ТIекхочийла долу линкаш

Пхи Полисхо а Вуьйш, Зуда Иккхина Дагестанехь


Дагестан --Зуда-шахIид икккхина меттиг, Карабудахкент, 07Заз12

Дагестан --Зуда-шахIид икккхина меттиг, Карабудахкент, 07Заз12

Дагестанерчу Карабудахкентехь полицин гIаролехь эккхийтар дина меттигерчу зудчо, ша а леш. Пхи полисхо велла, чевнаш хилла церан цхьана накъостна а, цхьана могIарчу вахархочунна а. Зударий оцу кепехь лелхар Нохчийчохь дижинехь а, даьржина лела хIинца а Дагестанехь.


Дагестанан талламан комитето бинчу къастамо гайтарехь, иккхинарг ю Ибрагимова Аминат. 25 шо долу жима зуда. Иза кхо кIира хьалха Карабудахкентан кIоштарчу Харбук-юьртахь вийначу Дагестанерчу тIемалойн хьалханчин Даудов ИбрахIим-Халилан нус, циггахь кхелхинчу цуьнан кIентан Мохьмад-Хьабибан зуда ю, цхьана хьостанаша бахарехь, кхечара дийцарехь, ДаудовгIаьрца цхьаьна вийначу Загиров Зовран хIусамнана ю.

Некъ ларбечу полисхойн ханна тIе а яхана, царех пхи стаг а вуьйш, эккхийтина цо шен дегIаца хилла ши кийла тротилах юьйлина коьчал. Бахьана ду, гарехь, Iедалша вийначу шен майрачух чIир эцар.

Карабудахкентехь динчу эккхийтарна гонаха къамел хилира тхан Маршо Радион суьйлин редакцин корреспондентца Магамедов Закирца. Цо карладаьккхира, хIинца иккхина йолу Ибрагимова Аминат, шаьш-шайн а лоьлхуьйтуш, полисхойн синош дIадаьхьначу зударех тIаьххьарчу шарахь цхьаъ ца хилар.

Магомедов: «Уггаре гIарадаьллачех дара стохка зуда Раздобудько эккхар, дашна ала, цуьнан майра а иккхира хIетахь, оццу Карабудахкентан кIоштахь дара иза».

Лелхийтарш а, тIемаш а уггаре дукха лаьттачех ю Дагестанехь тIаьххьарчу хенахь Карабудахкентан къошт. Цуьнан бахьана, Магомедов Закирна хетарехь, дозу бухарчу бахархойн дахаре а, цуьнан маьIане а болчу хьажамашца а.

Магомедов: «Губден уггаре а радикалехьа йолчу яртех ларало Дагестанехь. Къезиг зудабераш лела ишколашка, институташка а ца боьлху. Оцу юьртахь цхьа а культуран цIа а дац».

ХIун бахьана ду Дагестанехь дуккха а кегийрхой тIемалойх дIабеттабалар, герз а карахь Iедалца лета хIиттар бохург а дийцаре дира оха суьйлийн журналистца. Бахьанаш, гарехь, Нохчийчохь тергамхошна гурраш ду.

Магомедов: «Дукха хIуманаш ду – адамийн бакъонаш талхор, нахалахь дуьйцу, тIемалой алссам хилар Дагестанан хьакамашна оьшуш ду бохуш, цаьргахула цара шайн дуккха а гIуллакхаш кхочуш до. Изза мехкдаьтта лечкъор, тIемалой бехке а беш. Ницкъахошна а ду ,бохуш дуьйцу, тIемалой хилар пайде – цхьана сохьтехь леринчу операцехь Iийначу полисхочунна даккхий ахчанаш ло».

Дагестан, хууш ма-хиллара, тIаьххьарчу хенахь массарел а дукха полисхой а, хьаькамаш а тIемалойн карах лен мохк бу Къилбаседа Кавказехь. Оцу хьоло бахархой кхерамехь кхобий, сингаттамехь латтабой а хаьттира оха Дагестанерчу тхайн накъосте.

Магомедов: «Кхерам бац, амма кхераме ду нах боьлла хилар. Суна-м хаац, лартIехь верг, тоьпан тата хезча, гена волу, ткъа кхузахь иза хеззначе, лерина операци йоьддуче дIахьолху нах. Цига а кхочий, телефон тIе суьрташ дохуш а Iа цхьаберш, накъосташна хьалха хестало тIаьхьо. Бен-башха-м дац нахана, боьлла-кх».

ТIаьххьарчу кIиранах 14 вахархо вийна Дагестанехь. 11 царех полисхо ву, 3 - Iедалхо. И тайпа терахьаш могIара статистика а хилла лаьтта оцу махкахь дукха хенахь дуьйна.

Хьал, хIуъа дина а, хийцалург дан дезара, бохуш хеза, дагестанхошкара. Ткъа Iедална гуш бац цкъачунна цхьа некъ бен – шегара ницкъ гайтар. Дац аьлла хета хьакамашна тIемалошца дийцаре дан хIумма а. Ткъа кхин некъ Iедалшна ца гаро тIех гена баькххина боьдуш бу Дагестанехь Iедалашний, тIемалошний юкъахь баккъала а болу тIом.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG