ТIекхочийла долу линкаш

Дера, Магомедов, хьо Депардьё ма вац!


Кадыров Рамзанан интернетерчу "Instagram" сайтан агIонтIера сурт, Кадыров а, иза волчохь Депардьё Жирар а.

Кадыров Рамзанан интернетерчу "Instagram" сайтан агIонтIера сурт, Кадыров а, иза волчохь Депардьё Жирар а.

Соьлж-ГΙалахь актерна Депардье Жирарна 5 чоьнан петар ялар нийса дац аьлла, арздина Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре Новосибирскерчу блоггера Антонов Ростислава. Цуьнан бахьана дийцира цо Маршо Радионе.



Нохчийчу ша кхайкхина, я шен лаамца чубаьхкинчу хьешашна – уьш цΙеяхначу нахах белахь – деза совгΙаташ даларца говаьлла хьаькам ву Кадыров Рамзан. Цо ахчанца, деши-детица ирсе биначийн кочар дехха хир ду цΙершца уьш бийца баьхча.

Тахана Оьрсийчоьнан тергоне даьлла лела цхьа масал, тΙаьххьарниг – Соьлж-ГΙала веъначу актерна Депардьё Жирарна бахначу беттан 25-чохь «Грозный-Сити» олучу Ιаламат хазачу куьпахь пхеа чоьнан петар ялар.

Интернетехула а, кхечу алссам наха тидаме оьцучу хьостанашкахула а и дийца даьккхинчийн ойла цхьаъ яра – иштта а хьолах вукъвелла а, шен цΙахь шегара йогΙу ял ца дΙа ца яла, ведда а веъначу Депардьена хΙун динчунна елла петар, цецбуьйлура Владивостокера Архангельске, Шуьйтан лаьмнашкара Мурманске кхаччалц болу могΙара Оьрсийчоьнан бахархой.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гΙулчаш аьшнаш яр юхадетта декхаре ша хиларе терра, Кадыров Рамзанан пресс-секретара Керимов Ιаьлвис, дΙакхайкхийра кху деношкахь жоп. Низам ца талхийна оха, Депардьёна елла петар Ιедалан реестрера яц, юьстахарчу ахчанах динчу цΙачуьра ю, боху цо.

Керимов Ιаьлвис шен бепиг ду хьакъ ма-дду Кадыровна хьалха шена хьаналдеш. Амма иза хилла а ца висина кху деношкахь, Кадыров Рамзанан агΙо а лоцуш, интернетерчу блоггершна а, кхечу бала болчу а нахана жоп луш. Царалахь ву Оьрсийчоьнан президентан цΙарх Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъяр тергонехь латтош волу Нухажиев Нурди а.

Цо бахарехь, гΙиллакх хΙун ю хууш а йоцу Европа а, эхьдоцу Оьрсийчуьра харцо йийца Ιаьмна нах а бу Кадыровна луьйш. Кадыров, Нухажиевс бахарехь, вуьззина пачхьалкхан политик а, шен къомах дог лозу а, тешаме а сийлахь-воккха нохчо ву.

Иштта ю петарна гонах лелачу къамелийн фабула. Ткъа кхузахь цхьа цΙеххьана хаттар хΙоттало Керимовга а, оццу Нухажиевга а – Депардьена «Грозный-Сити» комплексера елла петар Ιедалан долара яцахь, хьенан долахь ю ерриг а «Грозный-Сити», иза а юй шен цхьа долахо а волуш, халкъах хьакхалуш а йоцуш?

Депардьена совгΙат йинчу петарх лаьцна кехат-арз хьажийна Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре Новосибирскерчу жигархочо, «Халкъан патруль» цΙе йолчу юкъараллан лидера Антонов Ростислава. Иза а ву шатайпа Навальный, халкъалара ваьлла нийсонча. Цо чуделла арз ду Оьрсийчуьрчу телевизионаша а, радионо а, газеташа а дуьйцуш.

Цуьнца къамел хилира Маршо Радион. Хьуна стенна оьшу дΙо, Новосибирскна гена йолчу Нохчийчуьра, хьал листа, хΙун доьху ахь Кадыров Рамзане, хаьттира оха.

Антонов: «Мохк вайн боккха бу, амма и дац низамаш ца лелаш меттигаш вайн хила еза бохург. Петарш схьаоьцу. Уьш оьшуш нах хилча-м стенна дуьйцура. Со тахана леррина хьаьжира, Магомедов Руслан Султановича дехар дина Нохчийчоьнан лидере Кадыров Рамзане.

