ТIекхочийла долу линкаш

Дудаев Деги къера хилла харц паспорташ дарна. Амма иза лацар шеконе лору


Литува - Каунас-гIалин сурт

Литува - Каунас-гIалин сурт

Официала хьесапехь, Нохчийчоьнан хьалхара президент хиллачу Дудаев Джовхаран кIанта кхелехь мукIарло дина, Литувин харц паспорташ дарна. Дудаев Деги масех шо хьалха машенахь воьдуш Литувехь лаьцнера. Машенах хьаьвсинчу полисхошна карийна хилла, харц паспорташ. Цу махкарчу нохчийн юкъараллина хетарехь, иза лацар шеконан хьелашкахь нисделла ду.

Литувин хаамийн гIирсаша дийцарехь, Лахьанан-беттан 28-чу дийнахь Вильнюсехь дIаяьхьначу кхелан кхеташонехь, шегахь 7 Литувин мехкан харцпаспорт хилла хиларна къера хилла Дудаев Деги. Саиева Амната дуьйцу кхин дIа а.

2011-чу шеран Зазадоккхучу баттахь машенахь воьдуш лаьцна ву Нохчийчоьнан хьалхара президент лаьттинчу Дудаев ДжовхIаран кIант Дудаев Деги. Европехь йоьдуш лаьтташехь машен Iедал ца хиларе терра, цхьаммо кечъйинчу кIелонна тIе нисвелла лору иза Литувера нохчийн юкъараллин жигархочо Саиева Амната.

Саиева: «Иза лацар а тамашийна хийтира суна. Каунасера Вильнюсе я, Вильнюсера Каунасе воьдуш хилла, дика ца хаьа суна, лаьцна ву полицино, новкъахь саца а вина. Машен сацаярх лаьцна суна кхузахь цкъа а хезна хIума дац. Хьоьгара цхьаъ дала деза я, авари йина хила еза. Цхьаммо хууш, цхьаммо мотт тоьхна дина хIума ду иза. ХIинццалц яхъеллера и кхел. Лаца а лаьцна, чувоьллина вацара иза. ПарггIат, шен болх беш Iаш вара.»

Литувин хаамийн гIирсаша дийцарехь, Лахьанан-беттан 28-чу дийнахь Вильнюсехь дIаяьхьначу кхелан кхеташонехь, шегахь 7 Литувин мехкан харцпаспорт хилла хиларна къера хилла Дудаев Деги. Саиева Амната дуьйцу кхин дIа а.

Саиева: «ХIокхеран зорбанехь дуьйцург бен, кхин совнаха хIума суна ца хаьа. Бакъду, лурчах, и гIуллакх цунах Iоттаделлачул тIаьхьа цкъа гира суна иза. ЧIогIа дог доьхна вара иза. Шена тIебеанчу баланна хIун дийр ду ца хууш, холчехь вара. Дика кIант, яхь йолуш кIант а ву иза.
Цхьаннена лууш дина хIума хета суна иза. Селхана аса дешнера, иза "кхелехь ша харц паспорташ дарна къера хиллера" аьлла. Хьалха шен бехк бац бохуш вара иза.

Гуьржийн махкарчу кIентаршна гIо дан лууш дина дара ша иза, бохуш.»
И гIуллакх тIеIоттаделчхьана дуьйна, Дудаев Дегис цхьа а тайпа гIо ца дехна Литувера нохчийн диаспорера. Цунна накъосталла деш адвокат ву.

Саиева: «Адвокат, массо хIума а цуьнан долуш ду. Цо ша соьга хIумма ца аьлча, со цу гIуллакхана юкъа ца гIоьртира.»

Дудаев Жовхаран хIусамнанас Аллас а ца аьлла шайга хIун ду, мила ду хьовсара шу, боху Саиева Амната.

Саиева: «Нана Гуьржийчохь яц кхин. Европе схьаеана Iаш ю. Гуьржийн махкара хьал хийца а делла, гIуллакхаш доьхна церан. Европера цхьана пачхьалкхехь Iаш ю иза шен воккхах волчу кIантаца а, йоIаца а.»

Цкъачунна хууш дац, Каунасерчу кхело шен тIаьххьара сацам беш, Дудаев Дегина хIун таIзар кхайкхор ду. Цуьнца цхьаьна лаьцначу Янкаускас Алюса а, Ивашка Дайнюса а, Монцявичюс Нериюса а, бехкан цхьа дакъа тIелаьцна шайна. Бехк буьллучу кхелан сацамехь аьлла ду, цара Дудаев Дегин дехарца кечдина хилла харц документаш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG