ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчура вевзаш волчу гIалгIайн бизнесхочо Гуцериев Микаила, "дуьне а цецдоккхуш", вуно дукха рицкъ дайина шен кIанта зуда ялийна аьлла ловзар деш.

Цуьнга цакхачахь а, интернетехь кхин а ю цу кепара вайнехан деза ловзарш гойтуш яьхна видеош. Кхеташ ду, хIора а шен таронашка хьажжина лелаш хилар а, лела бакъо йолуш хилар а. (Гуцериевх лаьцна аьлча иза дуккха а сагIадоккхуш а ву). Делахь а, шуна хIун аьлла хета? Цу тайпа ловзар вовшахтохар вайнаха масал эца оьшу гIуллакх ду аьлла хетий шуна?

Цунах лаьцна шена хетарг ала луучунна йовзуьйту тхайн телефонаш.

Прага: + 420 724 019 832.

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724019832.

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG