю.

БΙе шарал а веха, хьоьгуш, хьежна, шен даймахкана пайде хила лууш, Абдулатипов Рамазан шега хΙинцца бен кхачош а доцчу дарже.

Мила ву Абдулатипов? Иза мила вац ала ду кхин а атта.

Поэт, прозаик, фольклорист, политолог-комментатор ву ала бакъо йоллуш байташ, дийцарш, афоризмаш язйина, теле-радио-зорбан тидарш дина цо вуно дукха. Лаккхарчу тΙегΙанара дипломат – Таджикистанехь Оьрсийчоьнан векал Ιийра иза массех шарахь. Кремлан а, цунна гонахарчу а институташна къаьмнех зераш даран эксперт-говзанча – Къаьмнийн гΙуллакхийн министр а Ιийна иза и тайпа министралла йолуш.

Дашца аьлча, шеко а йоцуш, лаккхара корматалла а, Ιилма а, гΙиллакх-оьздангалла а йолуш стаг ву Абдулатипов.

Амма эхаза, эвхьаза, бΙостане хеталур долуш ду, баккъала а ойла йича, хΙутту хаттар. Ша Абдулатипов-м мага а там бара дагестанхошна, ткъа оьший-те Кремлана цо ша балха тΙ а кхачале дийр ду бохург. Ша оьздангаллица, нехам ларам шегахьа ΙаΙорца, махкахь барт ма-хуьллу барца чекхвала хьожур ву, Дагестанна уггаре хьалха оьшу кху муьрехь ши хΙума – барттий, коррупцех иза паргΙатъяккхаррий, боху Абдулатиповс.

Ткъа дела денна Ιедалан цΙарх, мостагΙий а бина, бусулба нах бу Дагестанехь, гонаха а санна, бойъуш. Уьш байъар тΙедуьллуш ду Кремло Кавказерчу массо а куьйгалхошна. Ткъа и ца дина, мел гена дΙаваха воллу Абдулатипов? Иза кхеташ дац.

Маршо Радионо кхин а дуьйцур ду Дагестанан керлачу куьйгалхочунна, аьлча а, цкъачунна, ханна цуьнан дарже хΙоттийначу Абдулатиповн бовлучу аьттонех лаьцна.

МаьΙне ду хийцамах лаьцна дагестанхочуьнга дийцийтича. Уладиев Сулиманна дика евза ша веха Дагестан а, цигара хьелаш а – иза дуккха а Ιийна массо а тΙегΙанарчу депутаташлахь, хьакамаллашкахь.

Уладиев: «Ιалашонаш цуьнга Дагестанан халкъана тΙе а тевжаш бен кхочуш ялур ю. ЦΙеначу, оьздачу, похΙмаллечу, къоначу, тешамечу, хьакъдоллучу дагестанхошна тΙе товжахь. Иштанаш бац бохург бакъ дац. Бакъду, хΙинццалц куьйгаллехь Ιийначара дерриг а дина иштанаш ма-хуьллу кΙезиг хилийта, цара уьш байъина, Ιедале ца битина, гена дΙасалаьхкина. ДуьнентΙехь шаьш уггаре дика хьакамаш ду бохуш халкъ тешон а тΙехь гΙерташ. Уьш моттаргΙанаш ю, оцу пуьташца дерг а чекхдаккха деза. Цундела Дагестан шатайпа Авгин-паччхьан говрийн гота ю , иза кхаьллех дΙацΙанъеш цхьа Геракл бен а ларалур вац».

Эрна дац политик, Дагестанера жигархо Уладиев Сулиман Абдулатипов Рамазанан баьнболчу аьттонех вагар. Махкахь кΙезиг Ιийна ХΙинжа-ГΙалин бΙаьргаш чохь Москохара ваийтина ларалуш волу и хьаькам. Цунна ца евза бухахь вовшахъеттаелла ондда ницкъ болу тобанаш, цаьргара гΙо хир ду ала а дац, нагахь Абдулатипов коррупцица баккъала а къовсавала валлахь.

Бакъду, Путин Владимир ву цуьнгахьа, ву цкъачунна, цо муха болабо шен некъ хаъалц йолчу ханна. Масала, цунна Абдулатиповс вовзийтира, хьийхира шийтта шо хьалха луларчу Нохчийчохь тΙом болабелча и мохк Кремлана мутахь бен болу стаг – Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. И стаг карор боккха кхиам а бара. И санна боккха кхиам Дагестанехь а баккха безар бу. Амма баккха безар бу иза Абдулатиповн шен, аьттонаш беш цунна ала а дац мила хир ву.

Цундела ван а ву Абдулатипов ханна хΙоттош хьаькам. КхиндΙа хиндерг цуьнга шега хьаьжжина, йохучу гΙулчашка, карочу юкъарлонашка, махкахошка буьйцучу матте хьаьжжина хир ду. Ткъа уггаре коьртаниг – Кремлана товччу кепара махкарчу гΙаттамхошца къийсавала дезар ду цуьнан...

XS
SM
MD
LG