ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун доьху университетан дипломах?


Москох - Инженерийн Университетан студенташ бу экзаменашна кечам беш, 2011
Москох - Инженерийн Университетан студенташ бу экзаменашна кечам беш, 2011

Керла шо даздарш чекх а девлла, хIинца шайн дипломийн белхаш язбан дезаш бу Оьрсийчура лакхарчу доьшийлийн студенташ. Амма боккъалла долу сурт муха ду аьлча, оьрсийн университетийн студенташа дипломан белхаш шаьш а ца язбеш, шайн меттана цу тIехь къахьоьгучарна ахча ло. Цунах лаьцна материал кечъйина Маршо радион корреспонденташа Хисамиев Наиля а, Бигг Клэрас а.


Iаьнан сесси дIалуш, курсан белхаш дIаберзош бу Оьрсийчура студенташ. Амма цхьаберш, атта некъ а лехна, шайн меттана и маьIне белхаш язбан ахча далар гIоли хеташ бу. Критикийн хьесапехь, цхьа мацах дозалла дина хилла Оьрсийчоьнан дешаран система йоцчунна тIе йолу и бахьанехь.

ГIезалойчохь ехаш йолу Лайса цIе йолу жима зуда студентийн тайп-тайпанийн белхаш а, диссертацеш а язъеш доккхуш ю шена ахча. Сьуденташна юкъахь шуьйра евзаш ю иза. Цуьнан шен гуттар а болу нах бу цуьнан гIоьне сатуьйсуш.

Лайса: 5 000 соьмана тIера бу рефератан болх. Вуьшта, хIора стагца буьйцу мах, цуьнан тароне хьаьжжина. Аса интернетера хIумма а схьа ца оьцу, кхечарах тера ца язбо белхаш. Библиотекехь айса талламаш бо. Сайн цIе ларъйо аса, сайн клиентех яла ца лаьа суна.

Маршо радио: ГIезайлочоьнан коьртачу Казань-гIалахь университетехь беш болу белхаш бохкар мел юкъара хIума ду гойту, Оьрсийчохь уггар а йоккхачех йолу социалан машанехь вКонтакте боху вебсайт тIехь цара шаьш и тайпа белхаш беш хиларх яздаро.

ГIезалойчохь тоьллачех лоручу Казанера Федералан Университетан социологин профессоро Ясавиев Искандера бахарехь, и тайпа белхаша доккха зе до лакхарчу дешаран стандарташна:

Ясавиев: Иза чIогIа шуьйра даьржина хIума а ду, ша долу дешар моттаргIанех а тардина цо.

Маршо радио: Гийматдинова Ания оццу университетехь гIезалойн филологи а, истори а Iамош ю. Шеца доьшучу студентийн мел лаххара а ах декъо мехах язбойту шайн белхаш. Дукхах болчу хьехархоша, шаьш ца кхетачуха, баьргаш къовла цу хIумана. Маршо радиога къамел деш цо элира.

Гlезалойчоь -- Гийматдинова Ания, Казанерчу Федералан университетан студент, 08Деч2013
Гlезалойчоь -- Гийматдинова Ания, Казанерчу Федералан университетан студент, 08Деч2013
Гийматдинова: Гергарчу барамехь ах студентийн декъо шаьш язбо шайн белхаш. Вукхо эхо ахча ло шайн метта иза язбойтург. Суна бевзачарна юкъахь курсийн белхаш а, рефераташ а яздойтурш а бу. Уьш хьекъал доцуш бац, книгаш йоьшуш, библиотекехь шайн хан яйа мало йо цара.

Маршо радио: Оьрсийчохь дешаран системехь лелош йолу бозбуунчаллаш а, моттаргIанаш а хьесапе эца хала ду. Цхьа а официала хьесап дац цунна дина. Оьрсийчоьнан Дешаран министралла а, Лакхарчу Дешаран Аттестатан Комисси а - реза ца хилира и хаттар дуьйцуш, Маршо радиоца къамел дан.
Цхьа моггIа университеташ хьаьвсина и проблема къастош гIулчаш яха. Цхьаццанхьа ур-атталла студенташ дIа а баьхна доьшучара плагиат ярна (нехан болх лачкъорна) я цхьанге шайн меттана яздайтарна.

Москохарчу Йохка-эцаран а, экономикан а пачхьалкхан университетехь информацин, совдегараллин а, коммерцин а бакъонийн кафедран куьйгалхо ву Рассолов Илья. Цо дийцарехь университетийн шайн гIирсаш бу бозбуунчаллашца къийса.

Рассолов: Университетийн тIегIанехь шен гIирсаш бу бозбуунчаллашца къийса. И гIирсаш эвсара а бу. Тхан университетехь оха цIераш а, теманаш а хIора шарахь хуьйцу, тIаккха студенташка оцу белхех юха а пайда ца эцийта. Цул сов, оха юкъайохуш йолу цIераш тхоьл а хьалха цхьаммо цкъа а ца лелийнарш хуьлу. Муьлхха а Iилман кандидате язлур болу курсан болх а ца бац иза, диссертаци хьовха.

Маршо радио: Рассоловс бахарехь, дешаран тIегIа лакхаяккхарца а, университеташкахь урхалла дар тодарца а Оьрсийчура дешаран системехь бозбуунчаллаш лелор лахдалур дара.
Амма официала дуьйцуш дацахь а, бозбуунчаллаш хIинца а чIгIа ду Оьрсийчоьнан лакхарчу дешаран системехь.

Казанера социолог Низамова Лиля хьаьжнера даханчу шина шарахь оцу хиламан мах хадон. ЖамIаш, цо динчу хьесапца, инзарвоккхуш дара. Дукхах болу студенташ шайн меттана белхаш язбан нах лоьхуш хуьлу. 40 сов стаг карийнера цу гIалахь шаьш и белхаш бо аьлла, лачкъа а ца деш, газеташкахь, интернетехь хаам беш.
Низамовас ша бина таллам Дешаран Министралле хьажийча цунна жоп деллера, лакхарчу доьшийлашкахь оьшу белхаш бохкар совдегараллица доьзна хIума ду, министралло къастадан йиш йолуш хIума дац иза, аьлла.

Амма Казанерчу университетера профессорна Ясавиевна хетарехь, Оьрсийчоьнан дешаран система кхаьънаш тIехь йина хилар ду, бозбуунчаллаш лелор сел даржарна бехке.

Ясавиев: Цхьанне къайле яц хьехархойн т1ех дукха болх хилар. Церан боккъалла кхин хан ца юьсу 1илманан урхалла лелорна. И бахьанехь, студенташ 1аткъамна к1ел хуьлу, хьехархочунна т1е а к1ел хи кхаьччий бен ца боьлху. Болх бийца к1ира хуьлу дисина. Т1аккха студенташна г1оли хета кийчча болх схьа а эцна, цунах ахча далар. Беккъа студентийн бехк хилла ца 1а иза. Оьрсийн дешаран хьолаца йоьзна ю и проблема.

Маршо радио: Мах белла язъяйтинчу диссертацица аспирантура чекхяккхар шуьйра даьржина ду Оьрсийчура менеджершна а, хьаькамашна а юкъахь. Дешаран лакхарчу оцу тIегIанера цIе хилар дозаллин а, статусан а билгало ю. ТIаьхьарчу масех шарахь ишттачу дипломашца гучубевлла буй буьззина лакхара даржашкара стоьлан дай.

Депутатан Бурматов Владимиран Оьрсийн Пачхьалкхан ДУМехь дешаран комитетан комиссин гIентден дарж дита дийзира даханчу шарахь, цуьнан докторан болх ша-берриг аьлча санна нехан йозанашна тIера схьаэцна хилар гучу а даьлла.

Плагиат, нехан белхаш шен цIарца буозар оьрсийн низамехь таIзар догIуш зулам ду.

Иштта, 2006-чу шарахь Архангелькан мэр хиллачу Донской Александрна арахь даккха шо хан кхайкхийра, ша ца дешначу дешарна харц диплом даккхарна.

Амма цунна кхайкхийна хилла таIзар, цуьнан президентан гIант къовса лаарна дуьхьал Кремло бина бекхам санна лоруш бу дукха наха.

Вуьшта, ма-дарра аьлча, дешаран системехь бозбуунчалла лелор, коьртачу декъана, таIзарза дуьсуш ду.

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а нисвеллера 1997-чу шарахь Петарбухерчу ломан институтехь ша язъйина диссертаци талларна кIел. Iамеркан Iилманчо чIагIдарехь Путинан диссертацин 16 агIо кхин башха хийцуьш къа а ца хоьгуш, Питтсбурган Университетрчу шина профессоро бинчу талламна тIера. Путина цкъа а харц ца бина и бехкаш.

Деша а ца доьшуш, диплом дезачарна университетан харц сертификат эцар кхин цхьа агIо ю.

Москохарчу метро станцешна уллехь духкуш хилла университетийн дипломаш хIинца эзарнашкахь йолчу сайташна тIехь эца йиш ю цхьана эзар долларх. Гергарчу барамехь ах миллион харц дипломаш духку хIора шарахь Оьрсийчохь.

Цхьа тамашийна хиламаша шайна тIе тидам озабо хаамийн гIирсийн. Масала, Сибрехарчу йоккхачу аэропортехь дийнна цхьана шарахь ша гучувалале кеманийн моторшна талламаш беш хилла инженер бакъдоцу диплом долуш хилла. Я, 2007-чу шарахь Оьрсийчохь шеран тоьллачех волу хьехархо хаьржинарг шен дешна хиларна цIе яьккхина хиллий гучудалар саннарг.

Лаккхара кхерамазалла йолу «Сухой» кема дечу Оьрсийчоьнан генарчу Малхбалехь йолчу заводера 70 стаг билгал а ваьккхина, балхара вохон хьовзийра 2010-чу шарахь. Цара меттигерчу техникан колледжехь дешначуха дипломаш эцна аьлла, гучубевллера уьш.

Амма завод дуьхьала елира, хин болу инженераш балхара дIабаххал доккха а дац цаьргара даьлла зулам, аьлла. Заводо деш ду Су-27, Су-30, Су-35 кеманаш а, некъахой дIасалелон Superjet а. Даханчу шарахь иза Индонезерчу лаьмнашкахь ломах кхеттера, иза зуьйш гойтучу хенахь. Цу тIехь 45 стаг велира.
XS
SM
MD
LG