ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Delo газета: Нохчийчохь кибарчигийн заводах мах дIабелла цхьана дийнан фирмашкахула


Нохчийчуьрча ГIишлошъяран министралло Соьлж-ГIалахь кибарчигийн завод ярна мах дIалуш пайда эцна цхьана дийнан фирмех. Цунах лаьцна яздо «Новая газето», Словенерчу Delo газетана тIе а тевжаш.

2014-чу шарахь Соьлж-ГIалахь схьайиллинера кибарчигийн завод. Иза еш дакъалоцуш яра Словенера Omnia Arhing фирма. Цуьнца контракташ йинарг вара Словенехь болх беш волу «Росслав» компанин куьйгалхо Валиев Гела. Ткъа цу проектехь дакъалаца иза кхайкхинарг яра Нохчийчура компани «Сити-Строй».

Словенерчу NLB банкерчу Omnia Arhing-ан чёташ тIе ахча дахьийтинера Британерчу Ronida Invest LLP а, Drayscott Overseas LLP а фирманаша. ($4,3 млн 2012 шарахь, ткъа $0,9 млн — 2014 шарахь, дерриг а 8-зза ахча дIахьажор), билгалдоккху Delo.

Газето чIагIдарехь, и фирманаш хилла, Оьрсийчура $20 миллион ара а даьккхина, цIандеш дакъалаьцна коьрта ши декъашхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG