ТIекхочийла долу линкаш

Дечкен-бутт Европехь шийла беанехь а, мухIажирийн терахь лахлуш дац


Швеци -- Мигранташ цхьаьнатухуш бу Швецин полисхой Данин дозанехь йолчу Малмо-гIалахь. Дечк. 2016.

Швеци -- Мигранташ цхьаьнатухуш бу Швецин полисхой Данин дозанехь йолчу Малмо-гIалахь. Дечк. 2016.

Кху тIаьхьарчу кIиранашкахь  Нохчийчуьра бахархой зIене буьйлу Маршо радион корреспондентаца.  Бакъ дуй Германино а, Австрино а кхин мухIажарш тIе ца оьцу бохург?-хоьтту цара.

Бакъ дуй цара шайн дозанаш дIакъевлла, ткъа дехьабовла кхиина болу мухIажарш арабохуш бу бохург? Иштта ду цара деш долу хеттарш. Кхеташ ду, уьш и хеттарш дарца Генарчу Шемара я ОвхIанера Европе оьху мигранташ кхин чу ца битарна сагатлуш боцийла. Мелхо а, тIаьхьарчу беттанашкахь Малхбузерчу пачхьалкхашка сел дукха Гергарчу Малхбалера мигранташ чухьовдарна а, и бахьана долуш цу пачхьалкхаша шайн низамаш чIагIдарна шаьш, - хIинций-хIинций Европе дIадоьлху бохучу сатийсамца Iийна долу шаьш, - олуш ма-хиллара, „цIерпошта дIа а яхна“, дисарна кхоьруш хоьтту цара иза.

Я новкъа бовла таро ца тоьъна, ахча вовшахкхетталца Iийначу цхьаццаболчу Нохчийчоьнан бахархоша, я Iа а, Iаьнан шелонаш а дIайовллалца бохуш хан дIаэхийтинчара сагатдо, хIинцачул тIаьхьа шаьш Малхбузе дIадолхахь тIе ца оьцуш, юхахьовсадарна.

Бакъдолчехь амма мухIажаршца долу хьал Европехь кху сохьтехь мел чолхе делахь а, Гергарчу Малхбалера а, Шемара а схьаоьхучу тIамах бевддачийн терахь лахдала ца тикахь а, амма мухIажарш тIеэцаран коьрта принцин хийцаелла яц Европехь. Иза, и принцип, нагахь санна хьо вехачу хьан даймахкахь хьуна хьан дин я хьан политикан хьежамаш, я тIом бахьана долуш ваха кхераме делахь, хьан бакъо ю маьршачу кхерамазчу махка дIа а вахана, цигахь тховкIело еха. ьан хьайна даймахкахь кхерам хиларна ахь тоъалла тоьшаллаш дахкадахь, хьо чу ца вита а, хьуна тховкIело ца яла а бакъо яц Европерчу пачхьалкхийн. Кхин дIа а, и коьрта принцип дIаяьккхичахьана, дуккхаъ деталаш а, чолхеллаш а ю тховкIело ехарца а, яларца а доьзна.

Масала, дуьххьара айха ког левзинчу кхерамазчу пачхьалкхахь ахь тховкIело еха езаш хилар а, хьайн бакъйолчу цIарах ахь харцдерг ца дийцар а, иштта дIа кхин а. Амма уьш боккъал а деталаш ю. Цундела Нохчийчуьра схьа „Ва Дела, Европано азюль дIакъевлина ма боху!“ бохуш, сагтадечарна хаа деза, азюль – иза шайн лиъча дIакъовлуш, шайна лиъча схьайоьллуш а долу кампетийн гIутакх доцийла, цуьнан шен цхьа низамаш, къепенаш а юйла.

Низамах а, къепенех а лаьцна аьлча, даханчу аьхка мухIажарийн терахь кхин сеца ца даллал лакхадаьлча, мухIажарех долу уггаре а гIардаьллачех Евробертан сацам, шех Дублин-2 олуш йолу, хьеша болийра Грецино, хIурдахула шен лаьттахь охьабуьссу иттанаш эзарнаш нахана кхин дан хIума а ца хилла.

Цу Дублин-2 сацамца шайн махка мел кхаьчна волу мухIажар цигахь сацон декхарийлахь хиллачу желтойн урхалло, Евробертан пачхьалкхашка масех шарахь гIодехарх кхин гIуллакх ца хилча, и мухIажарш цхьа а новкъарло а йоцуш, шайн луучу мехкашка дIаэхийта сацийра.

Иштта йолаелира вайнзаманахьлера уггаре а йоккхачу мигрантийн тулгIе, карарчу хенахь цхьаъ ах миллион стаг Шемарий, ОвхIанерий, Къилбаседа Африкерий Европе кхачийна йолу. Амма хIинца, цу нах а, царна тIаьхьа тIеоьхуш берш а дIатарбан безаро холчу хIоттийначу Германин а, Австрин а урхалло алсамбаьккхина Грецина мухIажарш бахьана беш болу Iаткъам. Немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министро де Мезьер Томаса хьастагIа Евробертан пачхьалкхашкарчу шен коллегашца Брюсселехь цхьанакхетарехь элира, Греци „эххар шен цIахь бан болх бан йолаяла еза“, аьлла.

Кхин а шогох йистхилира Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Микл-Лайтнер Йоханна Грецин агIор. Цуо Евроберто Греци Шенген Зонера аракхуссур ю, желтойн урхалло шайн махкахула схьаоьхуш болу мигранташ саца ца бахь, элира.

„Иза миф ю, желтойн-туркойн доза лардан таронаш яц бохургю. Грецин Европехь уггаре а доккхачех хIурда эскар ду, и эскар до Евробертан арахьара дозанаш лардан хьажон деза, элира Австрерчу министро. Нагахь санна ца хуьлчу далахь Греци Шенген юккъера араяьккхичхьана, цуьнан дозанашкахь контрол а хIоттош, и проблема ша-шах дIаер ю аьлла тIе а тухуш.

Евробертан пачхьалкхийн лакхарчу даржашкара хьукматхой Грецина бехкаш дахарехь вовшашца къийсалучу муьрехь желтойн махкан бахархой, иштта а кризисо лаьцна болу, дела денна хIурдахула шаьш долчу схьаоьхучу мухIажаршна орцах буьйлуш бу. Оршот дийнахь Лесбос гIайренна тIе биссира масех бIе керла мигранташ, Эгей-хIурдахула кху щийлачу Iай сехьа бевлла болу. Шинари а, кхаари а дийнахь кхин 280 стаг кхечира цига оцу маршрутехула.

Грецига шен дозанаш гIолехь ларде бохучу Евробертан куьйгалхоша ца олуш дуьту- цуо пачхьалкхо цу нахана хIун дан деза? Шаьш схьабаьхкинчу хIурдахула шаьш схьадаьхкинчу резянки хи тIехула хохкучу гIирсаца юхахьовсон беза-те цуо уьш?

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG