ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат хилла Воронеков вийна Киевехь


Киевехь тахана вийна Украине ведда хилла КПРФ партин цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат хилла Вороненков Денис. Иза лоьхуш вара Оьрсийчохь бехктакхаман гIуллакхехула.

Вороненков вийна хилар тIечIагIдина Киеверчу полицин векало, "112" телеканалана интервью луш. Цо дийцарехь, цуьнца хилла кхин цхьа стаг чевнаш хилла ву.

Вороненков вийна Пушкинан урам а, Шевченкон булвар а къаьстачохь. Цкъачунна болчу хаамца, киллеро Макаровн тапча йиттина цунна. Цул тIаьхьа, тапча цигахь охьа а кхоьссина, ведда зуламхо.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат хиллачу Пономарев Ильяс Facebook-хь хаам бина, Вороненков шеца цхьаьнакхета вогIуш вара аьлла. Цо дийцарехь, иза талламхо вара, Оьрсийчурча ницкъаллан структурийн белхахошна кхераме волу.

«ФедералПресс» агенталло бинчу хаамца, карарчу хенахь Вороненковна тIелатар дина киллер а, ша а чов хилла воллушехь тапча тоьхна иза лазийна волу хиллачу депутатан гIаролхо а дарбанан хIусамехь ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG