ТIекхочийла долу линкаш

ДАIИШ-н чалтач ву Британино сагIа луш кхаьбна стаг


Шема - ДжихIади Джон.

Шема - ДжихIади Джон.

Британера къайлаха сервисаш тIаьхьакхиина, масех де хьалха юхь тIе тутмIаьжг йоьллина, пхи стаг вуьйчу видео тIера даIишхо мила ву.

Джихади Джон аьлла цIе тиллинера хаамийн гIирсаша ДаIиш тобано йохучу нахана арсаш хьоькхучу видеогайтамашна тIехь доккхачу декъехь чаьлтачан ролехь гIарваьлла хиллачу цхьана жимчу стагана. Цуо ингалс мотт британхойн акцентаца бийцарна сихха билгалделира, иза цу махкара Шема баханчех цхьаъ хилар.

Адаман озана анализ ечу леринчу гIирсийн гIоьнца Лондонерчу къайлахчу сервисашна дукха хан ца ийшира, и къизаллийца лийцинчу тутмакхаш байъарца гIараваьлла волу жимстаг мила ву къастон. 26 шо долу Эмвази Мухьаммад хиллера иза, Кувейтера шен доьзалца бер долуш Лондоне ваха схьавеъна волу.

Иза а, цуьнан доьзал социалан гIоьнах, аьлча а, пачхьалкхан чотах бехаш хиларна, мел кIезга а, 400 эзар фунт стерлинг, я ах миллион сов доллар дайъина хилла Британин Iедалша и нах кхабарна. Амма хIетте а, ша кхиинчу, ша тIеэцначу пачхьалкхе гамо, цу пачхьалкхана бехк боцу нах байъарца мукъане а хIуьттаро ян лаар, тIамарах доьлла хилла цунна.

И стаг, самукъадаларца гIоррасизчу нехан логах урс хьакхар чуьрк ер санна а ца хеташ волу, 20I3-чу шарахь дуьйна хиллера Шемахь, цигахь дукхахан ялале ДаIишан коьрта чаьлтача санна гIар а волуш.

Ала догIу, Джихади Джона шен сонта къамелаш шен бакъйолу цIе къайлахчу сервисашна гучуяллалца бен ца дира - цул тIаьхьа кхин цхьанна а видео тIехь гучу ца велира и стаг, ткъа дукха хан ялале Iамеркахойн Iедалхоша хаам баржийра, ракеташ тоьхна, Джихади Джон вийна аьлла.

Амма цуьнан меттиг дIалаца стаг ДаIишна сихха карийначух тера ду. Кху деношкахь цу ша шех Исламан пачхьалкхе олучу террорхойн тобано арахецна рогIера видео, британхойн акцент йолчу цхьана кхечу жимчу стаго пхи тутмакх вуьйш гойтуш йолу.

И тутмакхш Британин айкханчаш бу бохуш чIагIдеш ша дечу къамелехь цуо кхерамаш туьйсу Лондонерчу урхаллина а, премьер-министр Кемерон Девидна а. И стаг мила ву хаа масех де а ца ийшира ингалсхойн къайлахчу сервисашна – Лондонехь кхиина волу индхо Дхар Сиддхартхе хилла иза, индуизмера бусулба дине вирзина волу.

ДаIишан чаьлтачийн леларш тергал деш тидам хуьлу, къаьстина дукха хан йоцуш бусулба дине бирзина болу нах, я шайн доллучу дахарехь динца ца догIу маьттаза хIумнаш лелош хилларш йоццачу хенахь цхьа ша кепара индоктринацин новкъа а бовлий, уггаре а шога а, уггаре а маьттаза къизаллаш лелош берш хилар.

Иштта дара, доллучу дахарехь наркотикех, къаьркъех, боьха мотт буьйцу рэп-эшарех бен са мукъа ца долуш леллачу немцочунна Кусперт Денисан масала а. Дин девзинчул тIаьхьа ДаIишах дIакхетта волу иза уггаре а къизачех чаьлтача санна вуьйцура цуьнан карах хилла, цхьаьна тамашенца кIелхьарабовлла кадаьллачара.

Бутт хьалха Нохчийчохь кхиина хилла волу Юдин Евгений, я Хасиев Мохьмад, урс хьаькхна вийнарг а вара им диллина стаг, Сибрехара оьрси Землянка Анатолий, 20I3-чу шарахь дуьйна Шемахь волу. Оьрсийчоьнна кхерамаш туьйсучу Землянкас чIагIдо, шена хьалха горлаьтташ волу Юдин - Хасиев оьрсийн шпион ву, бохуш. Кхин дIа болчу ДаIишна чаьлтачашца цуьнан юкъара дерг къизаллий, ша вен кечвинарг айкханча ву бохуш чIагIдарий ду.

Политолог Чапханов Русланна хетарехь, айкханчаш а, шпионаш а массо а тIамехь хуьлуш бу. Ткъа Шемахь санна тамашийначу, массо а массарна а дуьхьал къуьйсучу тIемашкахь уьш ца хуьлийла а дац. Амма бакъболу шпионаш царех муьлхарниш бу къасто хала ду, ткъа ДаIишо шаьш вен кечвийнарг айкханча ву олуш хиларна цунах тоьшийла данне а дац.

Чапханов Руслан: „Шемахь хIора а йоккхачу пачхьалкхан, Британин белахь а, Оьрсийчоьнан белахь а, Iамеркин я Iарбойн пачхьалкхийн белахь а, шайн агенташ а, къайлаха белхалой а хир бу, ца хилча йиш а яц, хIунда аьлча, дуккхаъчу яккхийчу пачхьалкхийн геополитикан интересаш йолуш меттиг ю иза, цигахула кхечу пачхьалкхашна тIеIаткъам бан шайн йиш хир ю аьлла теша уьш“.

Цу юкъана Британера къайлаха сервисаша пхи британхо вийна чаьлтача Дхар Сиддхартхе волу меттиг билгалйаккхарехь къахьоьгуш ю. Хетарехь, иза церан дан сихонца кадалахь, шел хьалха ДаIишехь британхой байъарна жоьпаллехь хиллачу Джихади Джонан санна беха хир бац цу стеган чаьлтачийн карьерин некъ.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG