ТIекхочийла долу линкаш

КопенхIагенерчу Нохчийн Конференцино кхоьллина сатийсамаш


Дани -- Нохчийн дуьненаюкъарчу конференцехь, КопенхIаген, (Маршо Радио/Аюбов Аслан), 17Заз12

Дани -- Нохчийн дуьненаюкъарчу конференцехь, КопенхIаген, (Маршо Радио/Аюбов Аслан), 17Заз12

Нохчийн дуьненаюкъарчу гуламех тΙаьххьарниг хилира лурчаша гурахь Польшехь. Цига барам дΙабахьа вахана волу Ичкерин лидер Закаев Ахьмад шайн махка кхоччушехь, лацарца билгалвелира бухара пачхьалкхан коьрта прокурор а, Варшаверчу полицин хьаькам а. Амма оцу сохьта орцах бевллачу Европерчу политикаша а, бакъоларъярхоша мукъаваккхийтира Закаев. И коьртехь а волуш, шен болх дΙабаьхьира конференцино.


Барамна шаьш муьлхачу хьелашкахь гулделира, хьошалгΙахь, конгрессехь дакъалоцуш муьлш бара, иштта дийцира ша вехачу Лондонера зΙенехула Ичкерин Ιедалан дас Закаев Ахьмада.

Закаев: « Цигахь дакъалоцуш оццу Данера политикаш а бара. Церан архьарчу политикан министра, кхана и конференци дΙайолало аьлча, шайн нохчийн гΙуллакхашна тΙехь цхьа а новкъарло ян йиш яц, марша догΙийла аьлла, оцу тΙера дΙадоладелира.

ДагΙалоцучаьрца хьалха Литуван президент хилла а, тахана Европарламентан декъашхо а волу Ландсбергис а, оьрсийн-нохчий юкъаметтигаш луьстуш юкъарло лелийна волу Лорд Джадд а, Польшера веъна сенатор Ромашевски а вара. Баьхкинчара, докладаш йинарш боцуш а, дукха чΙогΙа резаболуш, дΙаяьхьна конференци яра иза. Цигахь тΙечΙагΙйина меморандум дуьненаюкъарчу прессо дΙаса а яржийра.

Бинчу сацамех лаьцна а, кхидΙа дан дезачух лаьцна а дерш а билгалдехира цигахь. И санна барамаш хΙора кхо бутт-ах шо даьлча хΙиттош хила еза, цигахь, тахана юхьара эцнарг муха кхочуш хуьлу а хьовсуш, болх бан беза. ДецΙера хьал тидамехь а латтош къахьоьгур ду , аьлла, барт а хилла конференцехь».

Дани --Лорд Джадд Нохчийн дуьненаюкъарчу конференцехь, КопенхIаген (Маршо Радио/Аюбов Аслан), 17Заз12

Дани --Лорд Джадд Нохчийн дуьненаюкъарчу конференцехь, КопенхIаген (Маршо Радио/Аюбов Аслан), 17Заз12


КоперхΙагенерчу конференцино Нохчийчуьрчу хьолана тΙеΙаткъам беш, и хьал хΙинца а холчохь латториг Оьрсийчоь хилар, махкахь маршо яцар, нах, хьалха а санна, меттигерчу администрацин карах бовш хилар чоьте а оьцуш, дΙакхайкхира ша сацаме йиллина меморандум.

Амма хΙокху конгрессан шатайпалла, тоьлла башхалла гойтуш дара цо боккха тидам нохчийн мотт, къоман гΙиллакхаш Ιалашдарна тΙехьажор, керла Ιалашонаш Ичкерех жоп лучу хьукматашна хьалха хΙиттор. Оцу агΙонах лацна алссам дийцар дийхира Маршо Радионо Закаев Ахьмаде.

Закаев: « Хιокху доккхачу дуьнентΙехь цхьа Маршо Радио йоцург, цΙенна нохчий мотт а буьйцуш, къомо пайда эца кхин цхьа а хьоста яц. Оцу якъоно гΙаттаяйтина тема а ю иза – меттан хьолана орцахдовлар.

ШолгΙа делахь, нохчийн мотт бан герга бахначу меттанийн категори тΙе баьккхина бу ЮНЕСКОно, кхо бΙе эзар гергга адам дозанал арахьа ду вайн, царна а оьшу мотт Ιамо аьтто бан. Массо а къаьмнийн меттанаш ду вайн бераша Ιамош, амма бац Ιамош ненан мотт.

Цунна тΙедоьзна дара стохка Парижехь Министрийн Кабинето а, Парламентан декъашхоша а мотт Ιамор юьхьараэцар. Хιетахь ма-дийццара, латинийн жайнеш арадахар, нохчийн мотт хьехар дΙадолийна вай хΙинца. Арахецна латиницан буха тΙехь абат. Иза яржош а ю. Францехь шина школехь хьоьху вайн мотт.

Дани --Нохчийн дуьненаюкъарчу конференцин декъашхой: "Бесланан Аз" юкъараллин куьйгалхо Кесаева Элла а, Европарламентан декъашхо Ландсбергис Витаутас а, КопенхIаген, (Маршо Радио/Аюбов Аслан), 17Заз12

Дани --Нохчийн дуьненаюкъарчу конференцин декъашхой: "Бесланан Аз" юкъараллин куьйгалхо Кесаева Элла а, Европарламентан декъашхо Ландсбергис Витаутас а, КопенхIаген, (Маршо Радио/Аюбов Аслан), 17Заз12


Цунах маьΙна а деш, и болх шорбийр бу массо а меттигашкахь. Кечбийр бу хьехархой. Интернетах пайда а оьцур бу мотт берашна Ιаморехь. Уьш Ιамо институт схьаелла дагахь ду тхо Литувахь. Нохчийчохь мотт баржор дΙатесна хилар, цигара Ιилманчаш шайн лаамехь бацар чоьте а оьцуш, царна а аьтто бийр бу оха кхузахь, Европехь, маттана тΙехь оьшшу болх бан. И едрриг а полтикал а хьалха даккха деза. Мотт ца хилча, къам хуьлуш дацар а кхетош».

Конференцин мах айбеш дара цига баьхкинчу декъашхошлахь, хьешашлахь дуьненна а бевза Закаев Ахьмада цIерш яьхна нах хилар.

Конференцехь хиллачу тхан лерринчу корреспондента Аюбов Аслана массех хаттар дира Оьрсийчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а хьелех, церан хиндолчех шена хетарг довзийтар а доьхуш, дуккхаза а Нохчийчохь хилла а, дуьненна цигара хьал довзуьйтуш а еххачу заманахь леллачу Ингалсарчу политике Джадд Лорд Френке.

Маршо Радио: Путинна дуьхьал лаьттачу протесташкахь дакъалоцуш демократин ницкъаш хилла ца Ιаш, националисташ а бу, оцу хьоло тΙейогΙучу ханна хьовзам бохьуррий-те?

Лорд Джадд: «Иза ю-кх демократи. Оцу нахана авторитаран раж йохон лаьа, иза ма дуй вай дуьйцург. Ιалашоне кхача лаахь, дакъалоцуш кеп-кепара ницкъаш хила ма безий. Демократи -тайп-тайпанчу ойланийн лела бакъо хилар ма дуй. Ткъа вайна оьшу демократи.

Авторитаран раж демократин роже яккха ма гΙерта вай. Кхин ду, оцу ницкъашна цхьаьна болх бан могий бохург. Ахь бохург нийса ду, вай оцу тΙехь Ιехаделла ма дац. Оппозицехь дуккха а бу нах, амма лехамаш церан массеран а бац демократица богΙуш. Оцу юкъахь, ахь-м кΙеда эли, националисташ, аьлла, уьш, соьга хаьттича, фашисташ бу. Интеллигенцех дерг аьлча, со тешна ву, харжамаш харцонашца дΙабаьхьна аьлла хетарш бу бохучул а дукха бу».

Дани -- Конференцин делегат Масхадов Анзор, КопенхIаген, (Маршо Радио/Аюбов Аслан), 17Заз12

Дани -- Конференцин делегат Масхадов Анзор, КопенхIаген, (Маршо Радио/Аюбов Аслан), 17Заз12


Кхеташ ма-хиллара, Джадд Лорде Нохчийчуьра таханлера сурт муха го а хаьттира Аюбов Аслана.

Маршо Радио: Протесташа демократи совйоккхур ю, автократи эшор ю, ткъа оцо Къилбаседа Кавказехь маршо алсам йоккхур ю, аьлла хетий хьуна?

Лорд Джадд: «Цунах теша лаьа суна. Ткъа Къилбаседа Кавказера хьал, со цигахь хиллачу 2009-гΙачу шарца дуьстича, хийцаделла. Цигахь тхоьга наха шайн дахар паргΙат ду, бохура. Дуккхаъчара олура, хьовса кху цΙеношка, хьовса маьждигашка, хьовсу кху хазачу суьрте.
Суна хетарехь, иза моттаргΙане паргΙато ю. Тешнабехке паргΙато. Маьршачу наха хΙоттийначу хьолах тера дац цигара хьал, нахана тΙеΙаткъамаш хуьлу, идош бу хΙинца а нах, талор лаьтташ ду. Университетехь цхьа гулам хΙоттийра тхуна.

