ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Истанбулехь эккхийтар дина шемахочо-шахIида


Истамбулерчу Султанахмет майданахь динчу эккхийтаро лаххара а 10 стеган дахар хадийна, лазийна 15-ттех, хаамбина Туркойчоьнан Iедало. Талординарг 27 шо долу шемахо-шахIид ву, элира журналисташка премьер-министран гIовса Куртулмус Нумана.

Дина эккхийтар хьахош туркойн президента Эрдоган Реджепа бохура, террорхойн тобанашна уггаре хьалха новкъа ю шайца луьрра къийсало Туркойчоь, цунна цара цундела до къиза дараш.

Ши бутт гергга хьалха Хонкарахь лилхинчу террорхоша вийра бIе сов вахархо. Зуламдинарг ДАIИШ ю аьлла къастийра хIетахь туркойн полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG