ТIекхочийла долу линкаш

Вуно деза лору мархийн баттахь стаг вузор


Нохчийчоь -- Мархийн бутт.

Нохчийчоь -- Мархийн бутт.

Марха кхабар санна деза лору мархийн баттахь марха кхобу стаг вузор. Иза дагалаьцна Нохчийчоьнан шахьарехь мархийн бутт болийра нахана мехаза яахIума яларца. Автор Медова Иман.

ХIоккху безачу мархийн беттан хьалхарчу дийнахь цхьайтта ресторан чохь а, кафе чохь а марханаш дастийтира нахе: ‘Вайн Парк”, ”Бургер Авеню”, ”Эль Грано”, ”Чайхана”, ‘Марзо”, ”Сату”, ”Сквер”, ”МФК”, ‘Гудермес Сити”, ”Аргун - Сити”. Шайн оцу сагIадаларан акцех ойла йийцаира “Марзо” а, ‘Вайн Парк” цIе йолчу ресторанийн белхалоша Далданова Залинас а, Алимханова ПетIаматас а.

– Залина, шун ресторанан белхалошна хIунда лиира ца сагIадаларан акцехь?

- Вайна ма-хаьарра, марха достуш волчу стагана яахIума ялар- цхьана дийнахь марха кхабар санна мела бу. Цундела оха хазахетарца дакъалецира оцу акцехь. Оха царна жижиг-галнаш а, чIепалгаш а, нохчийн чорп а елира. Вайн нохчийн кицанехь ма-аллара – юучуьнца бен маро ца кхета. Оцу суьйранна баьхкина дукха нах бара. Къаьсттина кегийрхой.

Тхан белхалойн тобано чIогIа къахьийгира и яахIума нахана мерза хетийта. Жиманиш а, баккхийниш а дIабаха дукха чIогIа реза хилла. Тхайн белхан де буьйсанна цхьайтта сахьт даьлча чекхдолушшехь, тхо 2 даллалц Iийра нахе марха лацийта. Марха лаца баьхкиначу нахана юккъехь полицин белхахой а бара.

ХIора кIоштахь адамийн терахье хьаьжжина маьждигаш ду. Мархийн баттахь цу чохь болх беш – юург кечъеш тобанаш ю. Цара хIора сарахь шайн неIарш дIайоьллу нахана. Марханаш достучарна цара кечйо: пулу, жижигах, дакъийнчу жижигах а даарш, стоьмаш, хастоьмаш, тайп-тайпана мутта. Биста кхаччалц, къаьстамаш ца беш, нах буза а бой, дIабохуьйту цара.

Вайн Нохчийчоь бен кхечу луларчу республикашкахь и дац. ЯахIума луш йолчу тобана юккъера Султана дийцира соьга: - Дуккха а нах богIу маьждиге маьркIажа ламаз дан. Уьш марха даьстина бен оха маьждигера дIа ца бохуьйту. ХIокху беттан хIора суьйранна маьждигехь марха достучу нахана мерза даар латтор оха тхайна тIелаьцна.

Тахана Нохчийчохь жима а, воккха а марха кхобуш ву. Халахетахь а, царах цхьаболчеран аьтто бац шайн беза кхачах кхеташ, марха даста а, марха лаца а. Цундела, яахIума царна мехаза лучара марха кхаба аттах до. Наха кху безачу баттахь лело коьмаршалла а ю мархийн беттан билгало а, цуьнан хазалла а.

Цунна хир ду-кх наха мацалла бал хьоьгуш белахь а, Нохчийчохь массанхьа а белбелла, самукъдаьлла хаалуш хилар. Теша лаьа, тахана вайн махкахь массанхьа а хаалучу комаьршаллах а, вовшанца догцIена хиларх а, хIара мархийн бутт чекхбаьллачул тIаьхьа а, вай къаьстар ца хиларх.

XS
SM
MD
LG