ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Динозавран хIоаш карийначух тера ду Шаройн лаьмнашкахь


Нохчийчоь -- Шайна динозавран хIоаш карийна хиларан тоьшалла гойтуш ву Нохчийн университетан хьехархо, географ Джабраилов Сайд-Эми, Соьлжа-ГIала, 13Оха2012.
Нохчийчоь -- Шайна динозавран хIоаш карийна хиларан тоьшалла гойтуш ву Нохчийн университетан хьехархо, географ Джабраилов Сайд-Эми, Соьлжа-ГIала, 13Оха2012.

Шаройн къоштарчу ХIимой юьртана гергарчу лаьмнийн чхарнашца дохкуш, миллионаш шерашкахь шайх тIулгаш а хилла, динозавран хIоаш карийна географин талламаш беш Нохчийн университетерчу тобанна. Тобан коьртехь хиллачу Iилманчица къамел дира Маршо Радионо.


Нохчийн пачхьалкхан университетерчу геологийн факультетерчу тобанна Шаройн кIошта цхьацца талламаш бан йоьдучу хенахь ца моьттура цигахь динозавран хIоаш хуьлийла ду. Оцу тобанна хьалхаваьллачу Iилманчас Джабраилов Сайд-Эмина Маршо радиога дийцира, шайна карийначух лаьцна.

Джабраилов: Даима а талламеш беш ю тхан экспедици. Тхо Шаройн кIошта даханера, цигара ши чухчари талла. Тхайн болх чекх а баьккхина, тхо лелаш, цхьана басех дохкучу даккхий тIулгех бIарг кхийтира тхан. Шера, горга дара уьш. Цигахь оха тIехула бинчу талламца, динозаврийн хIоаш ду, аьлла, сацам хилира тхан. Кегдинчу тIулгашна юкъахь долчу суьрте хьаьжча, гуш ду, уьш цхьана хенахь хIоаш хилла дуйла. Юккъахь кIай а, буьйра а хилла ларш а йолуш. Вайн Кавказ 60-за хи буха йоьдуш, хьалайолуш хилла ю. РогIехь хи тIедолучу хенахь хиллачух тера ду иза. 60 миллион а сов шерашкахь хи бухахь лаьттинчу оцу хIоанех тIулг хилла".

Нохчийчоь -- ХIимой-Юьртана гергарчу ломан тархаца дохку горга тIулгаш динозавран хIоаш хиларх тешна ю экспедици, 09Оха2012.
Нохчийчоь -- ХIимой-Юьртана гергарчу ломан тархаца дохку горга тIулгаш динозавран хIоаш хиларх тешна ю экспедици, 09Оха2012.
​И хIоаш карийначу меттехь даьхначу суьрташка а хьоьжуш, Iилманчаша, юха-юха а чIагIдо уьш динозавран хIоаш хилар. Цхьа тIулг юккъехула кагбича, чуьра гуш ю цуьнан чкъуьйриг а, кIай а, буьйра а хилла меттигаш. Гуш ю, оцу чохь хиллачу сарсалан лар а тIехь. Иза билгалдоккхуш ву оцу экспедицин декъашхо волу Iилманча-геолог Алхазуров Мохьмад.

Алхазуров: "ХIара геологин гучудаккхар Юра-заманара долчух тера ду.Оцу муьрехь яьхна, массо а Iилманчаша бахарехь, и динозавраш. Иза мел лаххара а 65 миллион шо ду аьлла хета суна. Тевна даккха дехкина хилла и хIоаш. Оцу суьрташ тIехь гуш ду оха бустамаш бохуш. Цхьадолу хIоаш даккхий ду, вуьйш кегий ду".

Муьлха а, и тайпа хIума карийча, иза, Iилманчаша гул а лой, зерашка даьккхинчул тIаьхьа, цхьа сацам а бой, дIадоьрзу, иза я даре деш, я харц деш. Карийна и тIулгаш хIоанех тера ду, амма леррина говзанчаша мах хадабаллалц, уьш динозаврийн хIоаш ду, бохуш, чIагIдан ца оьшу аьлла хета кхечу Iилманчана Висмурадов Адамна.


Нохчийчоь --Динозавран хIоа хила тарлуш болу тIулг, ХIимой, 09Оха2012
Нохчийчоь --Динозавран хIоа хила тарлуш болу тIулг, ХIимой, 09Оха2012
Висмурадов: "Уьш хила мега хIоаш. Тера ду чIогIа. Амма палеонтологаш шайн жамI даллалц, ду я дац, ала хала ду оцу гIуллакхца.Таханлерчу дийнахь вай оццул дукха хIоаш дIагайтича, палеонтологина а, геологина а, Iилманна а мехалла ду. ХIинцалц вай цIахь динозаврийн ларш лохуш болх бина бац. Кавказ хин бухахь лаьттина хилла ю, бохуш, тIеэцна сацам бара лелош. ХIинца и карийнарг, юха а боху ас, мехалла ду, сенсаци ю, нагахь санна иза Iилманчаша даре дахь".

Ала догIу, Висмурадов Адам хIокху кIирандийнахь карийначу тIулгийн гериг а эцна, Ессентуки-гIала воьдуш ву, цигарчу лабораторехь таллам байта.

Гарехь, динозаврийн хIоаш ду бохучу оцу тIулгех пайда эца хьожур ду меттигера Iедал. Иза чIогIа оьшуш хIума ду махкахь туризм яьржорехь, боху цхьаболчу тергамхоша.
XS
SM
MD
LG