ТIекхочийла долу линкаш

ДАIИШ тобанах дIакхеттачу казахо, сурташ а дохуш, дагийна шен паспорт


 ДАIИШ тобанах дIакхетта казах, хетарехь, гIиргIизойн берашца.

ДАIИШ тобанах дIакхетта казах, хетарехь, гIиргIизойн берашца.

Казахстанера Артем ву ша бохучу «Исламан пачхьалкх» тобанан декъашхочо, сурташ а дохуш, дагийна шен паспорт. И сурташ цо зорбане даьхна «ВКонтакте» олучу социалан машанан агIон тIехь.

Артем бохучу жимачу стага дийцарехь, иза цIера Атырау гIалара ву. Цуьнан «ВКонтакте» олучу социалан машанехь йолу агIо дIачIегIира долахоша Мангал-беттан 13-чу дийнахь. Амма Артема схьайиллира шена кхин агIо. Цу тIехь цо яздо шен 30 шо а ду, ша Мосулехь вехаш а ву бохуш.

Кху беттан 2-чу дийнахь цо зорбане даьккхинчу сурт тIехь Артем гойтуш ву сийна паспорт. Цуьнан мужултана тIехь яздина ду «Республика Казахстан». Цу стага "ВКонтакте" машанехь дIахIиттийначу сурташ тIехь гуш ду цо цкъа дуьххьара, тIе ког а баьккхина, паспорт датIош а, эххаре а иза дагош а.

«Ва, тагут, ас даиман а йити хьо. ХIинца сан сайн пачхьалкх ю. "Исламан пачхьалкх", - яздина Артема сурташна къелла. Цо чIагIдарехь, Иракъехь иза вехаш ву шен шина бераца. Цуьнан кIант а, йоI а ду, гарехь, итт шо а кхачанза. Мангал-беттан 13-чу дийнахь цо Iора даьхначу сурташна кIеллахь цо яхдина ша уьш кхиор ду бусулба динехь Исламан пачхьалкхехь аьлла.

«Исламан пачхьалкх», ДАIИШ шех олучу тобано дIалаьцначу Иракъан а, Шеман а территореш тIехь казахаш бу бохург хьехор ца тов Казахстанан Iедалшна. Казахстанан кхерамазаллин сервисан белхахой саготта бу интернетехула шайн махкахой экстремистийн тобанашна юкъаийзош хиларна.

Казахстанан къоман кхерамазаллин комитетан куьйгалхочо Абыкаев Нуртайс дийцарехь, тIахьарчу хенахь алсамдаьлла "Исламан пачхьалкх" тобан векалша интернетехула казахаш шайн могIаршка кхуьйкхуш пропаганда яр а, махка къайлаха Iедало экстремистийн ю аьлла билгалбяьккхига литература чукхехьар а.

Казахстанан Iедалша даре до шан «Исламан пачхьалкх» тобанца йоьзна проблема хилар. Амма цу юкъахь болчу шайн махкахойн терахь дуккха а лахара ду Малхбузерчу хьосташа далочарелла а бохуш чIагIдо цара.

Абыкаев Нуртайс Мангал-беттан 29-чу дийнахь цу проблемина хьажийначу конференцехь элира, Казахстанера вахана 150 гергга стаг ву "Исламан пачхьалкх" олучу тобанан могIаршкахь аьлла. Царца цхьаьна бу церан зударий а, бераш а, тIера хIусамдай дIабевлла бисина зударий а – верриг а 200 сов стаг.

Iамеркин Контртерронан центро бинчу хаамцА, «Исламан пачхьалкх» олучу тобано шена юкъаозийна Таджикистанера а, ГIиргIизойчура а бIеннаш кегийрхой а, ткъа иштта эзар сов Казахстанан махкахо а.

XS
SM
MD
LG