ТIекхочийла долу линкаш

Дахначу шарахь шайна мел пайда хилла Iорадокхуш деклорацеш зорбане яха буьйлабелла Къилбаседа Кавказан мехкийн куьйгалхой.

"Кавказ.Реалии" портало дуьстира Кавказан мехкийн урхалхойн алапаш могIарерчу бахархоша оьцучуьнца.

ГIебарта-Балкхарачойн куьйгалхочо Коков Юрийс уггар хьалха довзийтира дахначу шарахь шена хиллачу пайдан терахьаш.

Билгалдаьлла, 2015-чу шарца дуьстича, стохка 110 эзар соьмана сводаьлла цуьнан хIусамна деана рицкъ (2 миллион 12 эзар сом 2 миллионна а 122 эзар соьмана а дуьхьал).

Дахначу шарахь Дагестанан куьйгалхочунна Абдулатипов Рамазанна 3 миллион 143 эзар соьман пайда хилла. 2015-чу шарахьчул а 10 эзар соьмана иэшам а хуьлуш.

ГIалина арахь мукъачу хенахь садоIучу ирзех ваьлла Абдулатипов, амма хIинца а цуьнан долахь ду 238, 4 еакIов метар цIа а, 146, 6 еакIов метар петар а.

Ткъа Абдулатиповн хIусамнанас дахначу шрахь 1,06 миллион соьмана пайда бина. Иштта, цуьнан долахь ду лаьттатIехь ши дакъа. 210 еакIов метар ирзе а, 2, 131 эзар еакIов метар латта а.

Эзарнашкахь еакIов метаршкахь кхин а дуккха а хIуманийн да ю Абдулатипов Рамазанан зуда.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна Евкуров Юнус-Бекна мел лаххара а цхьана миллионна иэшам хилла, Абдулатиповца вуставелча.

Евкуровн доьзалан долахь ю 247, 2 еакIов метар петар, 420 еакIов метар коттедж, (машен йоцуш ю).

Кхечу мехкийн куьйгалхоша хIинца а бовзийтаза бу шайна дахначу шарахь тIедеанчу рицкъан барамаш.

Амма къаьсттина сатуьйсу дуккхаъчара Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен деклораци Iораяккхаре.

Иза гIараваьлла брендан духарш дукха дезаш хиларца а, еза машенийн да хиларца а, дуьненаюкъара тоьлла артисташ кхуьйлуш, ловзарш хIитторца а.

Карладоккху, 2015-чу шарахь Кадыровс зорбане яьккхинчу деклорацица, 6 миллионал а цхьа кIезиг совэккхаш бара цуьнан доьзална хилла пайда.

Цуьнан долахь 3,6 эзар еакIов метар лаьттатIехь дакъа а, 2,3 эзар еакIов метар цIа а дара.

Ткъа Кадыровн хIусамнана, Абдулатипов Рамазанан зудчо бинчу пайдане ладоьгIча, цул а хIайт аьлла хилла.

Оццу шарахь Кадырова Меднис доьзална 2,8 миллион сом деара.

Хьаххинчуьра, 2015-чу шарахь Къилбаседа ХIиричоьнан куьйгалхочо Битаров Вячеслава массо а куьйгалхошачул а сов пайда бина шен хIусамна (8 миллион сом).

Ткъа кхузахь кхеташ ду, масийта шарахь лелочу бизнесера Iедалан дарже иза веана дела.

2015-чу шеран официалехь баржийначу хаамашца, Къилбаседа Кавказерчу мехкийн куьйгалхошна хIора баттахь тIедогIучу рицкъан барам 71, 5 эзар соьмера 681, 5 эзар соьме кхаччалц бу.

Оццу юкъанна, стохка хIоттийначу рейтингца, Кавказехь могIарерчу бахархоша оьцу алапа 20, 46 эзар сом ду.

Оьрсийчоьнан муьлхха а регион схьаэцча, уггар лаххара ларалуш ду и алапа.

Масала, Дагестанехь уггар лахара ду алапаш – 17, 5 эзар. Ткъа мехкан куьйгалхочун Абдулатиповн алапа 15-зза совдолу, (262 эзар сом баттахь).

ГIебарт-Балкхарачойн бахархоша 18, 92 эзар сом алапа оьцу дийнна баттахь. Шайн мехкан куьйгалхочо оьцучул а 8, 8 -зза лахара нисло и. 167, 6 эзар сом ду мехкан куьйгалхочун алапа.

Юккъерачу барамехь аьлча, ГIалгIайчоьнан бахархойн алапа 20, 79 эзар сом ду. Ткъа Евкуровн алапа 9-зза лакхара ду, 191 эзар сом сов оьцу цо алапа.

Ростатан зерашца, Нохчийчуьрчу бахархоша 21 эзар сом оьцу, ткъа Кадыров Рамзанна 2015-чу шарахь ах миллион кхочура белхан алапа.

Бахархойн алапца дуьстича иза ду 23-зза сов.

Билгалдоккху, хIара терахьаш официалера схьаэцна хилар.

Ишта-м кIезиг бац Къилбаседа Кавказан регионашкахь Iаламат кхи а лахара ахчанаш оьцуш берш а.

«Алапа мел кIезиг делахь а, реза хуьлу тхо муьлххачу а балхана. ХIунда аьлча, белхазалла ю кхузахь», - аьлла дийцира ХIинжа-ГIаларчу яхархочо Мусаева Наидас.

Баттахь 10 эзар соьмах цхьаннан доларчу туьканах болх беш ю иза. Ткъа ша белхан меттиг дехьарчу гIалахь ю. КIиранчохь 6 де ду цуьнан болх бан дезаш.

«Хьаькамийн алапаш тIех лакхара ду. Оццул дуй хоуьйтуш хилча, мел къайладаьхьна хир ду цара»

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG