ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ай Iа фу дувца, ваши, тешаболх уже схьабаь би"


Оьрсийчоь -- ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-бек. Москох, РИА Новости агенталлинан конференцехь, 01Оха2011
Оьрсийчоь -- ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-бек. Москох, РИА Новости агенталлинан конференцехь, 01Оха2011

КIорге а ца вуьйлуш, доцца аьлча, цхьа наггахь бен дечиг тIе а ца кхуссуш, дIа а ца йойтуш, я марса а ца йолуьйтуш латто цIе санна, дикка хьалха дуьйна а, Iедална коьртехь болчара, вовшашна кхиссарш а еш, ша-ша бакъ ма ву бохуш, чIагIамаш а беш, лаьтташ ду къовсаме даьлла, шина мехкан латта-дозанех дозаделла хаттар.



Соьлжа кIоштера маситта юрт Нохчийчоьнна юкъайогIуш хила еза аьлла, нохчийн парламенто Iорабаьккхина зевне сацам боцуш,мехкан куьйгалхочо хIинцца –хIинцца дIахьедар дина, шина республикийн дозанаш, цхьа зил гал ца болуьйтуш, низамо ма хьоьхху нисдан деза аьлла.Официалан дIасабаржийначу хаамца, дозанаш къасто Нохчийчохь кхоьллина говзанчийн тоба ю,амма гIалгIайн агIонан говзанчийн тоба лаьттан хьокъехь дийцарш дан охьахууш яц, Соьлжа-гIаларчу Пачхьалкхан цIийнан хьостано хааме даккхарца ,цул тIаьхьа тIеэцна Нохчийчохь Соьлжа кIоштан хьокъехь леррина низам.

"Нагахь санна цхьаболчарна цу низамо Оьрсийчоьнан Конституци талхош хетахь,тIаккха шина агIоно Соьлжа-кIоштан хьокъехь тIе мел эцна низам,бух боцуш а лерина, дIадаккха деза. Цу аьтто лур бу,гIуллакх бакъонан хорша а дерзийна, юххьера дуьйна Конституцино ма бохху, муьлха кIошт хьенан ю а хоуьйтуш, талламаш а бина, латтаца долу гIуллакх къасто.

Къилбаседа Кавказ 1801 - 1813 шераш
Къилбаседа Кавказ 1801 - 1813 шераш
Хаамийн гIирсаш биста кхаччалц, дозанаш хьокъехь, нохчийн агIоно зорбанехь дуккха а дIахьедарш динчул тIаьхьа,доцца жоп делла ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. «Тхан къовсаме девлла хеттарш дан а дац,тхо тхешан лаьтта тIехь дехаш ду,хьаннал къа а хьоьгуш,гIишлош а еш, дуьйш–дерзош ялтанаш а долуш»,- ишта дIахьедар дина цо кху Зазадоккху-беттан 12-чу дийнахь.

«Оха цу латтанийн хьокъехь тхайна хетарг йозане а дерзийна, Москоха дIахьажийна Оьрсийчоьнан куьйгалхойн кхеле. Стенна аьлчи иза цигахь йист яккха езаш ,цара жоп дала догIуш хаттар хиларна. Нохчийн агIоно а дан догIу изза,тхуна хетарехь.» Цу кеппара дIахьедар дина ГIалгIайчоьнан кхерамазаллин кхеташонан хьаькаман гIоьнча волчу Боков Тимура а. Цу дозанаш гонах лаьттачу къовсам-цакхетарийн хьокъехь,шайна мел хетарг тIе а диллина,Боковс чIагIдарехь, гIалгIайн агIоно кехат–тептарш дIахьовсийна Путин Владимире а, Къилбаседа Кавказехь цуьнан векал волчу Хлопонин Александаре а.

Нохчийчоьнан парламентан спикер Абдурахманов Дукхуваха
Нохчийчоьнан парламентан спикер Абдурахманов Дукхуваха
Евкуровс а, Боковс а динчу дIахьедарийн хьокъехь, сихонца жоп дала ларавелла, ГIалгIайн мехкаца доза къасто аьлла кхоьллинчу говзанчийн тобанна коьртехь волу нохчийн парламентан хьаькам Абдурахманов Дукхваха. «Цхьа а бух болуш дац цара деш долу дIахьедар. И Соьлжа кIошт гIалгIайн муха хуьлу, цуьнан дерриге кехат-бакъо, ма-дарра аьлча паспорт тхан карахь хилча?»

Спикеро, ша историк хилар тIечIагIдан санна тоьшшаллаш даладо Соьлжа кIошт 1929 шарахь дуьйна нохчийн мохк хиларан. Нохч-ГIалгIайн аьлла цхьа республика ечу 1934 –чу шарахь боху Абдурахмановс Соьлжа кIошт нохчийн яра. Кхузара , цо кхеторехь, дIаса а къаьстина, ши мохк вовшех бов болуш а и латта нохчийн хила деза.

Гуш ма-хиллара юха а карлаяьлла шина агIорчу Iедалдайша дозанаш тIехула вовшашна еш йолу Iиттарш а, шайн –шайн бакъ тIедаккха гIертар а. Тергамхошна хетарехь цу къовсаман йист яккха декхарийла берш Кремлера баккхий куьйгалхой бу.хадам боллуш цхьа сацам тIеэца уьш хьелур бу аьлла ца хета дукхахболчарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG