ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Селхана – бакъонашларъярхой, тахана – агенташ


Оьрсийчоь -- Iедалх йоцу вовшахтохараллаш хьокъехь низам тIеэцна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо, 13Тов2012
Оьрсийчоь -- Iедалх йоцу вовшахтохараллаш хьокъехь низам тIеэцна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо, 13Тов2012

Iедалх йоцу вовшахтохараллаш хьокъехь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо тIеэцна долу низам хIинца тIечагIдан дезаш ю Федерацин Кхеташо. ЦултIахьа кхо бутт баьлча болх бан долалур ду иза. Амма цу низамана реза бац бакъоналаръярхой а, юкъараллин жигархой а. Цара емал деш ду иза леррина шайна дуьхьала хьажийна ду иза бохуш.


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо ша садаIа яхале тIеэцна долу и низам къобал дан дезаш ду Оьрсийчоьнан Федацийн Кеташоно. Цуьнан куьйгалхочуьнга Матвиенко Валентине и низам тIе ма чIагIде аьлла, дехар дина бакъонашкахула йолчу кхеташонан векало Федотов Михаила. Ишшта тIе ма эца боху цо эаладиттан а, бозуш боцучу хаамийн гIирсийн хьокъехь долу керла низамаш а.

Думийн депутаташа тIеэцна долу Iедалх йоцучу цхьаьнатохараллийн хьокъехь долу низам болх бан долалахь, царна цIе тилла мега «кхечу пачхьалкхийн шпионаш а, агенташ а». Цул совнаха, кхечу пачхьалкхашкара фондашкара ахчанаш а оьцуш, болх бан луучу цхьаьнатохараллаша шаьш къобал дан дезаш ду и цIе лелор.

Масала, шаьш юстицин министраллехь кехаташ кечдеш оцу цIарна кIел куьг таIо деза церан. ХIинцале Оьрсийчоьнан цхьанатохараллаш -«Мемориало» а, «Къизалшна дуьхьала комитето» а, «Москохарчу Хельсинкан тобано» а - дIахьедарш дина, шаьш хIара дуьне дохарх и цIе лелор къобал дийра дац аьлла.

Къилбаседа Кавказехь дукхах йолу йозуш йоцу цхьаьнатохараллаш а, бакъонашларъярхой а Европерчу а, Iамеркерачу а фондаш лучу ахчанах болх беш ю. Царна юккъахь ю Несар-гIалахь йолу «Нохчийн къам кIелхьардаккхаран комитет» цIе ерг а. Оцу низамах лаьцна шега деллачу хаттарна ишшта жоп делира цу комитетан куьйгалхочо Бадалов Руслана.

Бадалов Руслан: «Ма-дарра ша дерг ала хала хира ду. Бакъонаш ларъечу организацешна хIуьттаренна, царна дуьхьала юкъадьккхина низам ду иза. Хууш ма хиллара, Москох йоцург а, кхечу регионашкахь а тIеIаткъам беш бара. Ялх шарахь, тхан организации толлуш, ФСБ а, полици а, юстицин министралла а, цIеяйархой а, ша берш а тхан коча тесна бу. Оха лелочу балхана реза боцуш, тхоьга и болх ца байта, бакъдерг дIаалар лахдайта, лелош хIума ду иза».

Нехан бакъонаш ларъечу шайна кхечу пачхьалкхара агенташ ду бохучулла, шаьш Iедалхоша лелочунна терго ян езара бохуш, кхин дIа а дийцира Бадалов Руслана.

Бадалов Руслан: «Кхечу пачхьалкхара шпионаш дуй бохуш, дуьйцуш ду, Iедалхой шаьш миллионалла сов тхоьлла а чIогIа шпионаш боллушехь. Церан миллиардашкахъь а схьаэца йиша ю и ахча, юхалург а, вуьшта а. Царал бакхийн шпионаш а, агенташ а бац».

Эстемирова Наталья кхо шо хьалха дийна делкъхенахь Соьлж-гIалин юккъехь, лачкъа а йина, йийначул тIаьхьа Нохчийчохь бакъонашларъярхойн болх вуно гIелбелла. Меттигера бакъонашларъярхой хьалха санна ца хIуьтту кIоршаме зуламех лоруш долу зуламаш - стаг лачкъор а, дIальацначунна тIаьхь къизаллаш яр а - талла.

Цундела башха боккха тохам хир бац меттигерачу йозуш йоцучу цхьаьнатохараллашна аьлла, хета цу хьокъехь журналистана Саратова Хедина. Цо дийцарехь и низам юкъадаьккхина ду хIокху бIаьста Iедалшна дуьхьал майданашка нах арабаьхначу цхьаьнатохараллашна дуьхьал.

Саратова Хеда: «И низам цара тIеэцахь яккхийчу организацийн гIуллакхаш чIогIа во хир ду. Кхузахь, Нохчийчохь, башха яккхийн проекташ яц. Амма тIаккха а цхьа а тайпа ахчанаш ца хилча бох бан аьтто бац. Тiаккха Iедало, суна хетарехь, шайна дуьхьал евллачу организацишна хIуьттаренна дина хIума ду иза. ХIокху Оьрсийчохь цхьа а тайпа бакъо йоцийла хаийта дина хIума ду иза».

Iедал тIехIоьттина а долуш, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь чекхдохучу оцу низамийн, дукхахболчу тергамхоша бахарехь, коьрта Iалашо гIаттам бан мегаш йолу юккъаралла шен Iуьналлехь сацор а, готтачу гуранна иза чуйоллар а ю.

Амма таханлерчу дийнахь уггаре а балане лоручу Къилбаседа Кавказехь могIарерачу нахана, коьртачу декъана цара шайн бакъонаш ларъярна тIехь хаалур ду тIеэца гIертош долу низам. Делахь а иза чакхе йолчух тера дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG