ТIекхочийла долу линкаш

Димаев Iела: Керлачу шарца, вайнах!


Нохчийчоь --Керла шо Соьлж-ГIалахь, 30ГIур2013

Нохчийчоь --Керла шо Соьлж-ГIалахь, 30ГIур2013

ГIараваьллачу композиторо а, илланчо а Димаев Iелас Маршо Радион Керлачу Шарна хьажийначу программехь дакъалацар цхьа ша кепара ламаст а хилла дIахIоьттина. Димаев Iелас баьккхина бу тхан программаш йолалуш оха лелош болу дуккха а ладогIархошна безабелла томе мукъам.

2013-чу шарахь Димаев Iелин 60 шо кхаьчна. Иза дага а лоцуш долийра цо шен къамел.
Шайн ден гIарвьллачу композиторан а, пондарчин а Димаев Iумаран хилла пондар, то а бина, Нохчийчу иза бохьуш юхавирзина шен ваша Iамарбек бохуш дийцира Димаев Iелас.

Кхин цхьа хаам а бира цо. «Зама» ансамбл юхакхолла сацам бина цуьнан декъашхоша. Иза дика кхаъ бу Димаевн а, цуьнан накъостийн а кхолларалла езачу нахана.

Керла шо тIекхочуш ладогIархошна шен ши илли хазийта лаам хилар а хьахийра Димаев Iелас.
XS
SM
MD
LG