ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шалха ду Кадыров Ахьмадах дисина иэс


Беляев-Гинтовт Алексейс диллина Кадыров Ахьмадан сурт, 2009
Беляев-Гинтовт Алексейс диллина Кадыров Ахьмадан сурт, 2009

Къам Сталина махках даккхар а, мехкан администрацин куьйгалхочун Кадыров Ахьмадан кхалхар а цхьаьнатоьхна билгалдоккхуш ду Нохчийчохь.


Цигарчу тхан корреспонденташкара кхочучу хаамца, гуламашкахь дерриг къоман 1944-чу шеран бохамал хьалха хьехориг дара бархΙ шо хьалха Соьлж-ГΙалахь Кадыров вер.

Оцу хиламца дозуш дара Маршо Радионо ладогΙархошна хьалха кху кΙиранна хΙоттийна хаттар. Иштта дара иза. Мел меттиг дΙалоцу Кадыров Ахьмадан васто Нохчийчохь, хьакъ дуй иза къоман хьалханча а, къам аттаче даьккхина а стаг лара?

Хаттарна жоп луш зΙене велира Теркйистера Ризван. Цунна хетарг иштта ду.

Ризван: "Цунна къам шена тIаьхьа хIотто а хиира, хьераваьлларг, Iовдала лелаш вверг кIезиг хьоьстуш, доцца хадон а хиира. Нохчийн мотт бийца хиира нохчийн къомаца. Духьала дIаолура цо, хIара къайниг - кIайн ду-хьуна, къорзаниг - къорза ду-хьуна. Массо кхетон а хааьра. Оцу хенахь дацара хIинцаниг – дерриг а, дIога боьгIна бIогIам а, и муха хета шуна, аьлча а, и юкъахьакхаво.

Диканиг вуй а хаьа, цхьаммо а вийца ца везаш, вовза а вевза, ткъа и стаг дукха вийцаро иза сийсазвоккхуш санна хета суна. Цунах цадашар санна хета суна иза. Вийца везарг мила ву? Дела а ву, Делан элча а ву ( Делера салам хуьлда цунна). Хьахийчахь, ала ду, Дела доьхьа вара диканиг-м. Ткъа кхидIа вайнехан хила а дац стаг тIех вазвеш. Дика стаг вара, аьлчхьана долу. Хеставар совнаха ду.

Парламентерчу Дукавахас, Абдурахмановс элира-кх (ма-дарра ала-м ваьхьар а вац – хьур ву цу сохьта!), и хIунда хеставо,аьлча, ас элира, вай-м Ермолов а хестийна. …ВаллайхIи ца хестийна ас-м! Боху,ас и хестор а ву, вуьйцур а ву. Вийцийша! Абдурахмановс хIинцца бохура, Великий (оь. м. - Сийлахь) Ахьмад Кадыров, Великий цуьнан воI Рамзан. Уьш стенна дуьйцу?! Дика кIант ву, шен къоме дика хьожуш а ву, алий, IадIехьа, шега хаттахь!"

Ризванан даггара ю Соьлж-ГΙалара Бирлант а. Лара а догΙу, иза нийсса а до дечара, амма тΙех хестор нийса дац, боху Бирланта.

Бирлант: "Халачу хенахь, тIом луьра болуш, хьалха а ваьлла, тIом саца-м бина цу стага. Кхана хIун хир ду ца хууш, массо а гIайгIанехь,балехь волу хан яра-кх иза. Деккъа и бахьанехь и лара догIу. Мил-мила а ма вацара цу хенахь хьалха вер волуш а, я ваьхьаш а. Цо ала а олура, тIом сацон яц шен Iалашо, и дIабаккха ю. ДIа-м баьккхира. …Бакъдерг дийцича, хIинца и хеставар кхета а ца ло цхьаьна агIор. Хестош вийца-м вуьцу иза, амма цуьнгахь и совнаха хIуманаш дан-м дацара. Ша цо я хеста а ца вайтора. И кIезиг хIуманаш герга а ца дуьтура шена».

Нохчийчуьра хаттарна жоп луш зΙе тоьхначийн ойланца шалха йолуш ю Европехь вехачу Лукъманан дог-ойла. Цо дагалоьцу къоман тΙаьххьарчу заманан агΙонаш а, лидершлахь шена мила муха го а.

Лукъман: "Вайн къоман баланашка вай ладоьгIча,даима а вай цIера арадахарш дукха нисделла. Вайн къоман тIаьххьара цIера арадаьхна I944 шарахь Чиллан-беттан 23-чохь. И де диц ца деш, вай Декъастана юхадирзича а, вайн къомо даима а халонаш лар, вайн хеназа дIкакхелхина йижарийн, вежарийн дагалоьцуш, тезеташ хIиттош хуьлура.

ТIаьххьара а –Дала гIазот къобал дойла – вайн къомо йозуш йоцу пачхьалкх а кхоьллина, оцу пачхьалкхан коьрте, массара а цхьатерра ара а девлла, вешан баьчча хаьржира, ДжовхIар. ДжовхIарс шеен заманахь, тоьар ду, элира, оцу денна вайн тийжар, вайн сингаттам, вайн бала, вайн гIайгIане, вайна тезета хIиттар. Тахана-тховса дуьйна, Чиллан-беттан 23-гIа де бале, гIайгIане, сингаттаме хир дац, элира. Халкъ цIинло де ду, аьлла, дIакхайкхийра. Йицйина яц нохчийн къоманна тIехь лелийна къизалла а, харцо а, боьхалла а.

Хирг хир ду оцу Кадыров Ахьмадан хьокъехь дерг диканиг а. ХIора а стеган АллахIа ша хадор бу мах. Вай цIерадаьхна денош, сингаттамаш, цIиндалар цуьнца доьзна, соьга алалур дацара.

ХIунда аьлча, оцу стага - Дала, шена лаахь, гечдойла цунна – ша ма дийцира цо, вайн къоман эскар кхоьллича, оцу эскарна хьалха дIа а хIоьттина, мостагIчун сибатах лаьцна, и сибат муха хир ду. И сибаташ дийца а дийцина, тIаьххьара а, меллаша, вохка а велла, хьалххе ша вайна схьааьлла долу сибаташ гучу ма дехира цо. Оцу стага лелийнарг, динарг... юха а боху ас, АллахIа къастор бу мах.

Вайн къомехь бала бу. Вайн къам даха ца дуьтуш, эзарнаш шарашкахь дуьйна йолу вайн истории дIаяккха гIерташ, цуьнан бух багош, иштта схьадаьхкина ду-кх вай. Тахана мукъане а жима сама а девлла, харцонаш лелаяйта ца езара вай. Тахана ала дезара оцу нахе, IадIахьара шу, дитахьара аш нохчийн къам даха. Цкъа мукъане а сама а довлий, ваьшна юкъара харцо дIаяккха вай, ма бакъахьа дара-кх и дIаяьккхича».

Маршо Радионо баркалла олу шеца зΙене бевллачаьрга, цара шайн ойланаш вайна тешорна. Мехала ю и тайпа юкъаметтигаш. Гергарлонехь хила Маршо Радиоца. РогΙера хаттар оха хΙоттор ду тΙедогΙучу кΙиран юьххьехь.
XS
SM
MD
LG