ТIекхочийла долу линкаш

Бакъонашларъярхой зуламхойх ларбийр бу «Натальяс»


Швеци --"Наталья проект"- хIоз.

Швеци --"Наталья проект"- хIоз.

Швецерчу Civil Rights Defenders цIе йолчу бакъонашларъярхойн вовшахтохаралло леррина GPS -хIоз арахецна, юкъараллин жигархо лачкъош орца даккха аьтто болу.

Цхьа кхерам иккхича иза болх бан болабалийта аьтто бу куьйга. Ткъа орца доккхуш сигнал болх бан йолалур ю нагахь цхьаъ и хIоз нуьцкъала дIабаккха гIортахь.

Ша болх бан болабелча GPS-хIозо хаам бохьуьйтур бу, бохам хилла стаг мичахь ву гойтуш. И хаам оццу минотехь дIакхочур бу Civil Rights Defenders организацин штаб-хIусаме а, бохам хиллачу меттигана уллехь болчу оцу вовшахтохараллан жигархошка а, ткъа иштта цу проектан Twitter-ехь а, Facebook-ехь а йолчу агIонаш тIе.

Бакъонашларъярхой ларбан Iалашо йолуш юкъаяьккхинчу проектан цIе ю, 2009-чу шарахь, зуламхоша лачкъийна 24-сахьт далале йиначу, Эстемирова Натальян.

Цу тайпа хIоз юкъабаьккхар Iалашонех лаьцна дуьйцу Civil Rights Defenders организацин векло Эсбьйорсон Наташас.

Эсбьйорсон Наташа: «Репрессеш лелочу юкъараллашкахь адамийн бакъонашларъярхой Iалаш бан оха деш долчуьнан цхьа жима дакъа ду иза. И хIоз хилар уьш ларбан аьтто хир бу бохург дац. Амма цо аьтто бийр бу тхан цхьаъ хилахь сихха орцахдовла».

"Наталья проект» олу хIоз жигара зийна Iилманчаш. Цара чIагIдарахь, цо болх бо луьрча хьелашкахь а цхьаьна. Эстемирова Наташин цIе лелочу хIозах пайда эца мегар ду кхечу наха а аьлла хеташ ю Civil Rights Defenders организацин векал Эсбьйорсон Наташа.

Эсбьйорсон Наташа: «Со тешна ю и хIоз лело мегар ду тайп-тайпанчу хьелашкахь бохучух. Иза хIинцале а лелош а бу цхьацца лаккхарчу даржашкахь болчу наха а, шаьш лачкъорна кхоьручу цхьацца кампанийн куьйгалхоша а. Тхайниг бакъонашларъярхойн организаци ю. Оха ларбеш берш бакъонашларъярхой бу. И нах дукха боккха кхераман къеллахь лелаш бу Къилбаседа Кавказ санна йолчу меттигашкахь».



Нохчийчура бакъонашларъярхой бу угаре а хьалха Эсбьйорсон Наташас буьйцурш. Шайгахь хIораннехь а «Наталья»-хIоз хилча дуьхьал хир дацара шаьш бохуш, дуьйцу царах цхьамма Эжиев Минкаила.

Эжиев Минкаил: «Хилча зе хир дара аьлла ца хета суна. Тахана дуьненчохь дуккха а хIума нисло. ТIом боьдуш а, иза чекхбаьлча а дуккха а меттигаш ю вай адам, ара а даьлла, чу ца деана. И нах карош бац. ЦIеранаш а, гергарнаш а балехь хуьлу и бахьана долуш. ХIоз хилар дика ду. Юкъараллин жигархошкахь а, бакъонашларъярхошкахь а уьш хилча дика хир дара аьлла хета суна».

Гергарчу хенахь 55 орцаллан хIоз арахеца дагахь бу Civil Rights Defenders организацера бакъонашларъярхой. Амма буьззинчу барамехь «Наталья проект» кхочуш ян ахча оьшу. Цундела цу организацин интернет сайт тIехь леррина аьтто бина гIо дан лууш волчу стаганна ахча дала.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG