ТIекхочийла долу линкаш

Дика адамаш дукха хиларан тоьшалла


Испани - Роналдо Криштиано футобална аренехь Шемара жима кIантаца Заидца.

Испани - Роналдо Криштиано футобална аренехь Шемара жима кIантаца Заидца.

Тамашийна бу адаман кхоллам. Ши кIира а дац дуьненан массо а аьлча санна хаамийн гIирсашкахула Сербин, Венгрин юккъера доза а хадийна, Евробертан лаьтта тIевала хьаьддачу Шемарчу ден, цуьнан марахь воллучу кIантана венгрихойн цхьана аьтто хьежамаш болчу телеканалехь оператор болх бечу зудчо ког тессина, и ши пекъар лаьттах кхеташ гойту видеокадарш чекхадевлла.

Ткъа тахана и сел кIоршаме лаьттах кхетта волу дай, кIантий шаьш уггаре майрачу сатийсамашкахь а ца лийринчу хьоле кхьаьчна – да Мохьсен Iусам, Шемахь футболан тренер болх беш хилла волу, и видео зорбане яьллачул тIаьхьа

Испанерчу CENAFE футболан академино балха кхайкхина, цунна хIусам а, белхан массо а аьттонаш а Iалашбеш. Ткъа цуо марахь Венргрерчу дозанал сехьа вадийна хилла цуьнан ворхI шо долу кIант СаIид даханчу мукъаденошкахь шеца футболан аренна тIе ваьккхира вайн заманахь дуьненчохь уггаре а сийдолчу футболхочуо Роналду Криштиана.

«Сантьяго Бернабеу» стадион тIехь ша испанхойн Гранада тобанца ловза араволуш Роналдус тIе йоьхнера мухIажаршка марша догIийла боху йоза долу коч, ткъа шеца куьг лаьцна валош вара цуо хIинцале а шен доцачу дахарехь шортта мухIажараллин къахьонаш а, тIеман баланаш а гина волу ворхI шо долу СаIид. Цул совнаха, кеста Мохьсен Iусаман Шемахь йисина йолу хIусамнана а, ши йоI а ю Испане цигарчу Iедало лерина векалтехула кхайкхам а бахьийтина, схьайалор йолуш.

Нагахь санна цу дений, кIантаний ког тессина, и шиъ ведда вогIучура вожийна йолу венгрихойн журналист социалан машанаш бахьана долуш шен кIоршаме лелар гучу а даьлла, балхара йоьхна ца Iаш, мухIажаршца гамонан символ хилла дIахIоьттинехь, цуо вожийна хилла шиннан сий дина къинхетамечу наха.

Къинхетаме нах – цу дешнийн бакъдолу маьIна гучудуьйлу дела денна Европерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь могIарерчу бахархоша эзарнашкахь схьаоьхучу мухIажаршца лелон оьзда гIиллакх тергалдеш. „Йа Раббана, ма тамашийна адамаш хилла кху Европехь дехаш! Ма дукха а хилла кхузахь цу кепара тамашийна адамаш!“ боху ойла дIа ца йолу, Германин а, Австрин а, Хорватин а, ур-атталла аьтто хьежамаш болчу урхалло, премьер-министр Орбан Виктор коьртехь а волуш, дуьненна а мухIажаршна гома мохк санна цIе яржийначу Венгрин бахархоша мигрантийн Iуналла деш гуш.

И тамашийначу адамаллин масалаш гойтучарна юккъех бу спортхой, хьукматхой, исбаьхьалхой, артисташ, кериста а, бусулба а диний а векалш. Белхашкахь яккхийчу лакхенашка кхаьчнаберш а, банне а болх боцуш, шаьш а халла хене бовлурш а бу царна юккъехь.

Кху кIиранашкахь дийнахь а, буса а, сахуьлуш а – муьлхачу а хенахь Венерчу Вестбанхоф я Хауптбанхоф цIерпошта вокзалашка кхачахь, цигахь го бIеннашкахь и къинхетаме нах, тIеохучу мигранташна орцанна арабевлла болу. Цхьаберш бу шайн долахьчу мобилан телефонехула мигранташка шайн цIахь бисинчу гергарчу нахе коста кхачадайта баьхкина. IАрбойн а, пуштун а, ингалсан а меттанаш хууш берш бу мехаза гочдан баьхкина. Иштта дIа кхин а.

Амма уггаре а дукхах бу йовха юург яхьаш баьхкинарш, беха некъ бина мигранташ меца буйла хууш. Царех ю тIаьхьарчу 27 шарахь Венехь ехаш йолу шемахо Елварди ПетIамат. КIирандийнахь цкъа делкъа хенахь Трайскирхен мухIажарийн лагере яхнера иза шен хIусамдеца, цигарчу наха юург а, тIеухург а эцна. Ткъа сарахь Венерчу хIауптбанхоф цIерпошта вокзале еана, гIудалкхи юьззина бовха кечбина кибех а, малфуф а цIераш йолу шемахойн къоман кхачанаш а бохьуш. Цуо дуьйцу.

Елварди ПетIамат: „Тхаьш еана йолу юург дIасаекъа даьхкина ду тхо кхуза хIинца схьакхаьчначу мухIажаршна. Со суо а ю Шемара, сан даймахкара нах бу уьш. Цундела гIо дан лаьа суна. Кегий бераш а ма ду цаьрца. Уьш я шайца юург а, я лортIехь тIеюхург а, я ахча а доцуш цхьабаьхкина ма бу. Итт дийнахь гIаш некъ ма бина цара. Меца хир бу уьш. Цундела чохь дагадевллера тхо, хIума а эцна даха деза вай аьлла. Тахана Трайскирхенехь а дара тхо, юург а, я тIеюхург а эцна дахана. ХIинца кхуза даьхкина юург йохьуш“.

Мигранташна гIодечарна юккъехь бу иштта бевзаш болу немцойн а, австрихойн а исбаьхьалхой. Вевзаш волчу немцойн киноактеро Швайгер Тилс, Голливудерчу филмашца гIарваьллачу, шен а, шен доттагIийн а чотах йотта йолийна 600 мухIажарна чохь Iен меттиг йолу юкъараIойла. Европехь уггаре а дикох хьелаш долу мигрантийн кхерч хир ю иза, шена чохь спортан кхерч а, ишкол а, берийн беш а, ткъа иштта зударшна а, божаршна а керла белхан говзаллаш Iамон меттиг а йолуш.

ЦIеяхханчу австрихойн исбаьхьалхочуо Ниаварани Михаила Трайскирхенерчу мухIажарийн лагерна хьалха кIирандийнахь йоккха мехаза концерт елира. И бахьана долуш интернетехь цуьнан агIонна тIехь цхьацца болчу аьтто-радикалхоша цабезамаш комментареш йитинера. Ткъа уьш ешначу Ниаваранис мигранташна гомачарна гуттар а дагах кхетар долу хIума дагадийтина шена.

Цуо дIахьедар дира шен агIонна тIехь, наци хьежамаш болчара мел язъечу мухIажаршца гомачу комментареш ягар а еш, хIора а цу кепарчу постингах мухIажаршна гIоьнна пхиппа евро хьажор ду шай, шен накъосташий аьлла. „Баркалла шуна, аш тхуна мухIажаршна гIо дан гIо деш“ - аьлла яздинера цуо кхардамца.

XS
SM
MD
LG