ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тезетан де дара Нохчийчохь


Вайнах махках бохош, цIерпошташ тIебохуш, Чиллан-Беттан 23-гIа де, 1944, Автор вевзаш вац.
Вайнах махках бохош, цIерпошташ тIебохуш, Чиллан-Беттан 23-гIа де, 1944, Автор вевзаш вац.

Тезетан де Нохчийчохь белхан де санна дара. Амма иза новкъа ца хилира, ярташкахь сагIадаккха. Соьлж-гIалара болх бечу шина радио чохь а хезаш яцара самукъне эшарш. Цхьана радио тIехь дерриге а дийнахь зикарш а, нашидаш а дара. Вукху станцехь Даймахке безам хестор дара коьрте диллина. Наггахь. шинна а станцехь программаш яра, нохчаша, ширачу а, керлачу а исторехь лайна баланаш а, царех къам хьалхадаьккхинчарах а лаьцна.


Соьлж-гIалин йистехь Iуьллучу Шина Суьйра Юккъе олучу юьртахь, оьрсийн маттахь Пригородни а олу цуьнах, сагIийна доькъуш дара дама. Цуьнах йоьттина Камаз-машен меллаша урамашкахула дIайоьдура, хIораннан кетIахь, цхьацца гали тIера охьа а тосуш. Кхечу яьрташкахь, беллачеран синошна сагIа дIакхачаре сатуьйсуш, бежнаш а, уьстагIий а дайира.

Нохчийчоь - Кадыров Ахьмадна Соьлж-ГIалахь хIоттийна хилла хIоллам, Церители Зурабан болх, хIоллам дIабаьккхира 2009 шеран гурахь.
Нохчийчоь - Кадыров Ахьмадна Соьлж-ГIалахь хIоттийна хилла хIоллам, Церители Зурабан болх, хIоллам дIабаьккхира 2009 шеран гурахь.
Соьлж-гIалахь дерриге а де шен могIарерчу боларца дIадахара. Болх беш яра базарш а, ресторанаш а.

Телевизионан а, радион а эфирашкахь нохчий махках бохорах лаьцна яьккхий программаш елахь а, дукха наха хIара де дузу Кадыров Ахьмад дIавоьллинчу денца. И вийна де цуьнан агIончаша дIахоттош ду къоман кхечу Iаьржачу деношца.

Соьлжа-гIалахь бехачу ХасановгIеран доьзалан а ду хIара де шайн кепехь гIайгIане. 2004-чу шарахь стадионехь хиллачу оцу эккхарехь велла цу доьзалера журналист хилла волу Хасанов Iадлан.

Эккхар хуьлучу хенахь иза нисвеллера республикан куьйгалхой тIехь Iачу трибунана хьалхахь, суьрташ дохуш. Цигара схьакхеттачу, я гериго, я масатоьпан патармо делахь а, хадийра цуьнан дахар. Цуьнан йижарийн а, вежарийн а белла дIабоьвлалц дагахь лаьттар ду иза. БархI шо ду цара иза вер а, дIавоьллина а де билгалдоккху. Оцу дийнахь, хIоьттина тезет тхан дегнашкара дIа ца яьлла, боху цара.
XS
SM
MD
LG