ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ойла йожаран ойланаш


Оьрсийчоьнан талламан комитетан Нохчийчухула йолчу урхаллан керла куьйгалхо Девятов Сергейн аьтто хир бу аьлла хетий шуна, Нохчийчохь хила ма безза талламан комитетан урхаллан болх дIахIотто а, Iедалехь болчу наха дина бохуш дуьйцуш долу зуламаш таллар чекхдаккха а аьлла дара оха кху кIиранах эфирехьдийцаре дан хIоттийна хаттар.

Хала хир делахь а, цхьа хийцамаш бан ца гIуртуш Iийр вац инарла Девятов аьлла хета Соьлж-Галара Шовхалов ВахIидана. Девятов хьовха цу дарже милла а хIоттийча а, хьал хийцалур дац Нохчийчохь аьлла тешна ву Ведан-кIоштахь веха Батаев Муса.

Исраилов Бекхан Москох вехаш ву. Иза а теша талламан комитетан керла куьйгалхочо зуламаш талларехь хIоттина хьал мелла а хуьйцур ду аьлла.

Тхан кху сайт тIехь интерактиван таллам а бу оха дIахьош цу хаттарца боьзна. Карарчу хенахь долу жамIаш шуна гуш ду.

Инарлан Девятов Сергейн зуламхой, уьш Iедалехь бу аьлла ца Iаш, жоьпе озо доьналла тоьар ду дац ца хаьа шайна аьлла жоп делла 8 сов процент цу талламехь дакъалаьцначара.
Оццул бу Девятовн цхьадолу зуламаш талла а, зуламхой кхеле озо а аьтто хир бу аьлла хетарш.

Ткъа 83 процентана хетарехь, талламан комитетан Нохчийчурча урхаллан коьрте хIоттийначу керлачу куьйгалхочуьнан доьналла хир дац зуламхой, уьш Iедалехь бу аьлла ца Iаш, жоьпе озо. Царна хетарехь Iедалехь даржашкахь болчу а, ницкъаллин структурашкахь болчу а наха дина зуламаш талларх ларлур ву иза.
Цу жамIашна шу реза дацахь шун аьтто бу шайна хетарег довзуьйтуш кху сайт тIехь кхаж таса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG