ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Севастополера декъаза гимн лакхар


Оьрсийчоь – Оьрсийчоьнан гимнана социалан машанехь йина пароди.
Оьрсийчоь – Оьрсийчоьнан гимнана социалан машанехь йина пароди.

Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисан ГIирмерчу урхалло таллам болийна Севастополехь Оьрсийчоьнан Федерацин гимн харцхьаяьккхина лакхийтарна.

Хилларг иштта ду. ПIераскан дийнахь Севастополехь губернаторо Меняйло Сергейс кхоьллинчу юкъараллан экспертийн кхеташонан гулам хилла шен болх дIаболош.

Цу тайпа Iедалан мероприятеш вовшахтухуш хуьлуш ма-хиллара, гулбелларш хьалагIиттина Оьрсийчоьнан гимн локхуш. ДIаболабелла гимнан мукъам, ткъа гуламан делегаташна гимн ала атта хилийта йоккхачу экрана тIехь гойтуш хилла цу гимнан дешнаш.

ЦIеххьана «беза мохк» (священная держава) аьллла хила дезачу дешнийн метта экрана тIехь гучудаьлла «кхетамчура яьлла пачхьалкх» ала аьлла. Цул сов, мукъам а хилла дукха галбаьлла хезаш.

Хилларг бахьана долуш таллам болийна Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисо. Цунах лаьцна хаам бина Шоьта-дийнахь Flashcrimea агенталло.

РБК-но дийцарехь, хиллачух кхеташ бац Севастополан Iедалан декъашхой. Иштта цу гIалин Iедалехь чоьхьарчу политикан департаментан куьйгалхочуьнан когаметта волчу Тюнин Владимира дийцарехь, гуламехь лелош хиллачу комьютеран дискан тIехь цакарийна гимнан текст а йолуш экранан тIехь сурт гойтуш хилла файл. Ткъа операторо шена хууш дац хилларг хIун ду аьлла.

Иза вон забар хилла, я леррина дIаяьхьна политикан акци хилла къастор ду кхерамазаллин сервисан белхахоша.

Советан пачхьалкхан хилла гимн юха а Оьрсийчохь юкъаяккхарна реза боцучу наха харцхьаяьккхина Оьрсийчоьнан гимн локхуш яхна дуккха а видеош а, аудио файлаш а ю интернетехь.

XS
SM
MD
LG