ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сталин а, ХIитлер а, байкер Залдостанов а


Шераш ду Оьрсийчоьнан Президенто Путина, Малхбале Дуьненан ШолгIачу тIеман истори бIостанехьа гайта гIерта бохуш, багара охьа ца дуьллуш, дуьйцу.

Малхбалехь а бу дукха нах ХIитлер Адолф вохош Оьрсийчоьнан бахархойх 20 миллион стаг велла хилар дицдеш.

Германе тIеман толам базбан воьдучу «Буьйсанан Берзалой» олучу мотоклубан лидеро Залдостанов Александра карладаьккхина нехан эс оцу шина хотехь хилар.

Беларусерчу Брестера Германин агIор дIа ца вохуьйтуш латточу байкеро, шега Белсат агенталлерчу журналисто, хьуна хаьий ХIитлерца, иза Оьрсийчоьнна тIелетачу деношка кхаччалц, Сталин гергарлонехь Iийнийла, хаьттича, ца хаьа, аьлла Залдостановс.

-Муха, Оьрсийчоь ХIитлеран агIор! – цецвуьйлура патриот, - Гой шуна, хIара къонах мел галваьлла! И ду-кх вайн цхьаболчу нехан кортош чохь! Оьрсийчоь ХIитлеран агIор, тов! Я иза хьераваьлла, я цо леррина тIекхуллу харцо. Кхин хIун эр ду ас?!

Башха ду инцидент 1939-чу шарахь Полшин хиллачу Брестехь эккхар. Ша Брест ю Молотовн-Риббентропан къайлахчу пактан теш. 1939-чу шеран Гезгмашин-Беттан 1-чу дийнахь оцу пактца а догIуш, Германи цхьана агIор, Оьрсийчоь вукху агIор тIелетта Полшина.

Денош бен ца эшна и мохк тIамца бохон. 22 де даьлча тIеман гайтам-парад а хIоттийна Оьрсийчоьной, Германиной.

Британерчу историко Эриксон Джона 2001-чу шарахь арахецначу кинжки тIехь дуьйцу Оьрсийчоьнанний, Германинний дипломаташ Полша екъа аьлла дукхазза а гулбелла хиларх оцу заманашкахь.

Версалехь бинчу берто Германин хIаваан ницкъаш кхион дихкина хиллехь а, Москохна уллехь лаьттина немцойн кеманийн Junkers фирма, Липецкехь Iамош хилла Люфтваффен авиаторш, Казанехь кечбеш хилла танканаш лелон говзанчаш, Мурманскна уллехь кхаьбна хибухахула лела тIеман кеманаш.

Линкана тIе

Бакъду дихкина лаьттина компартина ХIитлеран социал-демократин партица гергарло лелор.

Сталинан Iедало Германица леладечу гергарлонан тIахьало хилла 1939 шеран аьхка Молотован-Риббентропан пакт хIоттор. Ткъа тIом баллалц лаьттина экономикехь, йохк-эцарехь юкъаметтигаш. Сталинан, ХIитлеран Къайлахчу бертаца а догIуш, шина пачхьалкхо бартбина хилла Юккъера Европа – Полша, Балтин кхо мохк, Румынера Бессараби вовшашлахь екъа.

Бартбина кIира даьлча, ХIитлер Полшина чувахана. Кхин а ши кIира даьлча цигга чудахана Советан пачхьалкхан эскарш а. 1940-чу шеран гурахь Балтин мехкашна оккупаци йина Кремло. Болабеллачу Дуьненан тIамехь Германехь, Японех, Италех дIакхета бина барт а хилла 40-чу шеран ГIадужучу-Баттахь. Дерриг а доьхна ХIитлер Советан пачхьалкхна тIелетча.

Байкерна Залдостанов Александрна хууш и бакъдерг дацар цуьнан кIезиг дешна хиларца я хаа ца лаарца дозуш хир ду. Амма цуьнан агIо лаьцна дахначу кIиранах оьрсийн тIеман министран гIоьнчас инарла Кирилин Александра Оьрсийчоьнан радиохь. «Полша нацистийн Германино лаьцна хилла, Советан пачхьалкх орцахъяьлча бен мукъа а ца яьлла. Ткъа хIинца тешо гIерта Европа, тIелеттарш вай долуш санна» - бохура Кирилина.

Иштта ю Колсон Роберта арахецна артикл.

XS
SM
MD
LG