Цхьа ваз а велла шен кΙедачу гΙента чухиина Ιаш вара ректор. Кхечунхьа иштта хуьлуш дацарна, тхо цецдевллера. Гулбелларш Iадийча санна бара, цхьа а ларамза деш хаттар дацара. Тхуна тешамечу хьостанашкара хиира, нах а , хеттарш а оцу гуламехь хьалххехь кечдина дара. Иза шатайпа , кхечу кепара олалла ду нахана тΙехь деш. И дерриг а го хьуна, амма ян дуьхьало а яц. Суна Ιаткъаме ду иза. Соьга сагатдойту цо».

Ши бΙе эзарнал кΙезиг бац кеп-кепарчу хьоштанаша багарбен нохчий Европехь а, кхечу континенташкахь а. Уьш лааамца ца берзахь, кхечу некъашца берзийна а, цΙехьа берзон дагахь ю Оьрсийчоь, КопенхΙагенерчу конференцехь гуламхошна хьалха къамел динчу, Ослохь вехаш а, цигахь Норвегин ХIельсинкин Комитетехь болх беш волчу а бакъоларъярхочо Гисаев Ахьмада дийцарехь.

Шен къамелан маьΙна цо леррина довзийтира Маршо Радионна. И тешна ву Оьрсийчоьно шена чохь лела ксенофоби, фашизман битамашца йолу ойланаш Европехь а яржорехь къахьега цхьа ницкъаш арабаьхна аьлла.

Гисаев: « Москох а, кхечу гΙаланашкахь а оьрсех вовшахъеттаелла, Ιедало дуьхьало еш а йоцуш, фашистийн идеологи буха тΙехь еха юкъараллаш ю. Ιедало, пачхьалкхан куьйгалхоша царна аьтто латтош хилар шеко а йоцуш ду.

Сан тидам хилла, оцу ницкъаша Европехь тΙетаьΙΙина болх бо. Вай кΙайн къаьмнаш ду, и Ιаьржа нах, бусулбанаш, вайн безийла а дац, бохуш, европахойн корта хьовзо а, царах, Норвегера шен къам терроре эцна хьийзинарг санна болу, меттигашкара брейвикаш кхолла гΙерта уьш.

Уггаре хьалха гезбоху нохчий, уьш кхераме а бу Европана, цо уьш лоьхкуш а бу маьΙ-маьΙнера ,бохуш. Оцу хьокъехь яьхна цара дуккха а кинош а. Иза фашизм ю. И Европехула яржа ца яйта дуьхьало ян еза ас а, вай массара а».

Данерчу конференцехь дийцарш а дина, ша Iадда дΙа, рогΙера вовшахкхетар а кечдеш Ιийр йоцийла гойту даймахкана юьстаха ехачу Ичкерин цΙарах болх бечу нохчийн политикийн тобано. Цуьнан билгало ю кху деношкахь Нохчийн Республикан-Ичкерин Ιедалан цΙарх Закаев Ахьмада арахецна омранаш.

Цхьацца пачхьалкхашкахь Ичкерин векалш билгалбохуш ду цхьадерш.Нохчийн маттах дозуш ду кхидолу омранаш. Иштта Ичкерин лакхара совгΙат – «Къоман Сий» орден елла цΙахь дуьйна а нохчаша лоруш хиллачу иллиалархочунна хΙинца Канадехь ехачу Арсамирзаева Бирлантана а, Германерчу Майнинген гΙалин операн театрехь солист волчу Хасанов Зайндина а, Бельгерчу суртдиллархочунна Юшаев Зайндина а, Францехь вехачу бакъоларъярхочунна, Ичкерин вице-премьерна Ибрагимов Сайд-Эмина а, цхьамогΙа кхечарна а.

Ичкерехь юкъадаккха кечдина, амма тΙемаша юкъадаккха аьтто боцуш дитина хиллачу ахчан хьомара, цуьнан эс кхаба аьтто беш арахеца долийна Закаевн Ιедалан кабинето нохчийн ахча НАХАР. Уггаре хьалха арадаьлла дашо ахча дΙадала кхачийна Гуьржийчуьрчу Дудаев ДжовхΙаран доьзална, шолгΙаниг – Норвегерчу Масхадов Асланан доьзале.

Гарехь, нохчийн къоман гΙайгΙабар, цуьнан хьашташ кхочушдарехь дуккхаъчу керла хьелех пайда эца йолалуш ю Закаев Ахьмад коьртехь волу даймахкана юьстаха болх беш йолу Ичкерин Ιедалан кабинет.
XS
SM
MD
LG