ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лахделла нахалахь шаьш-шайна Iожалла лехар


Оьрсийчуьрчу статистийн РОССТАТ урхалло бечу хаамца, тIаьххьарчу ах бIе шарахь ца хиллачул кIезиг дара стохка адамо ша шена тIе куьг даьхьна баларш.

2012-чу шарахь Оьрсийчоь хьалхарчу меттехь яра Европан пачхьалкхашлахь бераша а, кхиазхоша а шаьш-шайна тухий нислучу баларийн терахьашца.

Дуккха а хезара зорбанехь, телевизионехь бераш лакхарчу гIишлойн тхевнаштIера чукхийсалой, пхенаш хедадой, ле боху хаамаш.

Бахьанаш хуьлура юкъара пачхьалкхан экзамен дIа ца ялалой, хьехархоша дай-наношка школехь беран кхиамаш ца хиларна дов дой я кхечу цхьацца хIуманна тIехула деца-ненаца юкъаметтигаш телхий, кегийрхой леш.

Юккъерчу барамехь аьлча, хIора шарахь Оьрсийчохь 5 шарера I9 шаре даьллачу 2800 беро, кхиазхочо йо суицид.

Оцу терахьна юкъахь бац шаьш-шайна тоьхна бала кечбеллачуьра баккхийчара юхаберзийнарш а, лаамехь Iожалла коьрте хьийзарш а.

Психологаша дийцарехь, 12 шарера 21 шаре бевллачех 30-35 процентехь лаамаш лаьтта, цхьа проблема хьалха хIоьттича, ша-шена тоьхна белла дIабовла.

Оьрсийчоьнан талламийн РОССТАТ урхаллан талламашца, суицидаш массанхьачул дукху хуьлу Алтайхь, Забайкальехь, Жуьгтийн, Ненцойн автономийн Гонашкахь, Бурятехь.

ДIадаханчу шеран жамIаш тергалдича, Нохчийчохь, Астраханан кIоштехь, ГIалгIайчохь, Къилбаседа ХIирийчохь, Дагестанехь, Москох мелла а хьал башха лору тергамчаша.

Нохчийчоь массо а мехкал хьалха ю суицидаш кIезиг хиларца - цигахь шаьш шайна тоьхна баларш наггахь бен ца нисло. Шаьш-шайна Iожалла нисйийраш алсамбевллера нохчашлахь хилла тIемаш бирзинчул тIаьхьа.

Бахьана психологашна а, лоьрашна а гарехь, адамех йоьллу тIеман хьу яра.

Нохчийчохь тIемаш бирзинехь а, стаг оцу декъазчу хьоле валоран хьелаш лаьтташ ду.

Масала, лурчаха Гуьмсехь йоI елира ирх а оллаелла, стохка Теркйистерчу НогIамирзин-Юьртахь ша-шена тоьхна велира ФСБ-но ша Шема ваха воллура аьлла, хьийзо ваьккххича.

ХIетте а Нохчийчохь массанхьашчул лахара ю суицидаш, нах ирхъохкабаларш, шаьш-шайна тIе кхечу кепехь Iожалла кхойкхурш. И стенна ду ишта? ХIунда лаьа нохчашна кхечарначул алсам баха?!

Цу хеттаршна жоьпаш дийхира Маршо Радионо дуккха а шерашкахь Теркйистерчу Элийн-Юьртахь де эшначу берийн цIийнехь хьехархо йолчу, кегийнехан амалш вуно дика евзачу Чабаева Ларисиера.

Чабаева: «Нохчийчохь ша шен дахар хадориш кIезиг хиларан бахьана, Делах тешар алсам хилар ду, аьлла хета суна! Жайнехь а, вайн Iадаташца а, шарIитIехь а магийна дац, ша шена тIе куьйг дахьар. Делах валар санна лору Дино.

Бераллехь дуьйнна, и бер кхиош вай царна дIалуш болу кхетам, и цуьнан коьрта чудилла гIерташ, цунна и хьехам дIакхачо гIерташ кхиадо вай бераш. Цундела, вай уьш нийса кхиор ду аьлла хета суна».

Берийн, кхийзхойн психика даима а шен тергонехь латточу Ларисина дика девза кегийнах оцу киртигна хьалха хIутту бахьанаш.

Дукха хьолахь, бехке хьехархой а, шайн оцу берийн дай-наной а хуьлу боху цо.

Чабаева: «Хьехархочун бехк хуьлуш а меттига ма нисло. Кхиазхошна хьехарочо цкъа а эшам болуш хIума лелон ца деза. И бер сийсаздоккхуш, аьшнаш деш, хьехархой а тайп-тайпана ма бай. Масала, цIераниш дахарехь нис ца беллехь, уьш тIехбетташ, «хьан да ишта варий», «хьайн да санна Iовдал ву хьо», «хьайн ненах хилларг бен хир яц хьоьх» а бохуш, ишта меттигаш а ян ма ю.

ХIора беран шен-шен психика а ю, шен-шен амал ю, цхьаволучо иштаниг хала лов. Суна сайна а гина, бакъдерг аьлча, ЕГЭ дIа а ца елла, тIаьхьо балл тIетохийта бахча, нанас, схьа телефолн а тоьхна, делхош латтош и зудабераш.

«Хьо экзамаен дIа ца луш ягIахь, ша «юьйр ю хьо», «йоккхур ю хьо» бохуш, цу кепара кхетам боцуш долчу ден-ненан а бу бехк».

Ала дац, адамаш, дехийла уьш Москох я Нохчийчохь, ирсах дехьа, цара йитина Дала магош йоцу шаьш-шайн Iожалла нисъен сонта ойланаш.

Деношкахь, Маршо Радионе беъначу хаамца, ша-шен яла гIоьртинчуьра юхаяьккхина Нохчийчохь цхьа 1Дин6 шо долу йоI.

Дахар зовкхе дигар, вахархочунна шен пачхьалкх эвсаре, саготта, хьашташ дIакхачош хиларо бен, кхин сте датор ду хеназа вала ойла тIехIотта кийчча долу дог?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG