ТIекхочийла долу линкаш

Дагестанехь ловзаран кеп ца тайна полицина


Дагестан -- Дагестанехь ловзаран кеп ца тайна полицина, 27Охан2013

Дагестан -- Дагестанехь ловзаран кеп ца тайна полицина, 27Охан2013

Оьрсийчохь йихкина йолчу "Хьизб ут-ТахIрир аль-Ислами" олучу партин декъашхой лаьца шаьш аьлла дIахьедар дира даханчу Шоьтан дийнахь Дагестанерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векалша. Царах веанна бехке дуьллуш ду полисхошна дуьхьало ян гIортар.

Амма «Кавказский узел» интернет агенталло дийцарехь, полицин белхахоша йиттина зуда ялош богIуш болчу нахана цара, исламан байракхаш айина аьлла.

ГIизлар-гIала нускал эцна боьлхуш болу нах совцийнера полицин белхахоша Шоьтан дийнахь сарахь 5 сахьт долуш. Оццу хенахь Оьрсийчурча ИТАР-ТАСС агенталло, полицин хьосташна тIе а тевжаш, хаам бира: 10 машенахь вогIуш хилла 22 стаг, шайна юкъахь зударий а, бераш а долуш, исламан симболш тIехь йолу Iаьржа а, къайн а ши метр шуьйра шайн организацин байракхаш а айина, гIала баха гIоьртинера, цуьнан урамашкахь авторалли ян аьлла.

Амма, агенталло чIагIдарехь, полицин белхахоша, машенаш совца а йина, цу чохь хилла нах дIалецира. Оццу хаамца, тIаьхьо бераш а, зударий а дIахецна. 4 стага, шайна юкъахь йихкина йолчу тобан лидер Карташов а волуш, дуьхьало йина полицин белхахошна. ИТАР-ТАСС дийцарехь, цу нахе бехк кховдийна Iедалан векалшна тIехь ницкъ барна.

Амма кхин верси ю «Кавказский узел» интернет агенталло къамел динчу нехан. Цара дийцарехь, нускал далош йогIуш йолу ковр сацийна полицино ГIизлар-гIалин йистехь, машенашна тIехь исламан симболш ю аьлла.

Исламан байракхаш дIаяха аьлла полисхочо. Ткъа зуда ялош богIучу нахана юкъахь волчу «Нийсонехьа болчеран кхеташо» цIе йолчу организацин декъашхочо Карташов Мохьмад къовса волаевлла полисхошца, шаьш низам дохош дац аьлла.
Цул тIаьхьа полицин белхахоша йиттина цунна а, кхин болчу ловзарга боьлхуш болчу нахана а. Агенталло дийцарехь, дIалийцинчарна юкъахь ву къона доьзал кхуллуш хилла волу Закарьяев Тимур а.

Дагестанерчу низамашлардон органаша дIахьедарш до, Карташов масийттоза административан жоьпе озийна ву, ХIинжа-гIалахь бакъо елла йоцу акциш вовшахтохарна бохуш. Цара чIагIдарехь, лаьцначарна юкъахь бу цхьацца тIеман операцеш дIхьош байина болчу Дагестанерчу тIемалойн гергара нах.

Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан информацин а, юкъараллаца зIе латторан а декъан куьйгалхочо Убайдатова Фатимас бинчу хаамца, карарчу хенахь дIалаьцна латтош ву 4 стаг. Цо чIагIдарехь, ловзарга боьлхуш болчу наха дуьхьало йина полицин белхахошна.

Убайдатовас чIагIдарехь, исламан байракхаш айар юкъараллан къепе йохор ду. Амма зорбанан гIирсаш дийцарехь, цуьнга дийца ца делира муха доха до айинчу байракхо пачхьалкхан низам бохург.





Зуда ялош богIуш хиллачу наха низам цхьана а кепара дохийна дац аьлла хета адвокатана Хириев ГIезамохьмадана. «Оьрсийчохь йихкина нацистийн симболш бен яц, цундела олийла дац, исламан байракхаш лелор, иза миччахь а дичи а, низам дохор ду"-, элира адвокато ша Кавказский узел» агенталлана еллачу интервьюхь.

Дагестанан талламан комитетан векло Темирбеков Расула дIахьедар дина, лаьцна волчу 4 стаганна хIоранна пхиппа шераш хенаш тоха мегаш ю аьлла. «Цу тобанан лидеро а, кхин а кхаа стага а полисхошна йиттина» бохуш чIагIдо талламхочо.

Ткъа хIун ду билггал хилларг? Цуьнах лаьцна оццу «Кавказский узел» сайт тIехь тоьшаллаш до ловзаргахь хиллачу 15 шо долчу Разаков Iелас.

Цо дийцарехь, зуда ялош вовшахкхеттарг хилла 60 гергга стаг. ГIизларна генайоцуш йолчу «Медведь» кафехь хIума кхоллуш а Iийна, уьш гIала боьлхуш хилла, корех ара исламан байракхаш а яьхна. Сарахь 4 даьлча ковра кхаьчна гIалин йистехь йолчу полицин посте. Цигахь уьш совцийна, байракхаш дIаяха аьлла тIехIоьттинчу полицин белхахочо.

Эццахь хилла ловзаран хьешийн а, полицин белхахойн а тсабалар.
Ирх герзаш а детташ, ловзаран декъашхой схь а луьйцуш шайн машенаш чу а кхуьссуш жигар хьийзира полисхой, бохуш дуьйцу Разаков Iелас.

Дагестанан бахархоша а, интернетехь а шуьйра дийцаре деш ду хилларг. Цхьаболчара емал бо исламан байракхаш айина болу нах, полисхой карзах баха гIертарна. Вукхара хоьтту. Ишта а лортIехь хьал доцучу республикехь, хIунда леладо полицино ца лелийча а мегар долу хIуманаш? Iедалша бахархой дуьхьал хIунда боху шайна?.

Кхин цхьа хIума а ду. Кхеташ дац муьлхачу билгалонашца хиина полицин белхахошна ловзаргахь дакъалоцурш "Хьизб ут-ТахIрир аль-Ислами" олучу исламан партин жигархой хилар. Нохчийчохь баш хьехош хезна а йоцу и парти кхоьллина 1953-чу шарахь Малхбалерчу Байталкъуддусехь. 2003-чу шарахь Чиллан-беттан 14-чу дийнахь и вовшахтохаралла терроран ю аьлла сацам бира Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело.
XS
SM
MD
LG