Цо итт де хьалха дехна цуьнга – дашна ала, Депардьена цул ши де хьалха елла петар Соьлж-ГΙалахь – ша дуккха а бераш долуш а, хΙусам тΙамо йохийна а ву, шен иза эца таро а яц, шен цхьа бер заьΙап а ду, аьлла. Республикана цхьа билггал гΙуллакхаш дина а ву Магомедов, амма хала веха. Оцу хьолехь моттаргΙанаш, кепаш лелайо Ιедалша, петар елла и яла цхьа а бакъо а йоцчохь. Хеттарш гΙуьтту, царна жоп лаха ларам бу-кх сан».

Депардьё дуьненна а вевзаш артист ву. Иза хΙинца Оьрсийчохь вехаш хилар хьуна а, кхечу нахана а сийлахь дац, ца йогΙу тΙаккха, хьан пачхьалкх кхечарел дика а хеташ, кхуза ваха веъначу францхочунна Соьлж-ГΙалахь петар, аьлла дара Маршо Радион рогΙера хаттар.

Антонов: «Стенца билгалваьлла иза, со санна Оьрсийчоьнан вахархо ву-кх иза а. Оьрсийчоьнан вахархо хиларх, хΙун дина Депардьё Жирара сан мохк тобеш, Нохчийчоь, я кхин Оьрсийчуьра мохк дика хилийта? Стенна кхочу цунна шатайпа бакъо махкалла схьаоьцуш, вайн миллионашкахь вешан къаьмнийн векалш бац Оьрсийчоьнал арахьа бехаш? Украинехь, масала, 8 миллион оьрсий беха, Балтин мехкашкахь, Юккъерчу Азехь даймахка бахка аьтто боцуш бу. И хΙун адамех цабашар ду?

Ткъа Францехь ял дΙа ца луш, бехк токхуче а озийна волу стаг тΙеоьцу кхузахь, Оьрсийчохь. Иза беламе ма ду, клоунада ма ю актерна гонах гΙаттийна. Иза актер бен а ма вац, актер. Вац иза сийлахь-воккха. Цо шен ловзар дΙакхоьхьу, элин цуьнга хелхавала – иза волу, элин цуьнга лергаш долу куй тилла – цо туьллу. Кхин сов хΙума цуьнгара даларе хьежа хьашт ма дац. Иза ерриг а фарс ма ю. Со и нахе дΙакхачо гΙерта-кх сайн «Чохь садолчу журналан» йозанашкахь».

Дика ду, хаьттира оха, дина ахь арз Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре. Ткъа хиррий-те хьуна хьо реза волуш жоп?

Антонов: «Суна хетарехь, лур ду жоп Инарла прокуратурано, жамΙаш вуно пайде хир ду аьлла а хета суна. ХΙунда аьлча, вай хьайинарг йихкина кхобу тема ю. Мила ву Оьрсийчохь къоман турпал, мегаш дуй Кадыров Рамзанан гΙалаташ Ιора даха, боху тема».

Антоновс юьххьехь хьахийна, Кадыровга, цо Депардьёна петар еллачул тΙаьхьа, шен доьзал а эцахьара ахь тидаме, аьлла, дехар дина волу Магомедов Руслан Султанович къезиг вевза дуьненна хьовха, шен махкана а. Вац иза я артист а, я пелхьо а.

Депардьён могΙара нах бац ГалгIайчуьрчу Карабулакехь 12 шарахь «Промжилбазехь» Нохчийчуьрчу тΙамах бевдда беха иттаннаш доьзалш. Цара стохка а, кхушара а маситтаза мацалла кхайкхийна шаьш я хΙусамаш а, я кхача а боцуш, тесна дитина хилар Ιеткъаш. Амма ца хеза церан аз Кадыровна.

Ца хеза Кадыровна тΙамо Соьлж-ГΙалахь шайн цΙенош дохийча, хΙусам эца оьшучун дакъа а бен доцу ахча а делла, шайн латтанаш Ιедалан гΙишлош кΙел дахийтар харцо ю бохуш, тахана а боьлхурш.

Депардьё – веза хьаша ву, иза оьшуш ву, Итум-Кхаьллан лаьмнашкахь Ведучехь гΙон салазийн комплекс а ю йина яккха езаш, цига а лелар бу нохчашна сий ден хьеший. Ткъа чуьра проблемаш, уьш, гарехь, цхьаьнхьа а ца йоьлху. Шаьш йоллучохь лаьтта.
XS
SM
MD
LG