ТIекхочийла долу линкаш

Дуьххьарлера ял елла Оьрсийчура совдегаро Дерпардьёс


Франци -- Депардьё Жерар, Ницца, Фестивал, 06Манг2013

Франци -- Депардьё Жерар, Ницца, Фестивал, 06Манг2013

​Стохка Оьрсийчоьнан совдергар лоруш волчу Депардьё Жерара ял яларан деклараци кечйина даханчу 2013-чу шарахь ша даьккхина ахча гойтуш. Актеро билггал мел ахча даьккхина дуьйцуш дац. Амма ал яларехула болчу говзанчаша дийцарехь, Францера Оьрсийчоьнан махкахочо даьккхина 60 миллион гергга сом.

Депардьё Жераран продюсеро Фрилли Арнос дийцарехь, 2013-чу шарахь актёро Оьрсийчохь бина болх боьзна бара кинош йохуш дакъалацарца. «Известия» газетана ша еллачу комментарехь, Фриллис дуьйцу Депрардьёс дакъалаьцна хиларх лаьцна «Зайцев+1» цIе йолчу сериалехь а, «Виктор» цIе йолчу филмехь а.Ша даьккхинчу алапах Депардьёс пачхьалкхан бюджете дIайелла цу ахчанах 6 процент.

Францера вевзаш волчу актерна Оьрсийчоьнан паспорт делира президенто Путин Владимира 2013-шо долалуш.

https://www.youtube.com/watch?v=0frMUb2bILU

Оьрсийчохь актер совдегархо хилира пачхьалкхана яла езаш йолу ял лахара хилийтар Iалашонца. Нагахь Депардьё Жерар Европехь, я Iамеркехь кино йоккхуш дакъалоцуш хилахь иза ял яла дезаш ву Белгехь, цу пачхьалкхан гражданин ша хиларе терра. Бельгехь Депардьёс ял ло шен бахаман тIера а.

Wall Street Journal-о бинчу хаамца, карарчу хенахь цуьнан бахаман терахь ду 120 миллион доллар.

Оьрсийчохь болх беш болу совдегарш ял яларан декларацеш кечъян дезаш бу Стигалкъекъа-беттан хьалхара де тIекхачале. Мордовин ял яларан урхаллан куьйгалхочуьнан когаметто Шаляев Сергейс Известия-газете бинчу хаамца, Депардьёс шен хеннахь кечйина ял яларан деклараци.

Ткъа говзанчаша дийцарехь, нагахь совдегаро 60 миллион соьмал а къезга ахча даьккхинехь цуьнан аьтто бу аттачу яьккхинчу схемица ял дIаяла. Иза дина Депардьёс. Ткъа цо елла ял федералан бюджете яхана.

Хууш ма-хиллара, Оьрсийчоьнан паспорт шена делча Францера актеро регистраци йира Мордовин коьртачу гIалахь Саранскехь. Цигахь Депардьёс дIахьедар дира цу гIалахь ресторан схьайелла дагахь ву ша аьлла. Цул сов, шо хьалха шен цIарах културан кхерч а, кафе а ян воллу ша бохуш вара актер.

Ткъа кху бIаьста Францерчу хаамийн гIирсаш дийцира Депардьё ресторанийн маша кхолла дагахь ву Москох а, Петарбухехь а бохуш. Цул сов, Швейцарерчу сахьташ дон Cvstos-компанино дукха хан йоцуш дIакхайкхийра Депардьён цIарх сахьташ арахеца дагахь ду шаьш, «Аса дозалла до со оьрсий хиларна» аьлла бренд а йолуш, сахьтан экъан тIехь ши корта болу дашо аьрзу а долуш.

Амма Мордовин зорбанан а, информацин а министро Маресьев Валерийс «Известия» газете бинчу хаамца, Саранскехь йийцина йолу проекташ кхочуш ян ца йолийна Депардьёс. Сахьташ а дац хIинца а дан долийна. Хан тоьаш хир яц актеран цу гIулкхашна аьлла, хета министрна.

Делахь а Оьрсийчохь Депардьёс болх бина. Нохчийчохь цо дакъалецира «Бирюза» цIе йолчу филмехь. Вай лакхохьа ма-аллара, «Зайцев+1» цIе йолчу сериалехь а, «Виктор» цIе йолчу филмехь а рол ловзош вара актер. Цул сов, Депардьёс дакъалецира «Мария» цIе йолчу кхача кечбечу чоьнашна а, «Советский» банкана а реклама еш.

https://www.youtube.com/watch?v=455bLjREukw

Нохчийчохь къаьсттина дика тIеэцна волчу Депардьёс Оьрсийчохь дохка долийна ша доккхуш долу чагIар.

Гарехь, Францера актерана тайначух тера ду Советан Пачхьалкх хилла территори. Иза цигахь везаш а ву, лоруш а ву, къаьсттина авторитаран Iедалш долчу пачхьалкхашкахь.

Иштта дукха хан йоцуш Депардьёс дакъалецира Узбекистанан президентан йоIа Каримова Гулнарас йиш локхуш яьккхинчу клипехь.

https://www.youtube.com/watch?v=hBSxoj_xABA

Гергарчу хенахь Оьрсийчоьнан културан министралла оьшуш долу кехаташ дала дагахь ю «Бирюза» цIе йолчу, Депардьёс дакъа а лоцуш, яьккхинчу филмана. Нохчийчоьнан културан министраллан векло бинчу хаамца, и кино йоккхуш ши къира даьккхира цуьнан тобано Соьлж-ГIалахь а, Гуьмсехь а, республикан лаьмнашкахь а.

https://www.youtube.com/watch?v=3JJ4KfoegcA

«Бирюза»-кино хIинцале а гайтина Кадыров Рамзанна. Цхьаболчу хаамашца, Кадыровс, цхьайолчу нохчийн амалшца йогIуш йоцучу сценашна критика йинехь а, реза хиларца тIеэцна Депардьё Жереран филм.
XS
SM
MD
LG